Регионан прокуратурехь

Уголовни гIуллакх долийна

Нанас чIагIдарехь, цхьанхьа а дIаяха дагахь йоцуш хилла Термулаева Малика, Гуьмсе йоьду аьлла 2016-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь араяьлчахьана цIа еана цахиларна, Термулаева Аняс регионан прокуроре заявлени яздира йоI лахарехь гIо дар доьхуш. Нохчийн Республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддин тIедилларца, хьем ца беш, биначу талламо гучудаьккхира полицин органашкахь зудчун дехар тидам боцуш дитина хилар. Цул сов, цуьнан заявлени, доцу бахьана а хIоттийна, Дагестан Республикехула йолчу МВД дIадахьийтина хиллера. Прокуроран тIедиллар кхочушдеш, Россин Талламан Комитетан Нохчийн Республикерчу талламан урхалло, процессуальни таллам а бина, РФ-н УК-н 105-чу статьян 1-чу декъана тIедоьгIна (стаг вер) уголовни гIуллакх долийра. Иштта, гIуллакхаш законан бух болуш лерина терго латторан органехь. Ткъа регионан чоьхьарчу гIуллакхийн министре дехна законан талхораш а, уьш кхолладаларан бахьанаш а дIадахар.

Харц хаамашна некъ бихкина

Нохчийн Республикин МВД-н хаамийн туьшан хаамашца нийса а догIуш, кху шеран 1-чу чийрикехь дина зуламаш гучудахар 96,4 процент хилла регионехь (юкъарароссин гайтам 62,3 процент ю). Статистикин и хаамаш талларан Iалашонца регионан прокуратурехь шайн белхахойх кхоьллинчу лерринчу комиссис биначу талламо гайтира, дина зуламаш гучудахаран барамаш даррехь лакхабахаран Iалашонца, законан лехамаш кIоршаме талха а беш, шаьш даржехь хиларх пайда а оьцуш, цигахь уголовни гIуллакхийн а, талламан материалийн а статистикин хаамашна тIехь процессуальни сацамаш тIеэцар отчетан муьран шайна бегIийла йолчу ханна тIаьхьатоьттуш харцо лелош хилла хилар. И тайпа бакъдерш дуккха а карийра талламхошна. Царах дара, масала, бакъо йоцуш уголовни гIуллакхаш цхьана производствехь цхьаьнатохар, лелош долчу хьесапашна юкъара зуламаш тIаьхьуо дIа а дохуш, ткъа иштта хIоттийна законан цхьа а тайпа бух боцуш юьхьанцара таллам баран хенаш яхъяр. Комиссис иштта гучудаьккхира тIепаза байначаьрца йоьзна йолу материалаш а, гергарлонан зIенаш яйначу адамийн талларан гIуллакхаш а цхьаьнатоьхна хилар. Белхахойн балхара дIадалаза ду бакъо йоцу сацамаш тIеэцаран некъаца уголовни гIуллакх доло дуьхьало яр а. Законан и дерриге а талхораш дIадахар дийхира республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министре. ГIуллакх шен тергоне эцна прокуратуро.

Тидамза дисина гIуллакх

Нохчийн Республикин Физически культурин а, спортан а министерствехь терроризман гучудийларшна дуьхьало яран хьокъехь долчу законодательствон лехамаш муха кхочушбо теллира регионан прокуратурин векалша. Гучуделира терроризман идеологина дуьхьало яран комплексни план кхочушъярехула дIахьош болчу балхана тIехь куьйгалла деш ведомствехь жоьпаллин белхахо цахилар. Иштта карийра кхидолу кхачамбацарш а. Талламан жамIашна тIе а доьгIна, министрана тIедиллина законан талхораш йоццачу хенахь дIадахар.

ЗаьIап берийн гIайгIабеш…

ЗаьIап бераш, могашалла ледара йолу бераш Iалашдаран а, уьш Iаморан а хьокъехь долу федеральни законодательство республикехь кхочушдаран хьолан хьесапаш дира регионан прокуратуро. Цара гайтира оцу декъехь долу талхораш шуьйра даьржина хилар. Масала, Гуьмсан кIоштан прокуратурина гучуделира Гуьмсан №2 йолчу юккъерчу школехь могашалла ледара йолу бераш Iамор дешаран программица цхьаьнадалийна психолого-медико-хьехаран комиссин магораш хьесапе а ца оьцуш дIахьош хилар. ЗаьIап берашка а, церан верасашка а хаамаш ца бора инклюзивни дешаран къепен хьокъехь, цу тIехь пайда ца оьцура Интернетан сетехь йолчу сайтах а. И тайпа кхачамбацарш гучудаьхна кIоштан юкъарадешаран 30 школехь. Устрада-ГIалин а, Хьалха-Мартан кIоштан а прокуратураша биначу талламаша гайтира школийн сайташ тIехь бIаьрса ледара долчу берашна лерина гIирсаш хIиттийна цахилар. Ткъа Шуьйтан кIошташна юкъарчу прокуратурина гучуделира кIоштарчу Кенхерчу №1 йолчу юккъерчу школехь лоьрийн комиссис бина сацам а, дай-наношца бина барт а боцуш, заьIап бераш цIахь Iамор вовшахтоьхна хилар. Биначу талламийн жамIашкахула прокурораша 48 акт хIоттийра, берийн хьашташ лардеш суьде искан 15 заявлени делла. Низаман жоьпе озийна даржехь волу 30 белхахо. КIошташкахь гучудаьхна кхачамбацарш дIадахар шен тергоне эцна регионан прокуратуро.

Марахбаьлла кхаъ

Дакъалоцуш пачхьалкхан бехкевархо Солтаханов Арслан а волуш, Шуьйтан кIоштан суьдо къастийра РФ-н УК-н 291-чу статьян 3-чу декъана тIе а доьгIна (даррехь бакъо йоцу гIуллакхаш лелорна даржехь волчу стагана кхаъ балар) бехке еш йолчу Джамбекова Луизин уголовни гIуллакх. Суьдан кхеташонехь билгалдаьлла ма-хиллара, хьокъала йоллу лицензи а йоцуш вахош долу маларш дохка дагадеана хиллера Джамбекована. Iалашоне кхачархьама Шуьйтан базарахь цхьана баккхал чохь даржехь волчу стагана кхоана 15 эзар соьман барамехь ахча делира цо. Пачхьалкхан бехкевархочунна хетачуьнца реза а хилла, суьдо арахь яккха 3 шо хан туьхийра Джамбекована, зерна 2 шо а хIоттош. Оцу кеппара бакъо туьйлира.

Харц статистика лелорна

Уголовно-бакъонан статистикин декъехь регионан МВД-н органийн зуламаш хьесапе эцаран субъекташа бина болх теллина Нохчийчоьнан прокуратуро. Бакъдолчара тоьшалла до: 2016-чу шарахь прокурораша гучудаьккхина закон 7 162-зза талхийна хилар. Цу юкъахь ду зуламех а, уьш диначу адамех а лаьцна болчу харц хаамашца доьзна 4 625 талхор а. Уьш кхолладаларан бахьанаш дIадахарна тIехьажийна 176 дIахьедар (представление) дина регионехь йолчу МВД-н цIарах. Царна жоп луш чоьхьарчу гIуллакхийн органашкахь низаман жоьпе озийна даржехь волу 420 белхахо. Цуьнга хьаьжна доцуш кху шарахь а гучудуьйлу талламхоша ягорган-энергетикин комплексаца, хIусамийн-коммунальни бахамца доьзна долчу зуламех лаьцна болу харц хаамаш беш хиларан бакъдерш. Нийса ца гойту коррупцин Iалашо йолчу зуламех, хьалха хан тоьхна хиллачу адамех, схьаяьхначу наркотикех лаьцна болу хаамаш. Цуьнца доьзна регионан прокуроран Абдул-Кадыров Шарпуддин лехам кхочушбеш, уголовно-бакъонан статистикин декъехь федеральни законодательство талхорна МВД-н талламан урхаллин даржехь волу 12 белхахо низаман жоьпе озийна.

Бизнес – хаддазчу тергонехь

Регионан терго латторан органийн хIора дийнан балхахь хьакъ йоллу меттиг дIалоцу жимачу а, юккъерчу а бизнесан бакъонаш ларъяран, диначу а, дан тарлучу а зуламашна ондда дуьхьало хIотторан гIуллакхаша. Иза кхин цкъа а чIагIдира, дакъалоцуш таллам латторан органийн, предпринимателийн юкъараллин цхьаьнакхетараллийн векалш а болуш, кху деношкахь предпринимателийн бакъонаш ларъярехула йолчу ведомствошна юкъарчу белхан тобанан рогIерчу кхеташоно. Кхеташонан болх дIаболош Абдул-Кадыров Шарпуддис, предпринимателийн бакъонаш ларъяр республикин Прокуратуро шен коьртачу декхарех цхьаъ лоруш хиларна тидам тIебахийтарца цхьаьна, иштта билгалдаьккхира кху шеран чекхбаьллачу муьрехь оцу декъехь 4 эзар талхор гучудаьккхина хилар. Прокурораша бина лехамаш кхочушбеш тайп-тайпанчу жоьпе озийна даржехь волу 664 белхахо. Прокуратурин лехамца бух боцуш лерина бакъонан 412 акт. Цхьа а меттиг ца хилийтина бахамаллин субъекташкахь бахьана доцуш планаца билгалбина боцу талламаш бар. Ткъа гучуяьллачу еа меттехь цунна бехке берш административни жоьпе озийна. Оцу бакъдолчара къеггина тоьшалла до предпринимательш, церан гIуллакхаш лардар толуш хиларна. Предпринимателийн болх кхиаме хилийтарна тIехьажийна дан дезачу мехалчу гIуллакхех лаьцна къамелаш дира кхеташонехь республикин предпринимателийн бакъонаш ларъяран векала Усманов Идриса, регионан Правительствон Жимачу бизнесехула а, предпринимателийн гIуллакхашкахула а йолчу комитетан куьйгалхочун заместитела Джамуханов Авхана, предпринимателийн юкъараллин цхьаьнакхетараллийн куьйгалхоша. Шен болх чекхбоккхуш кхеташоно билгалдехира тIейогIучу ханна долу коьрта декхарш.

Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ

№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: