И.Бешировс куьйгалла деш йолчу Нажи-Юьртан кIоштан «Бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексни туш» ГКУ-н коллективо шен болх дIахьо «Россин Федерацехь гражданийн социальни хьашташ кхочушдаран баххийн хьокъехь» долчу Федеральни законаца нийса а догIуш. Туьшан коьрта болх тIехьажийна бу къанойн а, заьIапхойн а социальни хьашташ кхочушдарна.
И.Бешировс дийцарехь, «Бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран туьшехь» ши отделени ю. Хьалхарчу отделенин говзанчаша дIахьо бахархойн хьашташ церан шайн цIахь кхочушдар. Шайн цIахь а болуш, къанойн а, заьIапхойн а, некъана харжаш ян а ца доьзуьйтуш, гIуллакхе хьовсу оцу отделенин белхахой. Кхочушбо церан муьлхха а лаам, нагахь иза шайн балхах хьакхалуш белахь. Ткъа шолгIачу отделенин белхахоша церан могашаллица доьзна долу хьашташ кхочушдо. Лоьраш тIекхачале дан тарлуш долу дерриге а гIуллакхаш до, церан цIа дIа а оьхуш.
Социальни хьашташ кхочушдаран отделенин белхахоша беккъа цхьана хIутосург (май) баттахь къанойн а, заьIапхойн а 8 120 хьашт кхочушдина. Ткъа шолгIачу отделенин говзанчаша оццу баттахь церан 1 998 медицинин хьашт кхочушдина.
Туьшан куьйгалло бахархойн хьашташ кхочушдаран, царна гIо-накъосталла даран гIуллакхна юкъаозабо тайп-тайпанчу органийн, организацийн, учрежденийн, предприятийн белхахой. Цаьрца цхьаьна, къанойх а, заьIапхойх а дог лозуш, бертахь гIуллакхаш до туьшан говзанчаша. Уьш кхочушдарехь халкъан гIиллакхаш, оьздангалла, эхь-бехк хьесапе оьцу. Иштта, хьесапе оьцу регионера, кIоштара хьелаш, кхидерг.
Леррина дIахьо социа льни гIо-накъосталла оьшуш болу бахархой хьесапе эцар. Семачу тидамехь латтадо царна стенна тIехь гIо-накъосталла оьшу бохург. Шайн болх туьшан белхахоша оцу декъехь кхин а жигарабаьккхира социальни белхахочун денна тIекхочуш. И де, вайн берриге а махкахь а санна, асаран (июнь) беттан 8-чу дийнахь билгалдоккху Нохчийчоьнан социальни белхахоша а. Хьаххийначуьра аьлча, Россехь социальни белхахочун де билгалдаккха долийна 2000-чу шарахь дуьйна. Цу хьокъехь долчу Указана Россин Президента В.Путина куьг яздира оццу шеран эсаран (октябрь) беттан 27-чу дийнахь. Оцу дезчу дийнан орамаш 1701-чу шаре, Петр Хьалхарчун оьмаре дIадоьлхуш ду. Петр Хьалхарчо куьг яздира къаношний, къехошний, цомгашчуй нахана гIо даран кхерчаш вовшахтохаран хьокъехь долчу Указана. Цу тайппана кхерчаш схьадоьллура килсашкахь.
Россехь социальни белхахочун говзалла XX-чу бIешеран 90-чу шерашкахь бен юкъаяьлла а яц. Оцу белхахойн коьрта декхар ду гIо-накъосталла оьшуш болчу бахархошна социальни гIо дар, церан хьашташ кхочушдар. Царах бу пенсионераш, къаной, заьIапхой, дахаран халчу хьоле нисбелла нах.
Республикерчу кхечу кIошташкарчу туьшаша санна, Нажи-Юьртарчу бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран туьшан белхахоша а дукха леррина кхочушдо шайн и декхарш. «Тхан аьтто баьлла бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккха, уггаре а коьртаниг – тхан ницкъ кхочу тхоьгара гIо-накъосталла оьшучеран хьашташ шен-шен хенахь кхочушдан», – бохура И.Бешировс.
***
ХIара статья ерзош, тхуна, «Даймохк» газетан редакцин белхахошна, социальни белхахочун денца даггара декъалван лаьа Нохчийчоьнан Къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министр М.Ахмадов а, ткъа иштта республикера берриге а социальни белхахой а. Дала аьтто бойла шун! Керлачу кхиамашка кхочийла шу! Ирс-аьтто, беркат, токхо лаьттийла шун дахарехь!
С.ХУСЕЙНОВ
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 9-гIа де, 2017 шо