Асаран (июнь) беттан 3–6-чуй деношкахь Москварчу ЦIечу майданахь дIаяьхьира книгийн кхозлагIа фестиваль. Ерриге а Россерчу 400 сов издательствос шен 100 эзар сов книга йовзийтира, 500 сов мероприяти дIаяьхьира.
Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата а, республикерчу издательствийн векалша а.
Министра билгалдаьккхира фестивалан хьовсархошна нохчийн книгаш, къаьсттина историца йоьзнарш, чIогIа тайна хилар.
Фестиваль чекхъяьллачул тIаьхьа, Умаров Джамбулат цхьаьнакхийтира «Изборскан клубан» декъашхочуьнца, политологца Н.Стариковца.
Цигахь йийцаре йира карарчу хенан а, дуьненаюкъарчу терроризман а, тIаьхьарчу хенахь малхбузехьа ойланаш йолчу «либералаша» россихойн кхетамна беш болчу Iаткъаман а проблемаш.
Шен къамелехь Нохчийчуьрчу министра билгалдаьккхира Россин чоьхьара а, арахьара а политика кхочушъярехь а, терроризмаца, экстремизмаца къийсам латторехь а мехала меттиг Нохчийчоьно дIалоцуш хилар.
Дагадоуьйту, дIадаханчу шеран гIуран (февраль) баттахь дуьйна Нохчийчохь болх беш «Изборскан клубан» филиал хилар. Цуьнан куьйгаллехь Умаров Джамбулат ву.
Москварчу «Эхо Москвы» радиостанцин студехь оццу радион коьртачу редакторна Венедиктов Алексейна интервью елира цул тIаьхьа республикин Къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра.
Цо дийцира Нохчийчоьнан дуккха а халкъех лаьттачу къомо, республикин хьалхарчу Президентан А.-Хь.Кадыровн некъ а, хIинцалерчу Куьйгалхочун Р.Кадыровн хьуьнар а бахьана долуш, дуьненаюкъара терроризм а, экстремизм а эшийна хилар.
Иштта, Венедиктовс а, Умаровс а тидамза ца дитира дуьненахь терроризмаца доьзна долу хьал а, цунна дуьхьало ярехь пайдехь хила тарло гIулчаш а.
Цул тIаьхьа «РБК» телеканалехь эфире йолучу «Дийнан истори» цIе йолчу передачехь дакъалецира цо.
Селин Павла а, Умаров Джамбулата а дийцира Нохчийчоьнца доьзначу гIуллакхех а, хаамех а лаьцна.
Передачехь мел хьахийна хиллачу теманаша гойту цуьнан мехалла:
– Умаровна Нохчийн Республикин коьрта совгIат далар – Кадыровн орден;
– Брянскехь нохчийн спортсмен Амриев Мурад схьалацар;
– Киевехь лазийначу Осмаев Адамах лаьцна Умаров Джамбулатана а, республикин куьйгаллина а хетарг;
– «Новая газета» изданис, Нохчийчохь «гейшна» тIехь таIзар латтош ду бохуш, баржочу харц-хаамех лаьцна;
– Оццу темина юкъа Нохчийн Республикин Парламентан спикеран, Россин Турпалхочун Даудов Мохьмадан цIе тохар;
– Темсуркаев Хасух лаьцна даьржина хиллачу питанех лаьцна.
«Генетикица а догIуш, нохчашна юкъахь «гейш» хила йиш яц. Оцу тайпа долу дастаме питана тхуна дуьхьал даржийначарна Кавказехь хIинццалц долчу ламастийн дозанаш хедо лаьа. Даудов Мохьмадах лаьцна аьлча, иза дуьненаюкъарчу террористашца а, экстремисташца а хиллачу тIеман тийсадаларшкахь шегара майралла а, доьналла а гайтина къонах а, Россин Турпалхо а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тешаме накъост а ву. Ткъа Осмаев Адаман хьокъехь аьлча, уггаре а хьалха билгалдаккха догIу иза дукхах болчу нохчашна вевзаш цахилар а, Нохчийн Республикин куьйгаллин цуьнца бала цахилар а. Республикин куьйгалла ша дола дечу республикин бахархойн дуьхьа къахьоьгуш ду, цуьнан йиш яц кхечу махкахь волу «салти» ларвеш Iен», – элира Умаровс.
Шена еллачу Кадыровн орденан хьокъехь а вистхилира иза.
«Ас дозалла дечу хIуманех къаьсттина мехала ю суна Кадыровн орден. Иза Нохчийн Республикин коьрта совгIат ду», – билгалдаьккхира цо.
И.ИСЛАМОВ
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 9-гIа де, 2017 шо