Газет – республика меттахIоттийначул тIаьхьа

Шайн Даймахка юхаберзаре дехачу кхойтта шарахь чIогIа сатуьйсуш хиллачу нохчийн, гIалгIайн, кхечу халкъийн дахарехь башха хийцам беш, боккха кхаъ беара 1956-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 24-чу дийнахь. Оцу дийнахь тIеийцира махкахдаьхначу халкъийн автономеш меттахIитторан хьокъехь болу КПСС-н ЦК-н сацам. Ткъа 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь араделира Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIотторан хьокъехь долу СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указ. Цунна тIе а доьгIна, РСФСР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указаца вовшахтуьйхира республика меттахIотторан а, махках баьхна нах Даймахка юхаберзоран а вовшахтохараллин комитет.

Цул тIаьхьа доза тоьхна, барам нисбеш, шайн дай баьхначу махка юхаберза бакъонаш яла йолийра республикин халкъан бахам меттахIотторехь а, культурехь а, кхечу дакъошкахь а оьшуш болчу цхьаболчу нахана (хIетахь нах цIа богIуш а леррина йолу бакъо яла езаш яра).

Даймахка хьалха цIа богIучарна юкъахь Соьлжа-ГIала цIаберза аьтто хилира тхан доьзалан а. ХIетахь цIа богIу нохчий, гIалгIай тIехь болу шалонаш Алды станцехь совцош яра. Царна тIера охьабиссийна дукхах болу нах, къаьсттина лаьмнийн ярташкарнаш, шаьш бина а, баьхна а хиллачу ярташка ца бохуьйтуш, ткъа киралелочу машенаш тIехь Невран а, Шелковски а кIошташка дIабуьгура. И машенаш цига дIахьийсош, станцехь лаьттара милицин белхахой. Иштта дара дукхахболчеран Даймахка юхаберзар. Бакъду, тхо Соьлжа-ГIалахь дисира. ГIалахь бисинчарах дукхахберш Заводской кIоштахь йолчу профтехучилищен хиллачу тIекIалйинчу йоьхначу гIишло чохь дIанисбира. Царна юкъахь бара тхан доьзал а.

ЦIа кхаьчначу кхоалгIачу дийнахь стаг веара, соьга партин обкоме кхойкху, аьлла. Цигахь дийцира кхайкхаран бахьана: меттахIоттош ду нохчийн къоман «Ленинан некъ» газет. Цигахь болх бан и гIуллакх девзаш болу нах оьшу, элира обкомехь.

1955-чу шарахь Казахстанехь, Алма-Атахь нохчийн маттахь арахеца долийначу «Къинхьегаман байракх» газетехь болх бина, и гIуллакх мелла а девзаш вара со хIетахь. Газет арахеца вовшахкхеттарш дукха нах бацара. Нажаев Хожа – редакторан декхарш ханна кхочушдешверг, Исмаилов Халид – жоьпаллин секретарь, Тасуев Султан, хIокху могIанийн автор. Нохчийн маттахь шен-шен хенахь газет арахеца кIезиг бара уьш. ХIетахь газет дан хIинцачул дуккха а хала хилла хилар хьесапе эцча муххале а. Цуьнца доьзна партин обкоман белхахоша редакторна магийра газетан белхан доккха зеделларг долуш бу аьлла, оьрсийн къомах болу цхьамогIа белхахой схьаэцар. Уьш бара цхьана хенахь «Правда» газетан белхахо хилла Луккер Владимир – редакцин культурин отделан заведующи, Воронин Сергей – выпускающи, коьрта бухгалтер Сергеев Сергей.

ТIаьхьуо фотокорреспондентан балха схьаийцира Юнцевич Владимир, жим-жима богIуш, кхин белхахой а баьхкира. Оцу кеппара, нохчийн къоман газет арахоьцушъерг интернациональни коллектив хуьлуш нисделира гIуллакх.

Иштта дIадоладелира «Ленинан некъ» газет меттахIоттор. Юьхьанца чIогIа хало Iаьвшира редакцин коллективо, къаьсттина корректорша. Амма тхуна и хало ца гора. Журналисташна коьрта а, сийлахь а дара шаьш диначу, шайн дай баьхначу махка цIадерзар а, республика, газет меттахIотторехь дакъалацар а.

ДагадогIу суна, хала а, атта а материал гулйинчул тIаьхьа, газетан хьалхара номер типографехь кечъеш, са ца доIуш, шина дийнахь-бусий къахьийгира редакцин ерриге а коллективо. Нохчийн мотт бевзаш боцчу оьрсийн къомах болчу типографин зорбалахьорхоша (линотиписташа) зорба лахьийча, вуно дукха гIалаташ хуьлура. И бахьана долуш, дукха хьолахь, газетан агIонаш тIехь гIалат нисдан меттиг ца юьсура. Цундела и агIо кест-кеста юхаяккха езаш хуьлура. Амма тхуна мел чIогIа ницкъ хиллехь а, цхьамма а ца хаийтира шена хало хилар, резавацар, массарна а доккха совгIат дара «Ленинан некъ» газетан хьалхара номер араялар. Иза араяларца газетан белхахой даггара декъалбира республикин куьйгалхоша.

Иза юьхь, гIуллакх дIадолор дара. Хала хиллехь а, амма газет арадала доладаларан билгало яра. «Ленинан некъ» газетан дуьххьарлера номер арахецарехь дакъалецира Нажаев Хожас, Исмаилов Халида, Тасуев Султана, Батаев Мустапас, Джабраилов Мохьмада, Кагерманов Доккас, Дадашев Iабдуллас, хIокху могIанийн автора. Суна бехк ма буьллийла, дага ца вогIуш, цIе ца йоккхуш, стаг висинехь. Оцу хьалхарчарах ши стаг бен хIинца дийна вац. Дала гечдойла хIинца вайна юкъахь боцучарна массарна а.

ТIаьхьа, тIеттIа керла белхахой тIеоьхуш, къаьсттина Алма-Атахь арадолуш хилла «Къинхьегаман байракх» газет дIакъевлинчул тIаьхьа, стамлуш, чIагIлуш, керлачу ницкъех юзуш, дIаяхара редакцин коллектив. Балха веара Хаджиев Ризван, Ахмадов Iумар, Ибриев Сайд-Эми, Саракаев Азамат, Саракаев Хьамзат, Магомаев Леча, Дадуев Абу, Генардукаев Исрапил, Ошаев Махьмуд, Хаджимурадов Iальви, Хамхоева Дутта, Хакишева Човка, кхиберш. Редакцин куьйгалле хIиттийра Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамах чекхбевлла, дахаран доккха зеделларг долу журналисташ Шаипов Iийса – редактор, цуьнан заместитель – Муталибов Зайнди.

Хьалхарчу шерашкахь чIогIа халачу хьелашкахь арахийцира «Ленинан некъ» газет. Заманан лехамна жоп луш, чулацаме, говза кечдина газет арахецархьама, уггаре а хьалха оьшуш ду цигахь болх беш берш дахаран-Iеран, хIусамийн хьелаш долуш, шайн кхоллараллин болх боцучу кхечун ойла ян ца дезаш, дIанисбелла хилар. Амма и хьелаш хIетахь тхан дацара. Дукхахберш мехах лаьцначу нехан хIусамашкахь бехаш бара (вайна хууш ду-кха нехан хIусамашкахь вахар муха хуьлу), цхьаберш ярташкара схьаоьхура (уьш а бацара башха дIатарбелла Iаш, цигахь а дIахьош бара вай цIера даьхначул тIаьхьа нехан хIусамаш дIалецначара, уьш юха схьа ца луш, хилла къийсамаш). Цхьаберш дуьххьалдIа белхан меттехь буьйшуш-гIовттуш бара.

Стаг веха меттиг оцу кепара хилча, хIун дуьйцур ду кхачанца а, тIеюхучуьнца а кхачам хиларан хьокъехь. Амма белхахоша церан хьесапаш ца дора, уьш кийча бара шаьш хаьржинчу сийлахьчу гIуллакхан дуьхьа муьлхха а халонаш лан а, эшо а, хан-зама ца лоьруш, шаьш ца кхоош, къахьега а.

Ткъа балхара хьал муха дара? Уьш а стаг хьоьгур волуш дацара. Редакцин шен чоь яцара. «Грозненский рабочий» газетан редакцехь ши кабинет а, цIечу уголокан зал а къастийра. Стоьлаш, гIанташ, кхиболу гIирсаш бацара. ЦIечу уголока чохь лаьттачу теннисан стоьла гуонаха охьаховшура корреспонденташ а, машинисткаш а. Газетана материал вовшахтоха ваха я кхин хьашт кхочушдан транспорт яцара.

Редакцехь газетан белхан корматалла йолуш болу белхахой цахиларх лаьцна ца дийцича а, журналистийн коллективана хало еш дара йолуш йолчу издательствон белхахой нохчийн маттахь йолчу текстаца болх бан Iемина цахилар. И бахьана долуш дукха хуьлура гIалаташ, полиграфисташна нохчийн газетаца болх бан ца лаьара. Цул сов, типографин ницкъаш, таронаш цхьа «Грозненский рабочий» газет арахецарна лерина а, готтачу чоьнашкахь а яра. Цундела цара гуттар а дерригенна а тIехь хьалхадохура и газет. Цу тIе и хьал тодархьама хIумма а деш дацара я республикин а, я типографин а куьйгалла.

Хала дара газетана оьшуш йолу материал вовшахтоха а, кечъян а. Промышленни предприятешкахь а, организацешкахь а чIогIа дегаза лора газетана оьшуш болу хаамаш, нохчийн газетан белхахойх цатешар, цадашар дара, хаалора уьш цаларар.

Редакцин журналистийн болх чIогIа чолхебоккхуш дара газетан агIонаш тIехь официальни материал тIех дукха хилар. Меттигерчу партийни а, советийн а органашкара кхочушдолу официальни документаш ца дийцича а, Москвахь Компартин ЦК-хь а, Министрийн Советехь а хилла хIора гIуллакх Соьлжа-ГIалахь арадолучу къоман газетехь шолгIачу дийнахь зорбатоьхна хила дезаш дара. Газетехь иштта йоккха меттиг дIалоцура дозанал арахьарчу хаамаша а.

Иза хIинца дийца атта ду, амма хIетахь дуккха а ницкъаш тIебахийта безаш, йоккха хан йойъуш, Iаламат боккха болх бара. Масала, партин ЦК-н пленум хилла. Цигахь доклад йо партин ЦК-н Генеральни секретара. И доклад чекхъяьллачул тIаьхьа телетайпехула Соьлжа-ГIала схьалора. ТIаккха оха, и текст схьаоьций, белхахошна дIаса а йоькъий, сихха гочйора. Цул тIаьхьа зорбатухий, толлий, цхьаьнатосура. Кечйина текст типографе дIаяхьийтинчул тIаьхьа Москвара нисдарш дохкуьйтура. Юха а еша езара и материалаш. И нисдарш масийттазза дохкуьйтура. И дерриге а чекхдаьллачул тIаьхьа дIаболалора типографехь беш болу болх. Доцца аьлча, газетан корректорш а, дежурнеш а буьйса юккъе яханчул тIаьхьа бен цIа ца боьлхура.

Оцу дерригенах а редакцин белхахошна чIогIа ницкъ хуьлура. Цул сов, журналисташна халахоьтуьйтуш дара республикин куьйгалло къоман газетана кIезиг тидам тIебохуьйтуш хилар. Дерригенна а тIехь тIаьхьатоьттура «Ленинан некъ» газет. Нагахь газеташка официальни материал луш хилча, иза «Грозненский рабочий» газете дIа а лой, тхоьга цигара схьаэца, олура. И дарца тхо вукху газетах дозуш долчу хьоле хIиттадора. Ткъа и материал дерриге а газеташкахь зорбатоха езаш яра.

Газет бахархошна юкъахь даржор, цуьнга нах язбалар муха дIахIоттийна дара? Масала, «Грозненский рабочий» газет центральни газеташца а, журналашца а цхьаьна партин райкомаша хIора предприятина, организацина, учрежденина хIоттийначу разнарядкица белхан коллективашкахь тIедожорца яздеш дара. Цхьа а ца хIуттура и разнарядка кхочуш ца ян. Цундела «Грозненский рабочий» газетан тираж иттаннаш эзарнаш экземплярашца ягаръеш яра. И бахьана долуш церан ахчанан таронаш а яккхий хуьлура. Ткъа «Ленинан некъ» газет луучо яздеш а, ца луучо ца яздеш а, паргIат, тесна дара.

Цкъа газет бахархошна юкъахь даржорехь долчу кхачамбацарийн бала кхаьчна, нах газете язбалар гIолехь хилийтарехь гIо хиларе сатуьйсуш, и гIуллакх тодарна дерриге а хьесапаш а, предложенеш а кечйина, партин обкоман идеологехула волчу секретарана Бузуртанов Мохьмадна тIевахара со, сайна цуьнгара гIо хирг хиларх тешна а волуш (со хIетахь коьртачу редакторан заместитель вара). Со хIун гIуллакх дохьуш веана аьлла, хаьттина, соьга ла а доьгIна, хьайн хьесапаш а, предложенеш а обкоман зорбанан отделе дIало, элира цо. Ас уьш цига дIа-м муххале а ца елира, амма и гIуллакх эцна кхин обкоме а ца вахара.

Иштта яра къоман газетаца йолу республикин куьйгаллин юкъаметтигаш. Амма оцу ерриге а халонашка ца хьоьжуш, шайн ницкъаш, хаарш ца кхоош, хьанал къахьоьгуш, схьабеара газетан журналисташа шайх тешийна сийлахь болх. Оха хаддаза коьрта тидам тIебохуьйтура республикин экономика, халкъан дешар, могашалла Iалашъяр, бахархойн дахаран-Iеран хьашташ кхочушдар тодаран, литература, нохчийн мотт кхиоран, къоман гIиллакхаш довзийтаран гIуллакхаш газетан агIонаш тIехь гайтарна. Редакцин коллективан и дика болх билгалбаьккхира СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указаца 1973-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 25-чу дийнахь цунна «Знак Почета» орден яларца.

Оцу сийлахьчу гIуллакхна тайп-тайпанчу хенашкахь шайн йоккха хазна юкъайиллира республикехь цIеяххана бевзаш болчу журналисташа Чалаев Билала, Хасмагомадов Хьамида, Хажалиев Мохьмад-Эмис, Габисов Бисолтас, Саракаев Азамата, кхечара. Уьш газеташкахь дуккха а шерашкахь белхаш бина, лаккхарчу корматаллин журналисташ бара. Цара шайн белхан зеделларг, хаарш комаьрша дIалора къоначарна, царна доккха гIо дира журналистийн корматалла караерзорехь. ХIетахь тхуна, журналисташ хила Iемаш долчарна, белхан дуккха а къайленаш, дахаран доккха зеделларг довзийтира цара. ХIинца, хIетахь уьш хиллачу шерел а тIехваьллачу хенахь, ойла йича, хаало, цаьргара схьаэца тарлуш хилла пайдехьниг, мехалниг, дахарехь оьшуш дерг, дерриге а оцу хенахь схьаэцна цахилар. Ца эцна дохко а ваьлла.

Нагахь санна сайн да-нана, сайца цхьаьна баьхна а, болх бина а баккхийнаш хIинца дийна белахьара, тахана ма дукха хIуманаш дара сан цаьрга хатта а, дийца а, царах дагавала а. Кхана тIаьхьа ца хилийтархьама, тахханехь схьаэца дезаш хилла-кх баккхийчаьргара пайдехь, кхетаме дерг, церан дахаран зеделларг. Хаа дезаш хилла тIейогIучу хенахь иза оьшур дуйла. Къоначеран уггаре а кхетаме долчул тоьлаш карадо баккхийчеран уггаре а кIезиг маьIне ду аьлла хеташ дерг а. Хьалха хилларг ца хилча, хила йиш яц тахана долуш дерг а, кхана хиндерг а. Иза дахаран закон ду.

Дагахь лаьтта оцу дIадевллачу шерашкахь газетехь иштта еххачу хенашкахь белхаш бина Мехтиев Зиявди, Шахмурзаев Адам, Дадаев Сайд-Хьасан, Нашхоев Руслан, Яхъяев Хьасамби, Эскерханов Хьабибулла, Уциев Абу, Бердукаев СаьIид, Исмаилов Iимран, Темирсултанов Iалис, Умхаев Хьамзат, Гугаев Тамерлан, Лепиев Iайнди, Умаров Хьаьким-Хьаьжа, Дукузов Сулейман, Цугаев Сулейман, Мухадинов Зайналбек, Магадаева Санет, Исмаилов Абу, Барзанукаев Ахьмад, Вагапов Якъуб, Гадаев Ваха, Матаев Аюб, Вагапов Iаьрби, Макаев ВахIид, Адуев Висита, Шерипов Султан, кхиберш а.

Газет арахоьцуш болчу журналисташна шайн декхарш хьакъ ма-дду кхочушдарехь доккха гIо-накъосталла деш, хьанал къахьийгира Бакашева Раисас, Вахаева Марема, Хаджимурадов Iальвис, Дудаев Султана, Юсупов Ахьмада, Келоев Билала, Арсамерзаева Асета, Сулумова Детис, Таюбова Любас, Якубов Асланбека, Ясуева Тамусас, Дадуева Рабус, Дукузова Милас, Пайзуева Бирланта, Цоккаева Малкана, Гайсултанова Лайлаа, Хаджиева Бирланта, Далаева Iайдата, Берсанкаева Ларисас, дуккха а кхечара.

Газетехь болх бира цIеяххана бевзаш болчу яздархоша Музаев Нурдис, Сулаев Мохьмада, Эдилов Хасмохьмада, Кусаев Iадиза, Шайхиев Iалвадис, кхечара. Редакцин коллективехь болх беш, кхиъна, цIеяххана яздархой хилла дIахIиттира Дадашев Iабдулла, Шамсудинов Бувайсар, Яхъяев Леча, Кагерманов Докка, Махмаев Жамалди, Джанаралиев Iимран, Ахматукаев Адам, Алиев Iальви, Юсупов Iазим, Матиев Ваха. Тайп-тайпанчу хенашкахь газетан коллективана коьртехь лаьттира Чалаев Билал, Шаипов Iийса, Мехтиев Хьасан, Габисов Бисолта, Айдаев ЮшаI, Абдулаев Леча, Сумбулатов Дени, 1975-чу шарера 1991-чу шаре кхаччалц газетан редакторан заместителан болх бира хIокху могIанийн автора.

С.МАГОМАЕВ

№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 9-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: