Асаран беттан 10-гIа де, 1914-гIа шо. Веданан кIоштан МахкатIе юьртахь вина Саидов Билал, поэт, прозаик, драматург. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа дешна Тбилисерчу театран Ш.Руставелин цIарахчу студехь. Тайп-тайпанчу шерашкахь Х.Нурадиловн цIарахчу драмин театрехь (актер, режиссер, литературин декъан заведующи), Республикин тайнигийн театрехь (режиссер), Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзехь (литфондан заведующи) белхаш бина.
Яздан волавелла 1938-чу шарахь. Цуьнан дуьххьарлера «Зайнап» пьеса кхиамца хIоттийра нохчийн театрехь. Драматургица, театраца уьйр цкъа а ца хадийнехь а, шуьйрачу дешархочунна поэт санна вевза Саидов Билал. Стихийн, поэмийн «Дуьненна – машар», «Лаьмнашкахь малх», «Деган аз», «Ламанан шовда», «Лаам», «Сан безам», «Хаьржинарш» гуларийн автор ву иза.
Шен бIаьрла лар йитина Б.Саидовс нохчийн берийн литературин жанр кхиорехь а. Къаьсттина дезаделла кегийчу книгашъешархошна цуьнан стихашца яздина «Майра Сулима», «Сулимин цIархо», «Сулимас лелийнарш» цIерш йолу башха туьйранаш. Билал вевзара похIме гочдархо санна а. Цо нохчийн матте гочйина Ш.Мольеран, Г.Лоркин, А.Островскийн, А.Чеховн, Ч.Айтматовн, кхечеран пьесаш, ткъа иштта М.Лермонтовн «Вайн заманан турпалхо» роман а.
Поэтан кхалхар хилла 1994-чу шарахь.
Асаран беттан 12-гIа де, 1941-гIа шо. Соьлжа-ГIалахь вевзаш волчу нохчийн яздархочун Музаев Нурдин доьзалехь дуьнен чу ваьлла Музаев Мохьмад, Нохчийчохь гоьваьлла вевзаш хилла Iилманча-историк. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историн факультетехь.
Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн мохкбовзаран музейхь, Нохчийн Республикин Правительствон Архивийн урхаллин куьйгалхо волуш (1992–2015-гIий шераш). Нохчийн къоман истори талларна леринчу Iилманан 300 сов белхан автор ву М.Музаев. Цуьнан дерриге а дахар Нохчийчоьнан истори талхо гIертачаьрций, нохчийн къам бехдаран Iалашонца харц эладитанаш даржочаьрций доьналлица, собарца, хаарца латтийна луьра къийсам бара. Оцу къийсамехь тоьлла чекх а велира иза.
М.Музаев редактор волушший, цуьнан куьйгаллица бина дукха мехала белхаш арахийцира Архивийн урхалло. Масала, Х.Ошаевн «Слово о полку Чечено-Ингушском», В.Ф.Русинан «Достоинство гордых», О.Л.Опрышкон «Кавказская конная дивизия», Т.Музаевн «Союз горцев», С.-М.Хасиевн «Культура полеводства чеченцев и ингушей», «Память» (2 том), иштта кхин а.
Iилманчин кхалхар хилла 2015-чу шарахь.
Асаран беттан 15-гIа де, 1915-гIа шо. БухIан-Юьртахь вина Мусаев Мохьмад, яздархо, драматург, Нохч-ГIалгIайн АССР-н культурин хьакъволу белхахо. Заочни кепара доьшуш чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт. Белхаш бина Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттанах гIуллакхдаран заводехь (1931– 1938-гIий шераш), Нохч-ГIалгIайн радиохь (1938–1944-гIий шераш), Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствехь (1958–1975-гIий шераш). 1944–1957-чуй шерашкахь дерриге а халкъаца цхьаьна кхалхийначохь хилла.
«Сатоссуш» (повесташ, дийцарш, 1960 шо), «Дашо маха» (повесть, 1963 шо), «Анзор» (повесть, 1966 шо), «Тапча яьлча» (роман, 1960 шо) книгийн автор. ТIеман кIуьрлахь хIаллакьхилира зорбане кийчча лаьтта «Таймин Бийболат» роман (цуьнан цхьадолу дакъош зорбане девлира «Орга» альманахехь). «Теркан тулгIенаш», «Цхьана эвлахь», «Нийсонехьа», цхьамогIа кхин пьесаш язйина М.Мусаевс. Нохч-ГIалгIайн драмин театран сцени тIехь хIиттийра царех цхьаерш.
Шен лар йитина яздархочо нохчийн публицистикехь а. «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь зорбане юьйлура дахаран тайп-тайпанчу агIонашна лерина цуьнан статьяш («Сан дозалла», «Кхиаран новкъахь», «Кханенах доглазарца», «Яздархо а, дахар а»…).
Яздархочун кхалхар хилла 1999-чу шарахь.
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 9-гIа де, 2017 шо