Иза дукха хьалхе велира дех. 1937-чу шарахь НКВД-с тоьпаш тоха кхиэл йина да хIаллаквеш, 1932-чу шеран хIутосург (май) беттан 15-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла Дениев Iальви пхи шо кхачаза вара. Хиллачух кхета жима вара кIант, делахь а, цунна гуш яра ненан цIеххьана кхоьлина юьхь, цуьнан бIаьргаш чуьра Iанаоьху шийла гIайгIа. Иза бахьанехь хилира хеназа воккха а.
Бераллехь дуьйна нанна чIогIа муьтIахь кIант вара Iальви. Шен дай схьабевллачу БухIан-Юьртахь вахара 1940-чу шарахь хьалхарчу классе деша. Iа герга дан доьлча ден безамна, цуьнан дисинчу чоанах тегийтира кIанта пальто, цунах йисина буденовка-м цо цкъа а коьрт ара дIайоккхуш яцара. Iальвис даима а дозалла дора шен да ЦIечу Эскаран бIаьхо хилла хиларх. И дозалла дерриге шен дахарехула чекх а даьккхира цо.
Бакъду, сталинизман гIуранца цIевзина еанчу 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу Iуьйранна, хIара буо хилар а, кхуьнан да ЦIечу Эскарехь гIуллакх дина хилар тидаме ца оьцуш, дерриге а нохчийн халкъ санна, махках ваьккхира Дениев Iальви а, цуьнан нана Секент а. Казахстане дIакхаьчча, дукхах болу бухIанюьртхой Алма-Ата нисбеллера. Цигахь чекхъяьккхира Iальвис юккъера школа. Нохчийн берашна школе даха хийрачу махкахь хан юкъайоларна, Дениев Iальвис белхалойн суьйренан школехь дийшира. Цигахь Iемира цунна говза сурт дилла, хетарехь актер ца хиллехь, Дениев Iальвих Iаламат кхиаме суртдиллархо хир вара.
Цул сов, Дала ца кхоош делла аз а дара цуьнан. Оперни иллиалархойн еригге а бохург санна, репертуар дагахь хаьара жимачу стагана. Консерватори деша ваха лаам болуш вара, делахь а, доьзалехь воккханиг хиларна, доьзал хене боккхуш нанна гIо дан лиъна, заводе токаран балха вахара. Масех шарахь, белхан накъостийн сий-ларам болуш, цигахь болх бо цо. Амма цуьнан экаме са кхолларалле гIертара. Ма-дарра дийцича, кхин цхьа хьуьнар а дара Дениев Iальвин, нийсархой цецбохуш. Цунна чIогIа карайирзинера степ.
Йоккхачу Алма-Атахь вацара вайн махкахочо санна, говза «степ» хелхар деш стаг. ТIаккха нохчийн къоман хелхар мел дика кхочушдеш хилла хир ду аьлла хета шуна цо. Цундела дукха тамашийна ца хета 1957-чу шарахь, вайнахана цIаберза маршо яьллачу хенахь, Алма-Атахь вовшахтоьхначу нохчийн хелхарийн а, иллийн а ансамбле дIаэцначу кегийрхойн хьалхарчу могIарехь иза вара аьлча. Бакъду, оцу ансамблехь болх беха ца бо цо.
Вайнах цIабирзина дукха хан ялале меттахIоттайо Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарах йолу нохчийн къоман театр. Оцу гIуллакхехь ондда къахьегначу, нохчийн сийлахь яздархочун Хамидов Iабдуллин хьехамца театрехь болх бан сехьаволу Iальви. Дуьххьара хIоттийначу спектаклехь роль тешайо цунах. Нохчийн гIараваьллачу яздархочо Ошаев Халида язйина «Асланбек Шерипов» пьеси тIехь, режиссераша М.Минаевс, Л.Горькаяс хIоттийначу изза цIе йолчу спектаклехь Тымчук Севастьянан роль ловзош вара иза.
1919-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь кхихкинчу тIамах лаьцна яра спектакль. Сюжето схьагайтарехь, цхьана ханна Деникинцийн карайоьду Нохчийчоьнан коьрта шахьар. Большевик-революционер ву Тымчук Севастьян. Цунна тIедехкина ревкомо Iаламат жоьпаллин декхарш. ЦIечу Эскаран бIаьхойн доьзалш, бохамах Iалашбеш, кIелхьарабаха безаш ву иза. Доккха хьуьнар оьшуш болх бу цуьнга кховдийнарг.
Делахь а, Дениевн Тымчук дика лараво шена тIедехкинчу декхаршца. Цуьнца цхьаьна билгалдолу, нохчийн къоман театре, говза васт кхолла хууш, актер веана хилар. Иштта дIаболало нохчийн къоман театран искусствехь сирла лар йитинчу воккхачу артистан беркате болх. Iальвех тешийна шолгIа роль Кикилин васт дара, гуьржийн халкъан туьйранаш тIехь Гамрекелис, Нахруцшвилис язйинчу «Майра Кикила» пьеси тIехь, режиссера Батукаев ХIарона хIоттийначу спектаклехь. Цу юкъара коьрта роль яра Iальвис ловзийнарг. Дахарехь наггахь а нислуш дац иза, керлачу актерах, труппина юкъакхаьчна валале, коьрта роль тешош. Хетарехь, хьалхарчу спектаклехь шен похIма гучудаккха кхиъна хилла иза, иштта тешам режиссеран цуьнга хилча.
Кхузахь билгалдаккха догIу, кхидIа театро мел хIиттийначу спектаклашкахь иза дакъалоцуш хилла хилар. Мусаев Мохьмада язйина яра «Теркан тулгIеш» пьеса. Режиссера Батукаев ХIарона оцу пьеси тIехь хIоттийначу, изза цIе йолчу спектаклехь Межин роль ловзош вара актер. Чолхе васт дара цо кхоьллинарг. Шалхонашца юцаелла амал йолуш вара и дастамаллех ца къехка турпалхо. Делахь а, Iальвис къеггина сурт хIоттош, яьстира цуьнан осала амал а.
Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь нохчийн къоман театро хIиттийначу дукхах йолчу спектаклашкахь дакъалаьцна цо. «Совдаттий, Дауддий», «Лаьмнийн йоI», «Уггаре а хьомениш», «Мекхаш-Мирза», иштта дуккха кхиерш а. Къаьсттина кхиаме ларалуш ю забаран хоршахь цо ловзийна ролаш. Кхин х1умма а ца хилча а, «Молла-Несарт» спектаклехь цо ловзийна коьрта роль тоьар яра, халкъан забарча санна, иза къоман иэсехь виса. КIорггера хаьара актерана нохчийн мотт. Цундела ира а, шен меттехь а нислора цо еш йолу забар. Кийра буьззина нохчалла яра цуьнгахь. Амма иза данне дац, Дениев Iальвис къоман драматургиций бен болх ца бина бохург. Институт яьккхина вацара аьлла, дуьненан литература ца йоьшуш я и ца евзаш вацара похIме артист.
Оцу муьрехь хIоттийра театро немцойн поэтан, драматурган Ф.Шиллеран «Коварство и любовь» пьеса. Гофмаршалан Вурманан роль ловзош вара иза оцу спектаклехь. XVIII-гIа бIешо. Вайнахана гена мохк бу Германи. Хьолана букъбелла президенташ, герцогаш, гофмаршалш, церан сеттарш, цIархазмана лелайо моттаргIанаш, доза доцу шалхонаш. Цхьа текхаргийн уьйриг хеталора наггахь и берриге, сел цхьабосса вовшахкхетта белхи. Амма вайнехан актерийн хьуьнар, говзалла тоьира и ямарт уьйриг баста, спектакль кхиамца дIаяхьа. Оцу кхиаман доккхах долу дакъа Iальвин хьуьнарех доьзна дара.
КIезиг ца хилла нохчийн къоман театран сцени тIехь оьрсийн драматургийн классика. Гоголь, Островский, Сухово-Кобылин, Чехов, иштта дуккха кхин а. I.Дениевн похIма бахьанехь лаьттина аьлла хета вайн театран репертуарехь дуккха а шерашкахь Гоголь Николайн «Зуда ялор» пьеса. Шатайпа лараме меттиг дIалоцуш ю, вайнехан театран искусствехь, цкъа мацах нохчийн къоман театро хIоттийна хилла А.Островскийн пьеси тIехь «Без вины виноватые» спектакль а. Шмагинан роль ловзош вара Iальви. «Ловзош» аьлча-м цхьа дай хетало иза. Бакъволу актер даима а вогу, веха шен турпалхочун дахарца, цуьнан массо а лазам экамечу сих чекхбоккхуш. Ткъа иза шен сица, дахаран кепаца, ойланийн аьрхаллица бакъволу актер вара. Цундела дукхавезара иза халкъана.
Ю дера цуьнан коьрта роль, цкъа а лийр йоцчу, нохчийн драматургин классика хилла дIахIоьттинчу, вайна массарна дукхаезачу «Бож-Iела» спектаклера Сутарбин роль. Шен кхоллараллин гIушлакхе кхечира актер и самукъане васт кхуллуш. Амма цул хьалха, цул тIаьхьа цо ловзийна цхьа а роль яц ледара. Уьш ерриге а ю шайх довха дош ала хьакъ долуш. Делахь а, халкъан иэсехь висина-кх иза, «Сутарби» аьлча, буьйса хазйина седа санна, хIоранна даг чохь цуьнан амат серладолуш. Дикка хан ю иза вайца воцу. 1985-чу шеран хIутосург (май) беттан 28-чу дийнахь дара и воккха артист вайна юкъара дIавоьдуш. Хала дара и иэшам лан. Делахь а, Дениев Iальви шен хьовсархошна дага мел вогIу, иза вайца хир ву.
2017-чу шеран хIутосург (май) беттан 15-чу дийнахь 85 шо кхочур дара Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артистан Дениев Iальвин. 53 шо кхаьчна вара актер вайна юкъара дIавоьдуш. Цхьа дегахьаам бу-кх заманан йохалла халкъана, махкана иза цкъа а вицлург цахилар.
А.ГАЗИЕВА
№44, шинара, асаран (июнь) беттан 6-гIа де, 2017 шо