Социальни белхахочун денна лерина

Къинхьегамна бакъо ю хIораннан а

Вайн махкахь Iаш волчу хIора стеган а болх бан, хьаналчу къинхьегамца шена рицкъ даккха, дахаран хьелаш тодан бакъо ю. И дан бакъо ю заьIапхойн а. Халахеташ делахь а, Нохчийчохь церан барам алсамболуш бу. Балхахь хиларо хIора а вахархочунна таро ло ша юкъараллин ерриге а бакъонаш йолу декъашхо лара.

ЗаьIапхошна юкъахь кIезиг бац къахьега лууш берш. Амма шайн могашалла кхачаме цахиларна, заьIапхошна халонаш нисло болх лахарехь. Цундела царна пачхьалкхера гIо-накъосталла оьшу цу тIехь. Шайн белхан меттигаш хилча а цхьаболчу куьйгалхошна заьIапхой балха эца ца лаьа. Цу тIе хьесапе эца деза дукхах болчу заьIапхошна лоьраша беза болх бан магийна цахилар, царна шайнна лерина белхан раж хIоттон езаш хилар, садаIаран хенаш алсам а йохуш.

Соьлжан кIоштан «Бахархой балха нисбаран туш» ГБУ-н директора А.Юнусовс билгалдаьккхина ма-хиллара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дина тIедиллар а, республикин къинхьегаман а, бахархой балха нисбаран а, социальни кхиоран а министран М.Ахмадовн 2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 11-чу дийнахьлерчу «01-01-29/03» йолу омра кхочуш а деш, церан туьшо дIахьо къинхьегамна хьуьнаре болу заьIапхой мел бу хьовсаран а, царах болх бан лууш берш мел бу хьовсаран а болх. И болх туьшан белхахоша дIаболийна 2016-чу шарахь. Оцу шарахь къинхьегаман рынкехь долу хьал довзийтира 36 стагана. Царах 7 заьIапхо балха а хIоттийра. ХIокху шеран оханан (апрель) беттан 26-чу денна тIекхочуш къинхьегаман рынкехь долу хьал довзийтира 17 заьIапхочунна, царах 4 стаг балха а хIоттийра.

Организацийн, учрежденийн, предприятийн куьйгалхошца цхьаьна дIабаьхьна болх бахьана долуш Соьлжан кIоштарчу 20 предприятехь квота хIоттийнера, белхан 65 меттиг а къастийнера. Карарчу хенахь стаг балха хIоттон меттиг яц кIоштахь.

Туьшан керла куьйгалхо

Шуьйтан а, Шаран а, Итон-Кхаьллан а кIоштийн бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран кIошташна юкъарчу комплексни туьшан директоран дарже Дадуев Индерби хIоттийна 2017-чу шеран бекарг (март) беттан 24-чу дийнахь. 1992-чу шарахь Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институт, инженеран-механикан корматалла кара а ерзош, чекхъяьккхира цо. Делахь а, шен говзаллица болх бар ца нисделира цуьнан. Эскарехь гIуллакх диначул тIаьхьа, бахамаллин тайп-тайпанчу даржашкахь белхаш бира. Ткъа тIаьхьарчу кхаа шарахь Заводской кIоштарчу «Туш» компанехь генеральни директоран заместителан болх бира И.Дадуевс.

Тахана цо болх бечу туьшахь 12 отделени ю. Царна юкъахь 10 бахархойн социальни хьашташ церан цIахь кхочушдеш ю. Цхьа отделени бахархойн социальни а, медицинин а хьашташ шайн цIахь кхочушдеш ю. Цхьаъ – социальни хьашташ сихха кхочушдеш ерг ю. Оцу ерриге а отделенеша оханан (апрель) баттахь хьашташ кхочушдинарг 890 стаг ву. Царах ялх Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман ветеранех 18 тылан къинхьегамхочух йисинарг ю, ша цхьаъ Iаш волу 157 стаг (къано) а, 186 заьIапхо а, къен-миска, чIогIа гIо-накъосталла оьшуш 523 стаг а ву. Царна юкъахь 71 стаг, меттахь Iуьллуш, цомгаш ву.

Сихха социальни хьашташ кхочушдаран отделенин белхахоша хIара шо доладелчахьана дуьйна кхочушдина дукха бераш долчу 46 ненан хьашташ. Беккъа цхьана оханан (апрель) баттахь цу тайпанчу 5 ненан хьашташ кхочушдина. ХIокху шарахь туьшо кхочушдина 39 913 стеган хьашт-дезар. Цу юкъахь оханан (апрель) баттахь – 11 433 стеган хьашт. Уьш социально-дахаран-Iеран, социально-медицинин, социально-психологин, социально-педагогикин, социально-къинхьегаман, социально-бакъонийн хьашташ ду. Карарчу шарахь ерриге а туьшо сихонца кхочушдинарг дерриге а 193 социальни хьашт-дезар ду. Царах оханан (апрель) баттахь кхочушдинарг 64 ду. Кхачанан сурсаташца гIо дина 78 стагана. Мобильни бригадаша хIокху шарахь 56 хьашт кхочушдина, оханан (апрель) баттахь – 16.

И.Дадуевс дийцарехь, туьшан болх тоъал чолхе а, шен башхаллаш йолуш а бу. ХIунда аьлча, коьртачу декъана иза боьзна бу къаношца а, заьIапхошца а. Социальни белхахоша лаьмнашца йолчу кхаа кIоштарчу бахархойн хьашташ ду кхочушдеш дерш.

– Со хIинца а кхоччуш балхана духе кхиъна, иза кIорггера бевзина ваьлла вац, бовза гIерташ ву, – боху И.Дадуевс. – ХIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь тхайн социальни белхахошца цхьаьна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман а, къинхьегаман тылан а ветеранех бисинчу зударийн цIахь хилира со. Уьш дезачу денца декъалбира, царна кхачанан сурсаташ а делира. Хьаьвсира царна хIун оьшу. Царна юкъахь меттахь бисина цомгашнаш хиллера. Оха уьш хьесапе эцна, царна деш гIо ду.

ХIора пIераскан дийнахь ерриге а отделенешкарчу белхахошца кхеташо дIахьо ас. Цигахь дийцаре до болх кхидIа а тобарца, бахархойн хьашташ кхочушдар кхин а тодарца доьзна, цхьамогIа кхин гIуллакхаш.

Белхазалла лахъяр ю коьрта Iалашо

ТIехьа-Мартан кIоштарчу «Бахархой балха нисбаран туш» ГБУ-с шен болх дIахьо «Бахархой балха нисбаран хьокъехь» долчу законаца нийса а догIуш. Туьшан директора Р.Цагараевс дийцарехь, цара кIоштарчу бахархошна гIо-накъосталла до царна оьшуш болу болх нисбарехь. Цуьнца цхьаьна дIахьо болх оьшуш, лоьхуш болу нах хьесапе эцар, уьш белхазхой санна дIаязбар, царна белхазаллина пособеш далар.

Карарчу хенахь туьшехь хьесапе эцна ву бан болх боцуш волу 3 275 стаг. Туьшан белхан коьртачу дакъойх цхьаъ ду оцу нахана болх бан меттиг нисъяр. Тидамера ца долуьйту кхузахь болх бан хьуьнар долчу заьIапхошна белхан меттигаш нисъян хьовсаран гIуллакх а. 2016-чу шарахь болх лоьхуш туьше веанарг 264 стаг ву. Уьш берриге а хьесапе а эцна. Царах балха нисвинарг 245 стаг ву. Царна юкъахь 14 заьIапхо а ву.

ХIокху шеран хьалхарчу чийрикехь балха хIоттийна 93 стаг, царна юкъахь 5 заьIапхо ву. Болх лоьхучарна белхан меттигаш карийна берийн бошмашкахь, школашкахь, больницашкахь, кхечанхьа. ХIутосург (апрель) бутт чекхболуш туьшехь дIаязвинарг 214 белхазхо вара. Оцу муьрехь ерриге а кIоштахула белхан мокъа меттиг 158 яра.

2017-чу шарахь бан болх боцучу бахархойн хьашташ кхочушдарехь а дина дика гIуллакхаш. Хьалхарчу чийрикехь корматаллина Iамийна 160 стаг, социальни хьолах вуола (адаптаци) гIо дина 50 стагана, психологин гIолаьцна 50 стеган. Карарчу хенахь кIоштахь оьшуш бу къона техникин белхалой: кочегараш, хехой, ткъа иштта медйижарий, берийн бошмашкахь берашна тIехь терго латтош, уьш Iалашдеш болу белхалой.

З.ФЕДОРОВА

№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 9-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: