Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хIокху деношкахь цхьаьнакхийтира Россин Къоман гвардин эскарийн Федеральни службин директоран хьалхарчу заместительца Меликов Сергейца а, Россин Къоман гвардин эскарийн Къилбаседа Кавказан округан командующица Зубарев Евгенийца а. Цхьаьнакхетар вовшийн боккха сий-ларам барца а, вовшех дика кхетарца а дIадахара.
Оцу цхьаьнакхетаран хьокъехь инстаграмерчу шен агIонехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо иштта яздина: «Тхан хиллачу къамелехь Сергей Алимовича лаккхара мах хадийра Москвана уллерчу Красноармейскехь дIадаьхьначу «Бакъонашларъяран органийн тоьллачу технологийн де» Iилманан-техникин форумехь лерринчу хьаштийн Нохчийн Дуьненаюкъарчу Iаморан туьшан инструкторийн тобано дакъалацаран а, цигахь цо шегара гайтинчу хьуьнаран а, говзаллин а. С.Меликовс билгалдаьккхира вайн республикерчу инструкторша шаьш тоьллачу агIор гайтина хилар. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчин, Россин Къоман гвардин эскаран Федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу Урхаллин хьаькаман хьалхарчу заместителан Мартынов Даниилан куьйгаллица цара гайтира тIех лакхара десантировани яр а, кеманан тIома тIехула дIасадахар а, тактикин гIуллакхаш а. ЧIогIа дика ойла кхоьллира «Чаборз М–3» цIе йолчу кхо стаг тIехаалучу тIеман баггис. Сацам хилла тIеман и машенаш Росгвардина эца. Цул сов, къаьсттина тидам тIебахийтира шен доккха хиндерг а, яккхий таронаш а йолчу ялх стаг чухаалучу «М–6» машено. Гибридан мотор ю цунна тIехь ерг. Иза чIогIа ницкъ болуш а ю. И машен а Нохчийчохь еш ю. ХIокху шеран хьаьттан (август) баттахь и машен гойтур а ю, йовзуьйтур а ю «Эскар–2017» аьлла йолчу Дуьненаюкъарчу тIеман-техникин форумехь. Ткъа и форум Москван областехь дIахьур ю», – бохура республикин Куьйгалхочо.
Церан къамел чекхдаьллачул тIаьхьа С.Меликовна а, Е.Зубаревна а, Р.Кадыровна а йовзийтира тIома лела автожир а, параплан а. Сацам бина и техника авиацин школина эца. Ткъа и школа лерринчу хьаштийн ницкъийн Гуьмсерчу Дуьненаюкъарчу Iаморан туьшахь хир ю.
Цу тIехь дерзийра и мехала цхьаьнакхетар. Вай тешна ду Нохчийчохь машар а, синтем а хилийтарехь цуьнан тIаьхье беркате хирг хиларх.
Ма-дарра аьлча, Нохчийчохь а, ерриге а Россехь а машар хилийтаран дуьхьа дIахьош ду цу тайпа цхьаьнакхетарш а, тIеман техника кхиор а, бIаьхойн говзалла, хьуьнар, доьналла лакхадаккхар а.
С.ХАМЗАТОВ
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 9-гIа де, 2017 шо