Нижни-Новгородехь вехаш волчу 1алхан-Г1аларчу Вахидов 1умара
Ша-шен лоруш, яхь хиларна, шен ц1е а, юьхь а ларъян г1ертачу стагана хала ду ваха. Иштачу стагана шозза а хала хир ду аьлла хета, шен ц1енна, Нохчийчоьнна, генахь ваха. Хийрачу махкахь, кхечу къаьмнаш юкъахь, шен ц1е ларйина ца 1аш, шен къоман а сий лардо цо. Лардечо лардо-юха. Иштаниш к1езиг а бац. Масала, Юнусов 1аднан, медицинин 1илманийн доктор, Россин Федерацин могашалла1алашъяран а, социальни кхиоран а министерствон коьрта берийн лор-хирург; Антаев Ширвани, Россин Федерацин хьакъволу мехкхдаьттанхо. («Сургутнефтехь» болх беш ву); Альбеков Адам, экономикин 1илманийн доктор, профессор, Ростоверчу пачхьалкхан экономикин университетан ректор; Хабибулаев 1ела, 1-чу ранган капитан, Къилбаседа флотан т1еман х1ордакеманийн базин командиран заместитель; Макуев Руман, юридически 1илманийн доктор, Орлов г1аларчу пачхьалкхан университетан кафедрин заведующи, Россин Федерацин хьакъволу юрист; Амерханов Х1арон, юьртабахаман 1илманийн доктор, Россин Федерацин юьртан бахаман хьакъволу белхахо; дуккха кхиберш а.Оцу мог1арера ву Нижни Новгородерчу пачхьалкхан технически университетан кафедрин заведующи, техничсски 1илманийн доктор Вахидов 1умар. Хьалхо тхан газетан редакцин хьаша хилира цунах (августехь, отпускехь ц1а веана, вара иза). Вахидов 1умар вина 1971-чу шеран сентябрь беттан 29-чу дийнахь 1алхан-Г1алахь. Дешна ша винчу юьртарчу №1 йолчу школехь. 8 класс чекхъяьккхинчул т1аьхьа (1986 шо) Соьлжа-Г1аларчу политехнически техникуме деша вахна. «Автомобилашна ремонт яр а, технически хьашташ кхочушдар а» яра хаьржина говзалла. И ларамаза а ца хиллера – оцу харжамах цуьнан дахаран некъ хилира. Т1ехдика дешарца техникум чекх а йоккхий, Нижни Новгородерчу пачхьалкхан технически университетан (1992-г1а шо кхаччалц Горьковски политехнически институт) автомобилийн факультете деша вахара хинволу 1илманча. Дешарехь а, студентийн юкъараллин дахарехь а хьалхарчаьрца волуш, чекхделира университетехь дешар. Иштта хиларан б1аьрла тоьшалла дара университетан 1илманан кхеташоно 1умарна очни аспирантурехь виса бакъо ялар.
1995-г1а шо ду иза. Ц1ахь долчу хьовр-з1овречу хьоло сагатдой, ц1а вог1у къона говзанча. Амма кхузахь шен хаарш оьшуш меттиг ца хуьлий, ша кхойкхучу аспирантуре д1авоьду. Х1етахь дуьйна кхуьнан белхан коьрта меттиг хуьлий д1ах1утту университет. 1илманча санна кхиаран дерриге а т1ег1анех чекхволу иза кхузахь. 1998-чу шарахь хенал хьалха ч1аг1йо технически 1илманийн кондидатан диссертаци. Ша аспирантурехь дешначу кафедрехь ассистент, лакхара хьехархо, 2001-чу шарахь дуьйна доцент волуш болх бо. Оццу университетан очни докторантура чекх а йоккхий, 2012-чу шарахь кхиамца ч1аг1йо технически 1илманийн докторан диссертаци. 2013-чу шарахь дуьйна НГТУ-н (Нижегородский государственный технический университет) г1ишлошъяран а, некъашдаран а машенийн кафедрин куьйгалхо а, университетан 1илманан кхеташонан декъашхо а ву 1умар. 1илманан 100 гергга белхан (шайна юкъахь 5 монографи а йолуш) автор а ву. 1илманан балхах дуьйцуш, билгалдаккха деза цо куьйгалла деш аспирантура хилар а. 1умар куьйгалхо а волуш, 1илманийн кандидатан диссертацеш ч1аг1ъян кечвелла шиъ 1илманча а ву. 15 млн.соьман барамехь кхуьнан кафедро хоздоговорца беш болх а бу. Цо гойту кафедрин белхахойн 1илманан таронаш. Вуьшта аьлча, 1илманехь ша карийна вайн махкахочунна, ша болх бечу университетехь сий-лараме а кхаьчна. -Ц1ахь а воцуш, уллехь г1о-орцанна гергарлонах а, къомах стаг а воцуш, оцу кхиамашка кхачаран закъалт хилларг х1ун дара? – хоьтту ас 1умаре. -1илманан новкъа ваьлларг къахьега лууш хила веза. Данне атта дац 1илманийн кандидатан, докторан-м муххале а, диссертаци ч1аг1ъян, – дуьйцу 1.Вахидовс. – Айхьа юьхьарлаьцначу х1уманан дуьхе кхуьуш, к1орге евзаш хила веза, т1аккха хьо санна болчу говзанчашна юкъахь сий-ларам хуьлу. Бакъдерг аьлча, студент волуш а, цул т1аьхьа а, нохчи ву аьлла, со атта хеттий, эшиний меттиг ца еана кхузахь. Ас цкъа а со нохчи хилар диц ца дина, Адамашца йолчу юкъаметтигашкахь а нохчийн г1иллакх лардина: воккханиг ларар, жимачуьнца эвхьаза цавийлар, эшначунна г1о-накъосталла дар, хьайца схьалело луудоцург нахаца цалелор, иштта кхин а. Хьо нохчи хиларх дозалла а деш, нохчийн г1иллакх ахь лардахь, юьхь1аьржа хир вац-кха хьо. Цунна цхьа масал дало лаьа. Университетехь белхан низам ду, 70 шаре кхаьчначу белхахошца кхин д1а шарна контракт х1оттош. Сан кафедрехь а бара оцу хене бевлла 1илманчаш. Баккхий хиларе хьаьжна, цаьрца ларам лаьцна, ректорате деха а дехна, шина шарна контракт х1оттаяйтира ас. Цунах там хилла сан къаной, суна муха бекхам бийр бара ца хууш лела. Сайн х1усаме веанарг, жима велахь а, нохчийн г1иллакхца дог1уш ма-хиллара, баьрче воккху ас. Иштта кхин а, кхин а ду-кха уьш. Со тешнаверг-ахь нохчийн г1иллакх лардахь, цхьанне атта а хетар вац хьо, лара а лорур ву. Жима волуш дуьйна, дешарца а, балхаца а доьзна, 1ер-вахар Нижни Новгородехь нисделлехь а ( 25 шо кхочуш доллу иза цигахь волу), шен юьртаца, Нохчийчоьнца уьйр-марзо ца хадийна 1умара. Цунна ду 2005-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Нижегородски областехь волчу векалан декхарш 1.Вахидовс кхочушдар а.
– Ас баккъал а дозалла до и декхарш сайх тешорах, – дуьйцу 1умара, – цаьрца ларо башха хила а дац. Цуьнан коьрта бахьана ду Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан областан куьйгалло ч1ог1а лоруш хилар. Цуьнан векал вуйла хиъча, муьлххачу куьйгалхочо, хьем боцуш, т1е а оьцу, ахь даьхьначу г1уллакхе ла а дуг1у. Нохчийн диаспора башха йоккха а яц областехь. Верриге 252 стаг ву оха хьесапе эцнарг. Делан къинхетамца, дин а, къомалла а бахьанехь 1оттабаккхаме хьал х1оьттина меттиг яц. Вуочух кегийрхой ларбан г1ерташ, цаьрца цхьаьнакхетарш хуьлу, къоман культура, г1иллакхаш довзийтаран 1алашонца цхьацца г1уллакхаш вовшах а детта. Коьртаниг – шина регионна юкъахь экономикин а, культурин а з1енаш ч1аг1ъярна т1ехь, тхайн ницкъ кхочург а до. Тхуна билггал а кхаъ хиллера Вахидов 1умар вовзарх. Шаьш юьхьарлаьцначу г1уллакхца ларорца, леларан оьздангаллица арахь къоман сий ойучех, ночхийн дика ц1е йоккхуьйтучех, цхьаъ ву иза. Иштаниш вайн вешан ц1ахь а дика бевзаш хила хьакъ ду.
ХЬ.АБОЛХАНОВ