Соьлжа-ГIаларчу Дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран Нохчийн институтехь школашна юкъахь социальни проектийн республикин хIора шеран конкурс-фестивалан жамIаш а деш, толамхошна совгIаташ дар хилира.

Институтан дешаран корпусехь даздаран хьолехь дIаяьхьира конкурс-фестивалан финал.
Конкурс вовшахтохархочо, институтан юкъараллица йолчу зIенийн проректора Исламова Маликас дийцира конкурсехь дакъалоцуш 50 гергга проект хиларх лаьцна. Царах финале яьллачу 15 проектан авторш а, церан белхаш а бовзийтира жюрина а, хьешашна а. МогIарера ю аьлла дуьтийла а доцуш, баккъал а дешархойн кхолларалла, корматалла, похIма гучудоккхуш дика майда яра фестиваль.
Буьззинчу хIутосург (апрель) баттахь дIаяьхьначу конкурсехь дешархоша довзийтира шайна гуонахара дуьне, хьал мелла а хаздан, цIандан йолу шайн ойланаш. Хаарш дика хилла ца Iаш, ша вехачу махке, ураме болу сирла хьежамаш, сатийсамаш оьшура конкурсехь толаме кхача.
Конкурсан жамIаш дича бевзира толамхой. Хьалхара меттиг «Соьлжа-ГIала – басаршкахь» проекто яьккхира. Иза Хь.Ибрагимовн цIарахчу №1 йолчу математикин школин цIарах чуеллера конкурсе. Оцу школин дозанца «Баня» социйлехь дуьйна дIаболалуш болчу кибарчиган пена тIехь, хьалха хилла долу эвхьаза йозанаш дIа а даьхна, хьекъале аларш, чулацаме суьрташ дахка дагадеана хилла математикин школин дешархошна. ХIинца цу пена тIехь суьрташ дохку гIарабевллачу художникаша а. Дозанал арахьа а евзина, дукха нах реза хилла тIеэцна ю и проект.

ШолгIа меттиг «Выпускник-водитель» проекто яьккхира. Цуьнан авторш Соьлжа-ГIалин №63 йолчу школин дешархой бара. Проект вайн заманахь уггаре а лазамечух, некъан бохамех лаьцна ю. Машен хахка а, некъан боламийн бакъенаш Iамо а, йовза а сих ца лучу кегийрхойх ю проект. Таханлера водительш школин выпускникаш бу, цаьрга кхайкхам беш санна язйина ю «Выпускник-водитель» проект.
КхоалгIа меттиг «Соьлжа-ГIалин супермаркеташкахь бевзаш болу а, боцу а хьеший» проекто яьккхира. Иза кечйинера Соьлжа-ГIалин №37 йолчу школин дешархоша. Вайна ма-хаъара, дукхах долчу сурсатийн цIерш ингалсан маттахь хуьлу, церан маьIна хIун ду ца хьовсу кегийрхой. Шена гушдерг хIун ду хааре а кхойкху оцу проекто.
Дуккха а тайп-тайпана номинацеш яра конкурсан. «Тоьлла экологин проект» номинацехь билгалъелира «Тхоьца декъа» проект. Иза чуеллера Соьлжа-ГIаларчу №14 йолчу гимназис.
«Тоьлла талламан проект» номинацехь къастийра «Бена-Ведана юьртан топоними» проект. Иза кечйинера Нажи-Юьртан кIоштарчу Бена-Веданарчу школин коллективо.
Конкурсан толамхошна 15000, 10000, 5000 соьмана ахчанан сертификаташ делира. Иштта, леррина оцу конкурсана яйтина «Соьлжа-ГIала – басаршкахь» проектан суьрташ тIехь долу мерза торташ а елира толамхошна.
Проектан куьйгалхочунна Дешаран белхахойн корматалла лакхаяккхаран нохчийн институтан юкъараллица зIенаш латторан проректорна Баркаллин кехат делира Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIила. Конкурсехь дакъалоцуш хиллачу хIора школо кечйина концертан программа гайтарца а, суьрташ дахарца а берзийра конкурсан болх.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
М.Исламован суьрташ тIехь: конкурсан толамхой
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 9-гIа де, 2017 шо