«Ленинан некъ» –1944-гIа шо тIекхаччалц

1934-чу шарахь Нохчийн, ГIалгIайн автономни областаш цхьаьнатоьхна, царах Нохч-ГIалгIайн область ярца доьзна, «Серло» газетан цIе хийцина, цунна «Ленинан некъ» аьлла цIе тиллира, ткъа гIалгIайн маттахь арадолуш хиллачу «Сердало» газетан цIе ца хуьйцуш йитира.

Хаалуш дара латинин йоза мехкан экономикин а, халкъийн культурин а дакъошкахь йолу зIенаш кхидIа а кхиоран а, халкъийн доттагIаллин уьйраш чIагIъяран а декхаршна дуьззина жоп луш цахилар. Иза тидаме а эцна, 1938-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Советан Президиуман сацамца республикехь йоза оьрсийн, аьлча а, кириллицин графикин буха тIе, керлачу алфавита тIе даьккхира. Цул тIаьхьа газет арахецар оцу алфавитца дIадахьа долийра. Школашкахь дешар Iамор а оьрсийн элпийн йозанца дIадаьхьира. Йоза латинин элпийн буха тIера оьрсийчунна тIе даккхаро аттачу даьккхира йоза-дешар, оьрсийн мотт Iамор, чIагIйира нохчийн оьрсийн халкъаца йолу уьйраш.

1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 21-чу дийнахь фашистийн Германи ямартлонца вайн махкана тIелетта, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болабеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна газетан хьалхарчу агIонашна тIехь зорбаетта йолийра тIемашкахь эскаран бIаьхоша а, тылехь советийн халкъо а гойтучу хьуьнарех лаьцна дуьйцуш йолу материалаш. Газетехь Нохч-ГIалгIайчуьрчу тIемалойн хьуьнарех лаьцна хаддаза дуьйцура «Нохч-ГIалгIайчоьнан сийлахь кIентий», «Турпалхошна – сий, кIиллошна – иэхь!», «ТIаьххьарлерчу сохьтехь», «Фронтера кехаташ», кхечу а рубрикашкахь. Берриге а махкахь гIарадевлира Нохч-ГIалгIайчуьрчу турпалчу кIенташа Заболотный Ивана, Идрисов Абухьаьжас, Мазаев Маташа, Мальсагов Ахьмада, дуккха а, дуккха а кхечара гайтина хьуьнарш. Ткъа 1942-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 16-чу дийнахь араяьлла йолу газетан ерриге а номер «Лаьмнийн лечанан» Нурадилов Ханпашин турпалаллин хьуьнарна лерина яра, «Шен цIе цкъа а йовр йоцу турпалхо» аьлла, корта а болуш. Турпалхочун Х.Нурадиловн цIе гуттаренна а дIаязйина ю Волгоградерчу Мамаевн борза тIехь болчу хIолламехь-мемориалехь. Х.Нурадиловн цIе тиллина Нохчийн пачхьалкхан драматически театрана а, дуккха а школашна а, урамашна а.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь, вайн мохк ларбеш, кхелхина дуккха а журналисташ а. Царах бу газетан редакторш хилла болу Межидов Зелимха а, Имадаев Мохьмад а, кхиберш а.

Ша арахеца долийначу хьалхарчу деношкахь дуьйна нохчийн халкъаца цхьаьна баккхийчу хийцамех а, хиламех а, иэшамех а буьзна болу хала, чолхе, амма сийлахь некъ бина «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газето. Махкахь граждански тIом чекхбаьллачул тIаьхьа халкъан бахам, мехкадаьттанан промышленность кхиорехь, ярташкахь колхозаш яхкарехь, къоман дешар, культура, литература кхиорехь коллективни пропагандистан, вовшахтохархочун декхарш сийлаллица кхочушдира «Ленинан некъ» газето. Амма 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь нохчийн халкъ, цуьнца цхьаьна цхьамогIа кхидолу халкъаш а махкахдаьхча, 13 шарна шен болх юкъахбаккха дийзира «Ленинан некъ» газетан.

№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 9-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: