КIант-йоI тIехьийзаран некъаш

«Ала – йоIе, хаза – несе» олуш хьекъале цхьа кица ду нохчийн. Иштта, баккхийчара кегийчаьрга дийцар вайн эхь-бехкаца догIуш а доцуш, царна ца хиъча довлуш а доцуш гIиллакхаш ду нохчийн. Царах ду жима стаг йоIана тIехьовзаран, цу шиннан хила йогIучу юкъаметтигийн гIиллакхаш. ЛадугIуш лаьтташ кегийрхой а болуш, мухха а цкъа цу хьокъехь къамел доладелира Воккха-Дадин кетIахь хевшина Iачу баккхийчеран. Иза ларамаза а дацара. Вай хIинца хьахийначу кицанна тIедоьгIна дара.

– Вайн кегийрхой а, мехкарий а вовшашна бевза, церан вовшашка безам, уьйр-марзо кхоллалуш меттигаш хилла хийист, белхи, синкъерам, ловзар, ирахь Iер, кхиерш, – долийра шен къамел Воккха-Дадас. – Уьш тахана а хила еза. Хан-зама дIаяларх нохчий хилла диса а, даха а дезаш ма ду вай.

Дуьненахь мел дехачу халкъийн мехкарел маьрша ю нохчийн йоI, зуда, сийлахь а ю. Цуьнан маршо, сий лардан декхар ву массо а жима стаг. И дагара а ца долуьйтуш лело еза цаьрца юкъаметтиг. Вайн дайша чIогIа ларйина иза. ЙоI цунна ца луучу маре луш ца хилла. ХIунда аьлча бертаза цхьаьнакхетта ши адам цкъа а ирсе хир дац. Доьзалан ирс безаман буха тIехь лаьтташ ду.

Имам Шемал Нохчийчохь имамалла деш волчу хенахь, 15 шо ма-кхеччи йоI маре дIаялар нохчашна тIедилла гIиртина. Амма цунах гIуллакх-м ца хилла имаман. Нохчмахкахоша къаьсттина дуьхьало йина цунна, нохчийн гIиллакхашца, Iадаташца догIуш доцург дийр дац шаьш, и дайта стаг а вац, аьлла.

Нохчийн халкъалахь 15 шо кхачаза йолу йоI жима, кхиъна ялаза лоруш ю. Бакъду, вайн хьалха хиллачу дай-наноша пхийттара яьллачу йоIана, шайн тароне хьожжий, дика бедарш латтош хилла. Оцу хене кхаьчча иза бакъо йолуш хилла (пхийттара ваьлла жима стаг санна) синкъераме, ловзарга яха, кхиъна бевллачу мехкаршна тIехьара меттиг дIалаца. Цу хенарчух «кхиъна йогIу йоI» олуш хилла. Цуьнан даьIахк тIамарх юзаза ю. Дог кхиъна, хьекъал кхиаза ду. Оцу хенара йоI хьошалгIа яхча синкъерам беш ца хилла. Пхийттара яьллачул тIаьхьа йоIа шена Iамо дезаш дуккха а хIума ду. Кхаа-деа шарахь тIехьийзаран, сакъераран, догдахаран къайленаш Iамо еза цо, ша жимачу стагаца хIун юкъаметтиг лелон еза а хаа деза.

ТIехьийзаран масех мур бу олура хьалха. Уьш герггарчу хьесапехь иштта хилла: хьешан цIарах дош далар, кIанта даккхар; юьртахочун цIарах дош далар; хан йиллар. Нохчийчохь лардеш ду и гIиллакхаш, вайл хьалхарчара ма лардарра. Цу юкъа догIуш кхин цхьа хIума а ду – кара хIума ялар. ЙоIа кIантана тешамна караяла тарло мерах хьокху йовлакх, чIуг, мухIар.

Амма вайн дайша маггане а магош а, къобалдеш а ца хилла зуда ядор. Иза осала а, ледара а хIума лоруш хилла. Ткъа, ткъе итт шо хьалха вайн махкахь иза даржа доладелла хиллехь а. Цхьадика, тахана юкъара дIадаьлла иза. Зуда ядош верг сийсазвеш, вайна дайша олуш хилла: «Стаг волчу стага зуда ядор яц», «Ша лахара хетачо бен ца ядайо зуда», «КIант волчу кIантана шеца йогIуш ерг карор ю», и.дI.кх.

ЙоIана (божаршца) кегийчу нахаца юкъаметтигаш, тIекаренаш лело (шовдана йистехь, синкъерамехь, ловзаргахь, белхех, ирахьIерехь, кхечанхьа) маршо елахь а, зударшний, божаршний юкъахь эвхьазло хила йиш яц! Жима стаг йоIах дIахьакхавалар нохчаша эвхьазавала гIортар лору. Цунах луьра жоп доьху. Деха а догIу.

Вовшашна девзинчул а, тIехьаьвзинчул а тIаьхьа йоьIан а, кIентан а мичча-миччахь а цхьаьнакхета а, юх-юххе а хIоьттина (гергара шиъ санна) дIадаха а йиш яц. Вайн гIиллакхашца догIуш дац иза. ЙоI цунна (кIантана) бехке ю. ЙоIаца а, кIантаца а цхьа-ши накъост хила деза и шиъ цхьаьнакхеттачохь. Нагахь санна тахана хийист, шовдана йист бохург дIадаьллехь а, ирахьIер бохург дIадаьлла дац. ЙоI тахана а цуьнан лула-куларчу, йоIана бехке йоцчу хIусаме кхайкха мегар ду. Цигахь парггIат вовшашка дистхила, захало дийца, вовшашна довза аьтто хир бу церан.

ТIехьийзар гIардалар дезаш доцу гIиллакх а, гIуллакх а ду. ХIинцца патар хоьцуш долу зезаг санна экаме ю къоначу шиннан юкъаметтиг. Иза ларъян, кхион еза. Леррина Iалашъян еза, хIинцца тасалуш долчу гергарлонан зIийдиг кхоош, уьйр-марзонан чам ца бохош. Собар, хьекъал, баккхийчеран терго оьшуш, само оьшуш гIуллакх ду иза.

ТIехьийзаран мур шен-шен тIегIа лардеш чекхбаккха безаш бу, вовшашка болу тешам лабреш, я кIанта а, я йоIа а шегара ледарниг, осалниг ца долуьйтуш. ТIехьийзаран мур берзабо хан йилларца, цхьаьнакхета къоначара барт барца. Оцу тIегIане кхачале йоьIан а, кIентан а цIерачарна хууш хила еза цу шиннан юкъаметтиг. Иза а гIиллакхе ду. ЙоьIан а, кIентан а дена-нанна дагахь доцург хила ца деза иза. Муьлххачу а гергарлонна бух кечбан безаш хуьлу. Ткъа зуда ялор а, маре яхар а кIезиг хIума дац. Шина стеган кхоллам цхьаьна бозар хилла ца Iаш шина доьзална, шина цIенна юкъахь гергарло тасадалар а ду иза.

ТIаьхьарчу хенахь къаьсттина шуьйра юкъадолуш ду вовшашна дезаш долу йоI-кIант цхьаьнакхетале кIентан да-нана я уллера верасаш йоьIан да-нана долчу дахаран гIиллакх. Вайн дайша лелийна а, къобалдина а ду иза. Хьекъале а ду. Вовшийн довзар а, уьйр лацар а хуьлу оцу хьолехь. Хаьа вовшашна Воккха-Дадин дийцарш КIант-йоI тIехьийзаран некъаш товш дерг а, доцург а. Ткъа оцо гергарлонна новкъарло хинйолчух лардала аьтто бо,– элира Воккха-Дадас шен къамел дерзош, шега ладоьгIуш болчу кегийрхошка бIаьрг кхарстийра, шен коьртара пес хьаьжтIе охьа а тоттуш.

– Маса шо кхаьчча ялош хилла те вайн дайша зуда? Цо ялош ерг а маса шо кхаьчна хила езаш хилла те? – хаьттира Воккха-Дадина аьтту агIор хиъна Iаш волчу ИбрахIима.

– Вайн дайша деза а, мехала а лоруш хилла доьзал кхоллар, маре дар, зуда ялор. 23–27 шо кхаьчча зуда ялош хилла вайн кегийрхоша. ЙоI маре йоьдуш а ца хилла шен 20 шо кхаьччий бен. ХIунда аьлча оцу хене кхаьччий бен йоьIан дегI тIамарх дузуш дац, бераллин амалех херлуш яц, доьзалан дукъ дIакхехьа хьекъал, кхетам, хьуьнар хуьлуш яц… Тахана а сихбала ца безара цхьаберш. Захалонаш а вайн халкъан гIиллакхаш, дайн Iадаташ лардеш дан дезара. ТIаккха вайн тIекхуьу тIаьхьенаш могаш а, оьзда а, ийманехь а хир яра. Дала и гIиллакхаш лардан пурба а, хьекъал а, кхетам а лойла вайна, – дерзийра Воккха-Дадас, гуонаха болчара «Амин» а олуш.

Уьш, берриге а гIевттина, вовшийн Iадика а еш, дIасабахара. Къоначеран тоба юьрта юккъе боьдучу некъаца дIайолаелира. Тахана кхузахь баккхийчара динчу къамелаша гIиллакхаш довзарехь кхин а совбаьхнера уьш. Делахь-хIета кхетаман хазна тIеюьзнера.

С.ДАДАЕВ

№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: