ОвгIанерчу Герат гIаларчу рузбанан маьждигана уллехь эккхийтар дина стомара. Оцу бохамехь 7 стаг кхелхина, 18 стагана чевнаш хилла. Царах дукхах берш маьрша нах бу. ТIаьхьарчу 7–8 дийнахь иттех теракт йина оцу пачхьалкхехь. Цунах долу жоьпалла шена тIелаьцна «Иблисан пачхьалкхан» куьйгалло.
***
Шемахь тIаьхьарчу хенахь онддий тохарш деш ду «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашна. Царна юкъара бIеннаш террористаш хIаллакбина, йохийна церан тIеман техника. Стомара оппозицин ницкъаша дIадолийна Ракки шахьарна тIелатар. Цигара террористаш лахка дагахь бу уьш.
***
Iамаркерчу Орландо шахьарахь вевзаш воцучу зуламхочо герз детташ 7 стаг вийна, чевнаш хилларш а бу. Зуламхо хIаллаквина полицин белхахоша. Цу тайпа зуламаш США-хь тIаьхьарчу хенахь кест-кеста хуьлуш ду.
***
США-н Пачхьалкхан Секретара Р.Тиллерсона дIахьедина шена мехкан Президента Дональд Трампа Россица йолу юкъаметтигаш тояран декъехь болх бар тIедиллина хилар. Оццу хенахь США-н бомбардировщика Балтикехь долчу Россин дозанехь питанаш лелийна. Бакъду, Россин истребительша вайн дозанна уллера дIа-м къахкийна иза.
***
ГIажарийчоьнан коьртачу шахьарахь Тегеранехь йолчу метро чохь ши цIерпошт вовшахкхетта. Царна тIехь хиллачу пассажирех 47 стаг лазийна. Цхьадика, цхьа а ца кхелхина. Эксперташа биначу талламан юьхьанцарчу жамIашца некъан бохам хилла диспетчерийн службин бехкенна.
***
ХIокху деношкахь Беларуссехь дIадуьйладелла «Славянийн вежаралла – 2017» цIе йолу тIеман Iамораш. Цигахь дакъалоцуш ду Россин эскарийн дакъош а, тIеман техника а. Арахьарчу мостагIчунна цхьаьна дуьхьало ян Iемаш бу цигахь бIаьхой.
***
Украинин Iедалан эскарша сацош дац Донецкерчу маьршачу ярташна а, гIаланашна а герзаш деттар. Стомара иштта герзаш деттар бахьана долуш 7 стагана чевнаш хилла, иттех цIа дохийна. И хьал гуш лаьтташехь ОБСЕ-н а, ООН-н Кхерамазаллин Советан а векалш бист ца хуьлуш, хIумма а хуьлуш доцуш санна, Iаш бу.
***
Россин Президент В.Путин Кремлехь цхьаьнакхийтира Пачхьалкхан Думин Председательца В.Володинца. Цо Президентана бовзийтира Пачхьалкхан Думин депутаташа тIаьхьарчу хенахь законаш тIеэцарехь бина болх. В.Путина къобалйира терроризм лелор бахьанехь набахте боьхкинчеран Россин гражданство дIаяккха езаш хиларан хьокъехь депутатийн кхоллаелла ойла.
***
Вайн мехкан Премьер-министра Д.Медведевс дакъалецира Москвахь дIаяьхьначу «ЦIен майда» цIе йолчу книгийн фестивалехь. Иза цхьаьнакхийтира берийн книгаш арахоьцучу изданийн куьйгалхошца. Цо куьг яздира бераша книгаш ешар кхиоран хьокъехь йолчу Концепцина.
***
Калининградехь цхьаьнакхийтира Россин а, Словакин а арахьарчу гIуллакхийн министраш. Словакин МИД-н куьйгалхочо М.Лайчака чIагIдира шайн пачхьалкх Россица махлелоран зIенаш чIагIъян лууш а, оцу декъехь гIуллакхаш дан кийча а хилар.
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 9-гIа де, 2017 шо