Лараме Ахьмадан Рамзан!
Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн а, сайн а цIарах даггара декъалво хьо а, Нохчийн Республикин берриге бахархой а Россин денца!
1990-чу шеран асаран (июнь) беттан 12-чу дийнахь РСФСР-н халкъан депутатийн хьалхарчу съездехь тIеэцна Россин пачхьалкхан суверенитетан хьокъехь Деклараци. Оцу дийнахь дуьйна дIабуьйлабелира конституционни федерализман, цхьа бакъонаш хиларан, доттагIаллин принципаш тIехь Россин пачхьалкхалла кхоллаяларан хиламаш.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолорца Нохчийн Республикин Конституци тIеэцаран хьокъехь дерриге а халкъан референдум дIаяхьар бахьанехь вайн республико хьакъ йоллу меттиг дIалоцу Россин дукхакъаьмнийн доьзалехь.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента билгалбина кхиаран некъ, юха ца волуш, дIа а кхоьхьуш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Ахьмадан Рамзана дерриге а до республикин социально-экономикин кхиаран боларш лах цадалийтарна тIехьажийна, цундела иза Россин Федерацин регионашна юкъахь хьалхарчийн могIарехь ю.
Со тешна ву, Ахьмадан Рамзанан куьйгаллица вай массара а бертахь, цхьаьна хьанал къахьегаро дахаран-Iеран дерриге а дакъошкахь вай кхин а баккхийчу кхиамашка кхачориг хиларх.
Даггара лаьа, хIораннан могашалла а, ирсе дахар а, Нохчийн Республикин а, Россин а дуьхьа къахьегарехь аьтто а хуьлийла!
№46, шинара, асаран (июнь) беттан 13-гIа де, 2017 шо