Ораматийн баххаш ма дагаде

DCF 1.0

Ораматех бухайисинарш а, баххаш а, ча а дагадо зуламе сагалматаш а, ораматийн цамгарш а д1аяхархьама. Амма оцо доккха зен до адамийн могашаллина а, гуонахарчу 1аламна а. И х1умнаш ягочу хенахь цхьамог1а д1аьвше а, канцерогенни а х1умнаш стага садо1учу хенахь цуьнан кийра кхочу. Оцо корта лазарна а, кхетамчуьра валарна а, респираторни цамгарш ч1аг1ъяларна а т1едаладо. Ораматех бухайисиначеран к1ур къаьсттина зене бу берашна а, баккхийчу нахана а, деган, пехийн цамгарш йолчарна а. Кислород ца тоьаш, ца йогуш, сийсачу ц1арах схьакъаьста стагана онкологини цамгарш йовлийта тарлуш йолу бензоперен олу газ.

Лаьттана а доккха зен до оцу ц1ераша ц1ара. Органически х1умнаш талхор а, лаьттаца йолу садолу х1умнаш х1аллакьхилар а бахьана долуш лахло лаьттан токхо, телха лаьттан д1ах1оттам. Оцо т1едаладо лаьтта т1ехулара токхе чкъор мехаша д1адахьарна.

Ткъа аренашкахь ялта хьаькхна, бухадисина баххаш дагочу хенахь дукха хьолахь ц1ераш йовлу хьаннашкахь. Оцо дойъу цигахь долу дийнаташ а, олхазарш а.

Дашо гуьйре. Дитташна а, ораматашна а т1ера г1а дужу хан ю иза. Ораматаш 1аьнна сада1а кечлуш ю. Охьаэгначу г1ан чкъурах ораматаш  1аьнан шелонех ларъеш йолу «шаршу» хуьлу. Ткъа б1аьсте йолуш оцу г1ах кегийчу садолчу х1уманаша шайн г1уллакх а дой, уьш ораматашна пайдехьчу минеральни х1умнашка ерзайо.

Г1аш ораматашна йовхо а, кхача а бу. Иштта билгалдина ду хьекъалечу 1аламо: дитташ а, кондарш а денъелла. Цара адамашна ц1ена х1аваъ, 1индаг1, кхача, т1уналла, могашалла, хазалла, йовхо, ягориг ло.

Стага г1ах ц1андо некъаш, асфальт йиллина дакъа – массанхьа а хазалла а, къепе а оьшу. Газонаш т1ера г1аш д1адаха оьший-техьа? Ткъа д1адаьхначу г1ах х1ун до? Уьш массанхьа а: паркашкахь, школийн керташкахь, аллейшкахь, ц1ахь дагадо. Ткъа оцо х1ун ло? Юха а – стеган могашаллина зен деш йолу х1умнаш, юха а – гуонахара 1алам бехдар, талхор.

Иза ца хилийтархьама, кхетаме цхьа кеп ю г1аш, 1аламо ша билгалдина ма-хиллара, дитташна а, кондаршна а к1елахь дитар, ткъа б1аьста д1а а гулдина, царех компостан оьланаш яр. Т1ейог1учу гуьйранна иза шун ораматашна башха гумус, т1уналла сацош а, лаьттан токхо 1а1ош а долу чкъор хир ду.

Г1аш д1адахаран кхин кеп ю, оьрнаш я саьнгарш а яьхна, уьш царна чу а хьаькхна, т1ехула латта даржор.

Иза пайдехь ду гуонахарчу 1аламна а, лаьттана а, ораматашна а.

Нагахь санна газонашна т1ехь г1аш дукха делахь, ткъа администраци уьш цигахь дита  реза а ца хилахь, т1аккха уьш компостни ор чу д1агулдан деза, цул т1аьхьа хиллачу гумусах газонийн шайн токхо лакхаяккхарна пайдаэца беза.

Даххашна (кехатан, ангалин, пластикин а, химически кхийолчу а, кхачанан а даххашна) сортировка яро таро хуьлуьйтур ю меттигаш ц1ена а, могаш а хилийта.

Хьехам бовза таро ю Соьлжа-Г1алин Заводской районехь Строительни ураман №17 йолчу ц1еношкахь йолчу Республикин эколого-биологически центрехь (РЭБЦ).

телефон  8928-648-48-97

Р.ГРИГОРЬЕВА,

РЭБЦ-н методист     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: