Нохчийн къоман культурин мах боцу беркат хилла дIахIоьттина гIараваьлла вевзачу пондарчин Димин Iумаран башха кхолларалла. Дукха хан ю цуьнан цIе вайн махкахь евза. 1908-чу шеран эсаран (октябрь) беттан хьалхарчу дийнахь нохчийн ширачу юьртахь Хьалха-МартантIехь дуьнен чу ваьллачу цо дукха жимачохь дуьйна караберзийна кехат-пондар. Цуьнан йоккхах йолчу йишина Аружина дас-нанас эцна пондар, къайлах-къулах кадетташ, лакха Iамийра кIанта.

Кехат-пондар ийзабар «кIентан гIуллакх дац» аьлла дас цкъа а, шозза а човхийча, керташкахула, гена доццуш охьадогIучу Мартан хин йистте воьдий, охьахуий, шел боккха пондар ийзош Iаш каравора нанна Iумар. Къар ца луш, дукхаеза корматалла караерзийна кIанта. ТIаьхьуо, ерриге а Къилбаседа Кавказехь цIе йоккхуш пондарча хилла цунах. Димин Iумаран говзаллех цецваьллачу Сталин Иосифа, шен пхьаьрсара сахьт дихкина вайн махкахочун пхьаьрсах, совгIат деш, Кремлехь нохчийн артисташа концерт лучу дийнахь. ЛадогIархойн дегнаш ловзадохуш цо дIалекхначу пондаро дог-ойла гIаттийна Ст алин ирахь лаьттина хиллера. Иштта пондарча вара Димин Iумар! СССР-хь вевзаш хиллачу композитора Мурадели Ванос «кавказхойн мукъамийн профессор» олуш хилла вайн махкахочух. Ишттачу говзанчин тIаьхье хийра хуьлийла дацара мукъамашна, нохчийн пондарна. Цунна къеггина тоьшалла ду Iумаран кIентий. Цуьнан цхьа кIант Димаев СаьIид, Москвахь консерватори чекхъяьккхина, вевзаш композитор вара. Вайна вевзина ца Iаш, Къилбаседа Кавказехь, Москвахь, Санкт-Петербургехь, Россин дозанал генна арахьа а вевзаш ву шолгIа кIант Iела.
Иштта ден а, вежарийн лорах схьавогIуш ву Iамарбек а. Iумаран доьзалехь виъ кIант, цхьа йоI дара. КIенташлахь жимахверг ву Iамарбек. Лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолуш, пондарча ву иза. Цул сов, бIе шо гергга хьалха дас каралаьцна нохчийн кехат-пондар тахана Iамарбекехь бу.
ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайн махкахь буьрсачу тIеман цIе кхерстича, кхечеран санна цIа а, чуьра йийбар а хIаллакьхилира цуьнан. Амма дас лекхна пондар, хIайкал санна, ларбира цо. Пондар Iалашбан а, иза кIелхьарабаккха хьуьнар а, доьналла а хилла кIантехь. Вайна мерза кхаъ бу бIе шо хьалха Димин Iумара каралаьцна пондар, тахана, Германехь велахь а, цуьнан кIанта Iамарбека, йоIбIаьрг санна ларбеш хилар. Вайн махкахь буьрса кхихкинчу тIемашкахь мелла а бохийна бара пондар. Дуккха а харж оьшура иза тобайта. ЦIийнах а, цIарах а ваьллачу, халла хене волучу Iамарбекан таро а, аьтто а бацара говзачу пхьераша боьху мах белла ден пондар тобайта. Делахь а, къоман мукъамашца, культурица бала болуш стаг воцуш ца хиллера къаьхьа халонаш алссам Iийшина вайнехан халкъ.

Димин Iумаран доттагIчун кIанта, ГIалгIайчуьрчу Чилиев Мусас шена тIелецира пондар тобеш бала беза мах дIабалар. Цо шен дош кхочуш а дира. Бельгехь Iаш волчу вайн махкахочунна Гамбулатов Iийсана дукха говза шира пондарш тодеш волу пхьар карийра. Иза немцо Симсон Фердинанд вара. Массо а хIуманна духе кхиар цIийца долчу немцочо экспертизех чекхбаьккхина хиллера пондар. Химех пайдаоьцуш йиначу анализаша тIечIагIдинера пондар 1900–1905-чуй шерашкахь бина хилар. Цундела, вайн тIечIагIдан бакъо ю, Димин Iумаран пондаран 100 шо сов зама хилар. 2012-чу шеран хьаьттан (август) баттахь Симсон Фердинанда хаам бира Iамарбеке пондар тобина баьлла, аьлла.
Цуьнан аз талхийна хиларна кхоьруш, ийзалуш, куьйгаш дегош каралецира кIанта иза… Дагна хьаам беш, лерса хьостуш, тоххара санна зевне Iанадахара мукъамаш. Дукха хазахетта кIентан бIаьргех хи делира. Пондар дика тобинера. Дукха хан ялале Бельгехь 2012-чу шарахь «Живая музыка» цIе йолуш дIаяьхьначу Дуьненаюкъарчу музыкин фестивалехь дакъалецира Димаев Iамарбека. Хьуьнарш къовса гулбелла дуккха говзанчаш хиллехь а, толам вайн махкахочо баьккхира. Димин Iумаран кIант Iамарбек дуьнен чу ваьлла генарчу ГIиргIизойн махкахь Ка линин юьртахь 1957-чу шеран оханан (апрель) беттан 13-чу дийнахь. Вайнах Сталинан хьадалчаша махках баьхна мур бара иза. 13 шарахь дай баьхначу лаьтте сатуьйсуш, массо ойла а Даймахках хьерчаш яьккхина вайн дайша, наноша. Iамарбек дуьнен чу валале ши-кхо бутт хьалха мерза кхаъ кхечира ДимаевгIеран доьзале а, вайнехан берриге а доьзалшка – Казахстанера, Юккъерчу Азера цIаберза вайнахана бакъо луш.
Массарал хьалха цIабирзинарш меттахIотточу Нохч-ГIалгIайн Ре спубликин культурин белхахой бара, церан хьалхарчу могIарехь вара Iумар а. Вайнах махках бахале Нохч-ГIалгIайн р а диокомитетехь болх бина яра Iамарбекан нана Асет. Дай баьхначу лаьтта тIе цIабирзинчу доьзална Соьлжа-ГIалахь цхьа петар елира. Цу чохь дIаяхана кIентан бералла. 1964-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу №1 йолчу юккъерчу школе хьалхарчу классе деша вахара Iамарбек. КIант кхоалгIачу классехь доьшуш вара нанас 1966-чу шарахь музыкальни школе дIалуш. Цо кхиамца чекхйоккху юккъера а, музыкин а школа. ТIаккха Къилбаседа Кавказехь тоьллачарах цхьаъ йолчу Соьлжа-ГIаларчу музыкальни училище деша воьду.

Иза чекхъяккхарх тоам ца бо. 1977-чу шарахь Дона-тIерачу-Ростове музыкальни институте деша воьду. СССР-хь тоьлла пианист ларалуш хилла, профессор А.Гололобов вара вайн махкахо шен курсе дIаэцнарг а, Iамийнарг а. Фортепьяно бара Iамарбека караберзийнарг. 1982-чу шарахь институт чекхъяьккхина ваьлла, лаккхарчу тIегIанехь корматалла йолуш пианист вара иза. Пианиница уьйр-марзо йолуш музыканташ вайн махкахь хиллехь а, диплом карахь долуш дешна ваьлла говзанча нохчех цхьаъ Iамарбек вара оцу муьрехь. Оццу 1982-чу шарахь эскаре гIуллакх дан вахар тIедуьйжира цунна. Нохчийн къоман культурехь шатайпанчу башхаллица билгалдуьйлуш ду 1983-гIа шо. Iамарбекан воккхах волчу вашас Iелас вовшахтуху вайн махкахь дуьххьарлера рок-тоба «Зама». Эстрадехь денна гучудуьйлучу керлачу генех самукъадолуш кегийрхой бара и рок-тоба кхолла сакIамделла цхьаьнакхеттарш: Мейсигов Башир, Дадаев Iумар, Абдулхамидов Руслан, иштта кхиберш а.
Эскарехь гIуллакх дина ваьлла, цIавирзина Iамарбек а дIакхийтира оцу тобанах. Нийса хир дацара «Зама» рок-тоба вовшахкхеттачу хьалхарчу дийнахь дуьйна, массеран а шех самукъадолуш болх бан дIайолаелира аьлча. КIезиг бацара Соьлжа-ГIалахь тобанан мукъамийн гIирсаш еккъа цIена цхьа гIовгIа хетарш а. Кхин а алсам бара вайнахана рок-мукъамаш ца оьшу, уьш вайн къоман культурин хотIаца богIуш бац бохурш а. Амма кегийрхой къар ца лора. Де-буьйса ца лоьруш, репетицеш йора, хаддаза кхоллараллин лехамашкахь бара. Эххар а, Нохч-ГIалгIайн Республикин радиокомитетехь бевлира царах кхетарш, дог лозурш. Иза уггаре а хьалха, оцу муьрехь радиокомитетан музыкальни редакцина коьртехь хилла Ахмадова Тамара яра. Циггахь болх беш волчу Кусаев Iадиза масех байт язйира «Зама» тобанна. ЦIеначу даггара тобанна кхиа, цуьнан кхолларалло зазахеца лууш гIо-накъосталла диначарна юкъахь бара Мейсигова Лида, Шамилева Киса, Яхъяев Iаднан. Цхьацца гIулч йоккхуш, кхиамийн хорша а бевлира. Къоман культура кхиорехь керла дош хилла дIахIоьттира Бисултанов Аптин дешнаш тIехь Димаев Iелас мукъам баьккхина «Гой шуна доттагIий…» цIе йолу илли.
Радиоэфирехь кест-кеста хаза йолаелира тобано керлачу кепехь дIаязйина Димин Iумаран «Нохч-ГIалгIайн вальс», вайнехан мукъамаш тIехь кечйина «Фантази». Рашидов Шаидан байташ тIехь даьхна «Иордани», «Пондаран аз» иллеш а исбаьхьаллин тIеIаткъам бан ницкъкхочуш а, хIора ладогIархочун синкIоргене кхочуш а дара. Цундела, цхьа шо далале «Зама» махкахь евзаш а, езаш а яра. 1984-чу шарахь СССР-н а, Лаосан а пачхьалкхашна юкъарчу доттагIаллин фестивалехь дакъалоцуш яра иза. Оццу 1984-чу шарахь Москвахь дI адаьхьира Нохч-ГIалгIайн культурин денош. Iаламат боккхачу кхиамца оцу «деношкахь» дакъалецира «Зама» тобано. Къаьсттина хазахетара махкахошна Димаев Iамарбека кехат-пондар локхуш. Дукха хьолахь, уьш вайнехан мукъамаш хуьлура.

1985-чу шарахь вайн пачхьалкхан коьртачу шахьарахь Москвахь студентийн а, кегийрхойн а дуьненаюкъара ХХII-гIа фестиваль яра. Вайн мехкан цIарах фестивале дакъалаца хьажийра «Зама». Вайна массарна юьхькIам боллучу агIор шайн хьуьнарш, похIма, корматалла дIагайтина, ВЛКСМ-н ЦК-н мехала совгIаташ, дипломаш дохьуш цIабирзира артисташ. Нохч-ГIалгIайн Республикин комсомоло а ца буьтура тобанера артисташ терго йоцуш а, дог ца хьостуш а. 1986-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн комсомолан обкомо царна ахчанца совгIаташ дира, хIоранна сийлахь цIерш луш. Амма, массара а цхьабарт хилла и ахча Соьлжа-ГIаларчу №2 йолчу интернатерчу буоберашна дIахьажийра, кхидIа йолчу хенахь уьш шайн семачу тергонехь латто тIелоцуш. «Зама» тобанан артисташа шаьш хьал тоделла бацахь а, кхиамца чекхъяьллачу концертах каракхаьчначу ахчанах комаьрша дакъа дой Советийн Союзан машаран фонде кест-кеста дохьуьйтура. СагIадалар коьртачу гIиллакхах цхьаъ дара пондарча хьалакхиъначу кхерчахь. Ненан сагIано бохамех шаьш ларбеш санна хетара вежаршна. Цундела шайн хьаналчу къинхьегаман некъ дIаболабелча цара ла-масте дерзийра и гIиллакх.
Дика гIуллакхаш цкъа а тидамза дуьсуш дац. Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалло а хьакъ боллу мах хадийра «Зама» тобанерчу артисташна мехала совгIаташ деш. Боккхачу деган айамца тIеийцира цара, иштта, Iедало шайн хьаналчу къихьегаман сий дар. Кхечу гIаланашка, мехкашка йолу гастролаш жигара ехира. 1987-чу шарахь цкъа Йемене баха кечамаш бан дезаш, тIаккха «Дагера даге» цIе йолчу Москварчу Лужники стадионехь дIахьочу концертехь дакъалаца к чамаш бар тIедуьйжира. Хьакъ доллучу тIегIанехь дакъалаца лаарна, хаддаза репетицешкахь бара артисташ. Тобанан солиста Димаев Iамарбека цIахь а тIехь дIахьош дара кечамбар. Пондар карахь боцуш яьккхина хан эрна яйна хетара цунна.
Цул сов, пианистан корматалла йолу артист хIинца кехат-пондарца говзалла гайта езаш вара. Мух-мухха кхунна иза лакха ца лаьара, шен дена санна, цкъачунна, карабирзина ца хетара. И шеконаш яра къоначу пондарчин коьрте хьийзаш, буса наб ца йойтуш, садууш. Цундела вара иза даима а пондарца, хIоразза шен корматалла шаръян, говзаллин лакхарчу тIегIане хьалаяккха лууш. КIантана чIогIа эхь хетар дара ша караэцна Димин Iумаран пондар, дас санна дика ца локху боху дешнаш шен лере схьакхетча. ЦIарах санна кхоьрура иза царах. Амма, заманан йохалла карабирзира ден пондар а. Цунна къеггина тоьшалла ду 1988-чу шарахь Казахстанехь дIадаьхьна Нохч-ГIалгIайн Республикин Культурин а, искусствон а денош.

Дукха нохчий тIеоьхуш баркаллаш бехира Iамарбекана шен ден некъ схьалаьцна, хьакъ доллучу тIегIанехь цо иза дIакхоьхьуш хиларна. Iумар вевзаш хиллачарна бIаьргех хи долуш меттиг а йогIура Iамарбека пондар локхуш хезча. Шен ден некъ дIакхоьхьуш иза хиларх баккхийбер хаалора церан къамелашкахь. 1988-чу шарахь вайн махкахь а, генна дозанал арахьа а вевзаш волу режиссер Хакишев Руслан вара «Дай баьхна латта» спектакль хIоттош. Мукъамийн аьзнашца вежаршка ДимаевгIаьрга кечъяйта лиира цунна иза. Iелас а, Iамарбека а хазахетарца дакъалецира спектакль кечъеш. Цкъа а нур довр доцчу къоман мукъамийн кхоллараллина тIетевжина вежарша болх баре терра, исбаьхьаллин тIеIаткъам Iаламат нуьцкъала болуш нисъелира и спектакль.
Шираллехь вайн дайша хьегна къа-бала карлабоккхуш зевне бекначу мукъамашца доьзна дара аьлла хета «Дай баьхна латта» спектаклан бIаьрлачу кхиаман дакъа. ДимаевгIеран хьуьнарийн беркат дара хьовсархойн синкIоргене иза кхочуьйтуш серлаяьккхинарг. ХХ-чу бIешеран чаккхенехь махкахь шен йоккхуш цIе йолуш, къаьсттина Iамарбека локхучу пондаран аз хазаре сатесна, цуьнан башхачу кхоллараллех самукъадолуш ладогIархойн тоба йолуш, гIеметтахIоьттина говзанча вара иза. Пондар лекхна Iаш а вацара иза. Цо мукъамаш дохура. Масала, Нохчийн Республикин халкъан артисткин Ташаева Мареман репертуарехь йолу масех йиш Iамарбека мукъам баьккхина ю. Уьш Iаламат езаш ладогIархоша тIеоьцу ш а ю .
Димаев Iамарбека мел баьккхина мукъам нохчийн халкъан хIуо детталуш, ладогIархошна дегаайам бохьуш, дахаре болу безам чIагIбеш, къоман кханенах дегайовхо чIагIъеш бу. Цундела цуьнан башха кхолларалла вайна массарн а Iаламат мехала ю. ХХ-чу бIешеран чаккхенехь, мел буьрса денош Нохчийчу хьовзарх, къахьоьгучуьра сецна вац Iамарбек. 1994-чу шеран бIаьста «Зама» ансамбль Иракъе яхара. Искусствон дуьненаюкъара фестиваль яра дIахьош. Боккхачу кхиамца дакъалецира вайн махкахоша цигахь. Зевне аьзнаш Iенош Iана оьхучу пондаре ладоьгIуш мотт хаар оьшуш дац. Нохчийн пондаран озаца цо йийсаре лецира Иракъера ладогIархой. «Браво», «Бис» маьхьарий детташ, юх-юха сцени тIе воьхура иза хьовсархоша, Димин Iумара баьккхина «Лекха лаьмнаш» цIе йолу мукъам массарна хазахеттера. Гуш дара Iамарбек нохчийн пондарна вина хилар, зевнечу пондаро комаьрша Iено тайна мукъамаш цуьнан экамечу сих хьаьрчина, цIийца дехаш хилар. Иштта говза пондарча хилла дIахIоьттира вайн махкахо ХХ-чу бIешеран чаккхенехь. Амма и чаккхе яра инзаре, дог шелдеш, гIайгIа хьекъош, массо а ойлане вохуш .
Вайна дика дагадогIу 1994-чу шеран шийлачу гурахь тIом болабалар. Цхьана буса Нохчийчуьра арадаьллера федеральни эскар. Алссам герз дитира эскаран хьаькамаша Нохчийчохь. Иза зуламхойн кара дахара. Цара герз эвхьазадаьккхира. Цул сов, цхьацца питанаш кегош, адам карзахдохуш, каде хьийзаш цхьацца тобанаш яра. Нийса хир дацара питанаш кегошберш берриге а вайн махкахой бара аьлча. Доха карзахдаьллачу Кремлерчу Iедалан векалш бара, кест-кеста Соьлжа-ГIала хьошалгIа кхочуш, тайп-тайпана кIамдарш деш, кхузарчу зуламхошна «турпалхойн» обанаш тIеийзош. Цунах а нохчийн халкъ Iеха ца делча, Россин коьрта прокурор Степанков Валентин веара Нохчийчу. Цо шен куьйга массо а неI дIайиллина, набахтешкара зуламхой паргIатбехира. Зуламхоша «бIов» бахаро а, Кремлерчу хьаькамийн сонтачу куралло а цхьаьнаийна дIаболийра Нохчийчохь хьалхара тIом, 1994-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь.
Мискачу адамана иза сихха дIабоьрзур бу моьттура. Амма федеральни эскаро дан долийначу буьрсачу авиатохарша шеконе диллира Нохчийчохь бехачу пекъаршна моьттург. Царах цхьаберш махках бовла сихбелира. Царна бехк буьллийла дацара, луьста дечу авиатохарша жима-воккха ца къаставора. Аганара бераш тIехь хIаллакьхила дуьйладелча, дай баьхна латта дIатесна, махках ваьллачарах ву Димаев Iамарбек. Иза-м дукха ца Iийра Нохчийчоьнах ваьлла. 1995-чу шеран бIаьстенан юьххьехь «Зама» ансамбль болх беш яра Соьлжа-ГIалахь, концерташ луш. 1995-чу шеран бIаьста пачхьалкхан статусе яьккхира «Зама» ансамбль «Эстрадин иллийн театр» аьлла, керла цIе туьллуш. Кегийрхойн чIогIа самукъадолура церан концертех. Репертуар а мелла шоръян гIерташ къахьоьгуш бара хIорш, тIом дIаберзаре сатесна. Амма 1996-чу шеран хьаьттан (август) беттан хьалхарчу деношкахь тIеман кхийсарш луьста евлча, Iамарбек доьзалца юха а Москва дIавахара.

ЦIераволуш цо схьаэцнарг ден безамна лелош болу, цкъа мацах Iумара лекхна нохчийн кехат-пондар бара. Москвахь бара аьлла мукъа Iаш бацара вежарий ДимаевгIар а. Вайн махкахоша Харсиев Iалихана, Агаев Вахас харж яр шайна тIелоцуш, керлачу мукъамийн альбом кечъян дIабуьйлабелира уьш. Альбомана «Генара серло» цIе тиллира. Нана-Нохчийчоь яра вежаршна болх бан ницкъ луш ерг. Церан башхачу кхолларалло дегайовхо кхуллура цкъа мацца а тIом дIабериг хиларх, маьлхан зIаьнарех дай баьхна латта гергарчу хенахь лепа долалург хиларх. Къоман сирлачу кханенах тешам чIагIбора альбомо. Цу юкъахь дара «Нохчийчоь», «Машаран гимн», «Сан ГIала», иштта дуккха а кхин иллеш. Царах дукхахдерш Димаев Iелин мукъамца дерш делахь а, царна массарна тIаьхьара пондар балош Iамарбек а вара. ГIараваьлла вевзачу иллиалархочо, Россин халкъан артиста, Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артиста Кобзон Иосифа шен долахь йолчу музыкальни студехь дIаязъяйтира вежаршка альбом.
1999-чу шарахь бевлира вежарий «Генара серло» цIе йолу альбом дIаязйина. Иза боккха кхиам бара. Iер-вахар мел генахь хиллехь а, къоман музыкальни культура кхиорехь беркате гIулч яккха аьтто белира ДимаевгIеран. 1999-чу шарахь Москвахь зуламхоша талораш дIадолийча, бехк белахь а, бацахь а, мел хилла зулам нохчашна тIетоттуш дара. Дийнахь-буса милцой бара нохчий Iачу хIусамаш чу лелхаш. Чулилхина ца Iаш, чохь мел долу хIума кегадой, тIекIел кхуссура цара. ДимаевгIеран йоккха архив а, кхарна дуьненан мехха хеташ болу дех бисина пондар а Iамарбек волчу хIусамехь бара. КIорггера ойла йина, Россин дозанал дехьа вала сацам бира цо 2000-чу шарахь. Даймахках вала даима а ду хала, ткъа Iамарбек санна оьздачу нохчийн кхерчара схьаваьлла, къоман лазамаш шен экамечу дагца худуш, мехкан иэшамаш сица Iийжачу стагана, уьттаза хала ду. Делахь а, и гIулч ца яьккхича Iамарбек ца волура. Дуьне ма-дду кхуо бадийна лелош болу пондар хIаллакьхуьлуш лаьттара шелонах, тIуналлех, милцойн кIоршаме кадеттарх ларбан цуьнан ницкъ цакхачарна. 15 шо сов хан ю иза Германехь Iаш волу.
2013-чу шарахь хьажа-хIотта Нохчийчу веанера пондарча. «Даймохк» телеканалан передачехь дакъалецира шен ден пондарх дерг дуьйцуш. Пондар цуьнгахь бара. Iамарбекан корматалла махкахошна дIагайта мелла а аьтто а бира «Даймохк» телеканало. ЦIаверзарх долу хаттар шега дича Iамарбека делла жоп иштта дара: «ЙоI Дениза Гётен цIарахчу Франкфурт-на-Майне гIаларчу университетехь доьшуш ю. Иза дешна яьлча сихха цIавоьрзур ву, Дала мукъ лахь!» 2017-чу шеран оханан (апрель) беттан 13-чу дийнахь 60 шо кхаьчна Димаев Iамарбекан. Пондарча винчу денца декъалвеш тхуна чIогIа лаьа цуьнга дIахаийта: Нохчийчоь сатесна ю Димин Iумаран пондаран аз хазаре. Хьо а, иза а дай баьхначу лаьтта тIехь хилча бакъахьа хета тхуна. Ма хьегабе Даймохк хьайн башхачу корматаллех а, Димин Iумаран пондарх а.
А.ГАЗИЕВА
№45, пIераска, асаран (июнь) беттан 9-гIа де, 2017 шо