Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Хьомсара махкахой!

Ас даггара декъалдо шу Россин денца!

Вайн Даймехкан исторехь дукха хилла сийлахь-баккхий толамаш, бIаьхаллин гIуллакхашкахь а, маьршачу дахарехь а инзаре баккхий хиламаш а, кхиамаш а. ТIеман а, политикин а, экономикин а кризисаша цкъа балийна ца Iа мохк Iина йисте, хIаллакьхиларан зиле. Даима а Россин дуккха а къаьмнех лаьтташ долу халкъ сийлаллица хьалхадаьлла ерриге а халонех, чолхаллех, бохамех.

Вай дозаллица дагалоьцу вайн дайн а, вайн заманхойн а цкъа а лийр доцу хьуьнарш, церан Iилманан а, техникин а декъехь хилла вуно баккхий кхиамаш, спортан майданашкахь баьхна бIаьрла толамаш. Оцу къеггинчу хиламаша церан боккха сий-ларам баран, цецвийларан ойла кхуллу, шайх тарвала лаийта къеггина масал а ду иза.

БIешерийн зилехь вайна тIехIиттира буьрса зераш. Экономикехь йолчу йоккхачу кризисо, терроризман къизалло, талораш даржаро гIелйина йолу Росси хIаллакьхиларан зила тIехIоьттинера. Амма мехкан куьйгалле хьуьнаре, доьналла, ондда лаам болу хьикмате политик, вайн къоман баьчча Путин Владимир хIоттар бахьанехь Росси оцу кхерамечу хьолах хьалхаелира, шен хьалха хиллачу ницкъе а, сий-лараме а, хастаме а кхечира. И берриге а кхиамаш, дIакъасталур боцуш, боьзна бу цуьнан цIарца!

ХIокху дезчу дийнахь вай иштта сий а, ларам а барца дагалоцу Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, цуьнан эзарнаш тешаме бIанакъостий а. Цара шайн синош дIаделира вайн мехкан цхьаалла а, дозуш цахилар а лардеш. Патриотизман бIаьрла масал гайтира цара, гуттаренна а шайн цIерш юкъаязйира Даймехкан историна!

Вайн мехкан бозуш цахиларна болу кхерам тIеттIа алсамболуш болчу хьелашкахь дехаш ду вай тахана. Вай тIенисделла Росси гIелъян гIерташ хаддаза гIуллакхаш лелорна. Делахь а, цхьана а хIумане хьаьжна ца Iаш, Россис цхьаннах а йозуш йоцу чоьхьара а, арахьара а политика дIахьо. Вайн декхар ду вайн къоман баьччина Путин Владимирна гуонаха цхьаьнакхетар, бакъонца долу вайн мехкан хьашташ лардар.

Хьомсара махкахой! Лаьа шун доьзалшкахь беркат, токхо лаьттийла, шун ондда могашалла хуьлийла, дахар маьрша хуьлийла!

№46, шинара, асаран (июнь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: