Декъалбира социальни белхахой

Соьлжа-ГIаларчу театрально-концертийн залехь дIадаьхьира Социальни белхахочун денна лерина даздарш.

Цигахь беза хьеший санна дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Правительствон Председателан хьалхара заместитель Закриев Якъуб, Россин Пенсионни фондан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь йолчу территориальни органийн куратор Белистов Игорь, республикин Къинхьегаман, балха нисбаран, социальни кхиоран министр Ахмадов Мохьмад, Россин Пенсионни фондан Нохчийчохь йолчу отделенин куьйгалхо Ахмадов Мохьмад-Эми, кхиберш.

Цигахь къамел дира Кадыров Рамзана. Цо элира: «Социальни политикин коьрта декхарш ду бахархой социальни ларбар, царна пенсешца кхачояр, заьIапхойн, ветеранийн, дукха бераш долчу, гIийла бохкучу доьзалийн, буоберийн, дахаран халчу хьолехь нисделлачу адамийн гIайгIабар. И декхарш кхочушдар доккхачу маьIне лору оха. Вайн хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олура оцу белхан эвсаралле, дикалле хьаьжжина хуьлу Iедале болу тешам а, юкъараллин синтем а.

Къинхьегаман а, балха нисбаран а, социальни кхиоран а министерствехь, Пенсионни фондан отделенехь болх беш ю ойланаш, хьежамаш цхьаьна богIуш йолу яккхий коллективаш, цигара адамаш цхьаьнатоьхна диканиг дан лааро, къинхетаме хиларо. Къинхьегаман комплексни туьшаша кхочушдо 18 эзар стеган хьашташ, хIора шарахь бахархойн кхо миллион сов хьашт. Республикехь 400 эзар сов пенсионер ву, кхин а 250 эзар сов стаг ву хIора баттахь тайп-тайпана пособеш оьцуш».

Цуьнца цхьаьна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо тидам тIебахийтира Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо гIийла-миска нахана, заьIапхошна, цомгашчарна гIо-накъосталла деш хиларна. Цо дийцарехь, оцу Iалашонца фондо хIора шарахь бIеннаш миллионаш соьмана харжаш йо.

Шен къамел дерзош цо баркалла элира Ахмадов Мохьмадна а, Мохьмад-Эмина а балхахь лаккхарчу кхиамашка кхачарна. Ахмадов Мохьмад-Эмина совгIат дира «Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин 60 шо» юбилейни мидалца, ткъа Ахмадов Мохьмадна «Нохчийн Республикин социальни декъан хьакъволу белхахо» сийлаллин цIе тиллира. Иштта, тайп-тайпана совгIаташ дира цхьамогIа социальни белхахошна а.

Къаьсттина кхоэ дара даздарш дIадоладалале Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондан президентан Кадырова Айманин сацамца Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин социальни организацешна керла «Лада Ларгус» бархI машен ялар а, заьIап бераш кхиош волчу социальни 34 белхахочун доьзалшна ахчанашца совгIаташ дар а, 50 заьIапхо оцу дийнахь балха хIоттор а.

Социальни белхахой шайн корматаллин денца декъалбира И.Белистовс. Цо Р.Кадыровна дIаелира Россин Къинхьегаман а, социальни лардаран а министра Топилин Максима яийтина Сийлаллин грамота. Россин Пенсионни фондан тоьлла территориальни органан цIе яккхарехьа дIаяьхьначу хIора шеран конкурсан жамIашца 2016-чу шеран «ПФР-н лидер» Диплом делира Кадыров Рамзанна.

Цул тIаьхьа И.Белистовс социальни декъан цхьамогIа белхахошна Сийлаллин грамоташ а, «ПФР-н отличник» знакаш а елира. Даздарш дерзийра концертаца.

Д.АНАДЕВ

№46, шинара, асаран (июнь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: