Къоман музыкин школехь даздарш хилира

Магомаев Муслиман цIарахчу Къоман музыкин школехь дешаран шо чекхдаларна лерина даздарш хилира. Даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Культурин министра Дааев Хожа-Баудис, Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа Нагаев Iадлана, Бисаев Iийсас.

Карарчу шарахь школа чекхъяьккхина 39 стага, царна юкъахь бу пианисташ, пондарчаш, актераш, хореографаш. Искусствон дуьнена яьккхина хьалхара маьIне гIулч ю иза. Шайн дахаран оцу мехалчу хиламца уьш декъалбира хьешаша.

Министран карара схьаийцира къоначу артисташа школа чекхъяккхаран хьокъехь тоьшаллаш. Дешарехь а, юкъараллин дахарехь а, тайп-тайпанчу конкурсашкахь а билгалбевллачу дешархошна совгIаташ дира «М.Магомаевн цIарахчу Къоман музыкин школин тоьлла дешархо» статуэткашца, Сийлаллин грамоташца.

Кхеташ ду, даздаршкахь коьрта меттиг дIалецира дешархойн жамIдаран концерто. ГIуллакх дерзош, школин директора Зубайраева Анжеликас даггара баркалла элира Нохчийн Республикин культурин министрана Дааев Хожа-Баудина цо школин хьашташ шен тергонехь латторна.

Хь.ДОВКАЕВ

№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 9-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: