Спортаца гергарло лелош

P1010691й

схьавогIу хьехархо Исламов Султан.

Исламов Султан Шелан районера Чуьйрин-Эвларчу №2 йолчу юккъерачу школехь физкультурин хьехархо ву.

Дуккха а хан ю цо школехь болх бен. Цуьнан хилла дешархой, олуш

ма-хиллара, дуьне мел ду дIасабахана. Тахана уьш Iаш а, белхаш беш а бу Россин тайп-тайпанчу регионашкахь а, Европехь а, кхечу меттигашкахь а. Царах дукхахберш, шайн доьзалш а болуш, гIеметта хIиттина нах бу. Амма царна йиц ца елла Султанан урокаш. Шаьш цIа баьхкина меттиг хилча, кхунна гучубовла ца богIуш ца Iа уьш.

Хьалха хIара Чуьйрин-Эвларчу №1 йолчу школехь вара болх беш. Цигахь спортзал а, оьшу гIирсаш а бара, цундела бераш физкультурин урокашна тIеийзо дезаш ца хуьлура.

Цу хенахь спортан секцеш а яра Султана дIахьош. Ша а къоначу хенахь штанга ойъуш дика спортсмен хиларе терра, езачу атлетикин а, волейболан а секцеш дIакхоьхьура хьехархочо. Берийн дика кхиамаш бара спортехь. Чуьйрин-Эвларчу спортсменаша дакъа ца лоцуш районера а, республикера а къийсадаларш дукха хьолахь ца хуьлура.

Кхузахь Султана лучу физкультурин урокаша а, секцеша а спорте йоккха марзо кхуллура берийн. Шайн кхиамаш гучубевлча-м, спорт даггара езалой, дIа а ца тосура цара, школера бевлча а.

Султан массо а хенахь спортан жигархо вара, цу гIуллакхна мало ца еш. Цо леррина кечбора шен спортсменаш хиндолчу къовсадаларшна. Гуттар цаьрца ваха а воьдура, районашкахь я гIалахь къовсадаларш хилча. Церан хьехархо а, тренер а хилла ца Iаш, воккхаха волу накъост, хьехамча а вара иза.

Тахана Султана болх бечу школехь спортзал яц. Цу гIуллакхо йоккха новкъарло йо хьехархочунна. Йовхачу хенахь а, арахь екхна йолуш а кхуо урокаш школин уьйтIахь дIахьо. Амма хала ду шен болх безачу, къона тIаьхье спортехь кхиамаш а, цуьнца гергарло а долуш кхио луучу хьехархочунна цу хьелашкахь болх бан. Школина спортзал йийр ю аьлла дуккха а хьалха дуьйна. Амма тахана а иза йоцуш ю. Ткъа Султан тешна Iаш ву иза хирг хиларх…

М.АРСАНУКАЕВ  

Авторан суьрта тIехь: хьехархо Исламов Султан 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: