Ирсе бераш – ирсе кхане

Асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь Бераш лардаран дуьненаюкъарчу денна лерина «Горга стол» хилира. Цуьнан Iалашо яра беран а, ненан а бакъонаш юкъараллина йовзийтар а, ненан а, беран а бакъонаш ларъярехь юкъаралло а, пачхьалкхо а дан деза гIуллакхаш дийцаре дар а.

«Горга стол» вовшахтоьхнера Нохчийн Республикехь берийн бакъонаш ларъяран векала, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаменто а, юкъараллин «Зударий – кхиарехьа» организацис а.

Цигахь дакъалоцуш вара Берийн бакъонаш ларъяран векал Хирахматов Хьамзат, республикин муфтин заместитель Хабзиев Iаьрби, лакхахь хьахийначу департаментан директор Абазов Рустам, «Зударий – кхиарехьа» юкъараллин организацин куьйгалхо Базаева Либхан, республикин дешархойн дай-нанойн Комитетан председатель Агаева Яха, могашалла Iалашъяран министерствон берийн отделан говзанча Махашева Малика, дешаран а, Iилманан а министерствон опекин отделан хьаьким Мусаев Мухьаммад-Iали.

Къамел долош Хирахматов Хьамзата билгалдаьккхира вайн республикехь берийн бакъонаш ларъяран декъехь пачхьалкхан тIегIанехь дина дуккха а гIуллакхаш хилар, уьш вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца дина а, деш а хилар. Берийн бакъонаш талхорна бехке оцу берийн дай-наной шаьш хилар дийцира цо. «Да-нана дIасакъастар берана лазаме чов яр ду. Берана нана ца гойтуш я да мичахь, мила ву ца хоуьйтуш меттигаш кIезиг яц. Оьрсийн маттахь аьлча «Культура развода», дIасакъастаран гIиллакхаш хьесапе ца оьцу баккхийчара. Бер дицдой, шайна хетарш чекхдохуш Iа уьш. Иза ю вайн берийн бакъонаш ларъярехь йолчу проблемех коьртаниг» – элира Хь.Хирахматовс.

Делахь а, Далла хастам бу, Россин кхечу регионашка хьаьжча вайн бераш шайн наха а, Iедало а Iуналла деш ду. Iуналла доцуш, тесна дитина бераш дац вайн. Иза вайн къоман вадца доьзна а ду. Доьзал кхиорехь дуьненахь а, эхартахь а хинболчу дикачу бекхамах лаьцна дийцира Хабзиев Iаьрбис. «Хьо хьайн деца-ненаца дика хиллехь, хьан доьзал а хир бу хьоьца дика, хьуна муьтIахь» – элира цо. Цул сов, Iаьрбис дийцира Рамадан беттан дозаллех а.

Иштта Хь.Хирахматовс хьахийра вайн республикехь йолчу юкъараллин организацеша берийн а, буоберийн а, заьIап берийн а социальни дахарехь лоцучу декъах лаьцна. Базаева Либхана куьйгалла деш йолу «Зударий – кхиарехьа» организаци а жигара дакъалоцуш ю зударийн а, берийн а бакъонаш ларъярехь.

Махашева Маликас дийцира беран бакъо и бер дуьненчу а далале ларъян езаш хиларх лаьцна шена хетарг.

«Зуда доьзалхочух хилча иза шен-шен хенахь больнице ца йохуьйтуш дуьхьалбовлу марзахой. Дукха хьолахь шена а, шен хинволчу доьзалхочунна а оьшучу хIуманна ден цIера соьмаш лехьо дезаш хуьлу зуда. Иза нийса а, хаза а дац, амма кест-кеста нислуш долу бакъдерг ду. Вайн лабораторешкахь механа еза хуьлу зударша дIаяла еза анализаш. Хинйолчу нанна гIоьнна и гIуллакх а дара дийцаре дан дезаш» – элира М.Махашевас.

Берийн социальни Iер-дахарна тIера, аьхкенан садаIаран майданийн биста кхаччалц дерриге а дийцаре дан ларийра «Горгачу стоьехь». Динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директорна Абазов Рустамана хетарехь кхерамечу хьолехь долчу берашца («группа риска» олучаьрца) болх баран тоба кхоллаеза республикехь. Цунна юкъахь пачхьалкхан а, юкъараллин а организацийн говзанчаш хила беза. ЗаьIап берашца болх бечу Оздаева Рабус, мелла а дог-ойла гIаттош, кхаъ баьккхира: Россин Федерацин Президента В.Путина тIедогIу 2018–2028-гIий шераш Россехь Бераллин Итт шо дIакхайкхоран хьокъехь долу Указ арадаьккхина аларца.

Дан дезарш дукха ду. Бераш ирсе хилча бен ца хуьлу халкъан кхане ирсе.

Иштта юкъара маьIна деш ерзийра «Горга стол».

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан суьрта тIехь: «Горгачу стоьлан» дакъалацархой

№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: