С.Билимхановн цIарахчу стадионехь дIадаьхьира берийн а, кхиазхойн а командашна юкъахь Нохчийн Республикин Кубкан а, «ТIаьрсиган буьрка» Ерригроссин фестивалан шолгIачу муьран а толамхошна совгIаташ дIадаларан даздарш.

Республикин 12 кIоштара 50 команда яра къийсадаларшкахь дакъалоцуш. Берийн, кхиазхойн хенашка хьаьжжина вовшахтоьхна яра командаш.
Нохчийн Республикин Кубок яккхаран къийсадаларшкахь хьалхара меттигаш яьхна: 2000–2001-чуй шерашкарчу берийн командашна юкъахь – «Алха» (Хьалха-Мартан кIошт), 2002–2003-чуй шерашкарчу берийн командашна юкъахь – «Гумс» (Гуьмсан кIошт), 2004–2005-чуй шерашкарчу берийн командашна юкъахь – «Аьрзу» (Устрада-ГIала) командаша.
«ТIаьрсиган буьрка» фестивалан шолгIачу муьран ловзаршкахь 2002–2003-чуй шерашкарчу берийн командашна юкъахь толаман меттигаш яьхна: хьалхара меттиг – «Гумс» (Гуьмсан кIошт), шолгIа меттиг – «Нефтяник» (Соьлжа-ГIала), кхоалгIа меттиг – «Даймохк» (Устрада-ГIала) командаша.
2004–2005-чуй шерашкарчу берийн командашна юкъахь ерриге а совгIатан меттигаш Устрада-ГIаларчу командаша яьхна: хьалхарчу меттехь ю «Аьрзу», шолгIачу меттехь – «Вайнах», кхоалгIачу меттехь – «Даймохк».
Къийсадаларийн толамхой декъалбеш вистхилира Нохчийн Республикин Физически культурин а, спортан а министр Хизриев Хасмохьмад. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира таханлерчу къийсадаларийн толамхой Нохчийчоьнан футболан кхане хиларх ша тешна хилар.
Цул тIаьхьа министра толамхошна совгIаташ дIаделира.
Хь.АБАЕВ
№46, шинара, асаран (июнь) беттан 13-гIа де, 2017 шо