Берийн бакъонаш ларъяран дуьненаюкъарчу дийнахь «Ас кхерам боцуш дIахьур ю аьхке» цIе йолчу акцин болх берзийра. Акцин гурашкахь тIаьххьара мероприятеш дIаяьхьира оцу дийнахь.
Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин куьйгалхочо Яхъяев Руслана дийцарехь, акцин гурашкахь дIаяьхьначу мероприятешкахь дакъалаьцнарг дерриге а 10 000 бер ду.
– Вайн республикин школашкара дешархой а, берийн бошмашкара долу бераш а кхерамаза аьхке дIаяхьарна кечдарна лерина гIуллакхаш апрель баттахь дIадолийнера. Оцу хенахь дуьйна карарчу хене кхаччалц республикин кIошташкахь дехачу берашца 300 мероприяти дIаяьхьна оха. Цигахь берашна хьоьхура аьхкенан каникулашкахь зуламе долчу хIуманах ларвала везаш хилар, – бохура Яхъяев Руслана.
Иштта, шен къамелехь цо билгалдаьккхира, аьхкенан муьрехь МЧС-н белхахоша, цхьайолчу министерствошца а, ведомствошца а цхьаьна, берашца цхьаьнакхетарш дIахьуриг хилар.
З.ХАСИЕВА
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 9-гIа де, 2017 шо