Нохчийн Республикин ТIехьа-Марта юьртан яхархо, къона поэтесса Такаева Макка «ТIаьхьало – 2017» къоман литературин совгIатна хьалхатеттина «Ирс» цIе йолу говзар язъярна. Такаева Маккас хьалхара меттигаш яьхна «Хьуьнар – 2012» а, «Уггаре а чIогIа эрудици йолу студент – 2012» а студентийн конкурсашкахь.

Цо 2015-чу шарахь цIечу дипломаца чекхъяьккхина Россин пачхьалкхан социальни университет. Карарчу хенахь доьшуш ю Россин Федерацин Президент волчохь йолчу Россин халкъан бахаман а, пачхьалкхан гIуллакхан а академехь «Пачхьалкхан гIуллакх а, кадрийн политика а» декъехь. «Москван дашо кегийрхой» а, «Москван тоьлла 10 студент» а совгIаташ дина цунна Россин Федерацин Президент волчохь волчу Нохчийн Республикин векала.
М.Такаеван говзарш зорбане евлла «Юха а бозбуанчаллин ламастаца кхоллало байташ» цIе йолчу поэзин гуларехь. Иштта бевлла Iилманан белхаш зорбане цуьнан «Iилманийн цитатийн Россин туш» а, Правительствон а журналашкахь, Ерригроссин аттестацин комиссис уьш къобал а бина. Уьш ю «Россин Федерацин пенсин хийцамийн хьокъехь» а, «Нохчийн Республикин пачхьалкхан Iедалан органийн эвсараллин мах хадор» а цIерш йолу статьяш.
Такаева Маккас шен къинхьегаман юьхь дIайолийна Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутатан гIоьнча йолуш а, Москва гIалин Юккъерчу административни округан 10-чу Пенсийн фондан урхаллехь а. 2016-чу шарахь дуьйна иза болх беш ю Россин пенсийн фондан Соьлжа-ГIалин а, Грозненски кIоштан а урхаллехь. Иштта, дукха хан йоццуш, «Шеран яздархо – 2017» ерригроссин къоман совгIатан номинант а хилла Макка.
Билгалдаккха деза, «ТIаьхьало» литературин совгIат кхоьллина Россин Яздархойн союзо Россин Императорийн ЦIийнаца цхьаьна, Россин Императорийн ЦIийнан Куьйгалхочо, Сийлахьчу элас Мария Владимировнас, ша оцу гIуллакхна верасалла а деш, керла авторш лахаран Iалашонца. Конкурсан комиссис совгIатна хьалхатотту уггаре а похIме авторш. Номинантийн говзаршна зорбатуху конкурсан альманахашкахь.
СовгIат хIора шарахь луш ду, оцу юкъайоьду лазурит олучу тIулгах биначу хIолламна тIехIоттийна йолу дашо пелаг а, Россин Яздархойн союзан чоьтах книга арахецаран контракт а. Дипломанташна Россин Императорийн ЦIийнан Куьйгалхочо сийлахьчу элас Мария Владимировнас куьг яздина долу дагалацаман Дипломаш ло. Лауреаташна а, дипломанташна а совгIаташ дар дIахьо хIора шарахь, Литераторийн цIийнехь сийлахьчу элас Мария Владимировнас дакъа а лоцуш.
I.МУРТАЗОВ
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 9-гIа де, 2017 шо