Къоначу Iалам лардархойн фестиваль

Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь республикин эколого-биологин туьшо Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министерствоца цхьаьна Берийн Ерригроссин экологийн фестивалан регионан мур дIабаьхьира.

Цуьнан цIе «Праздник эколят – молодых защитников природы» аьлла яра.

Хууш ма-хиллара, карара шо Россехь Экологин шо аьлла дIакхайкхийна ду, цундела кест-кеста конкурсаш, фестивалаш, белхеш бо федеральни а, республикин а тIегIанехь.

Фестиваль дIаяхьаран Iалашо яра тIекхуьучу къоначу чкъуран экологин культура а, экологин дешар кхиор а, Россин Федерацин субъектийн Iаламан тIаьхьалонаш Iалашъярехь кегийрхойн синкхетамна тIеIаткъам бар а.

Фестивалехь къаьсттина жигара дакъалецира республикин эколого-биологин туьшан а, Гуьмсан кIоштан эколого-биологин станцин а, Устрада-ГIалин къоначу натуралистийн а, экологийн а туьшан а, Соьлжа-ГIаларчу Президентан лицейн а кхоллараллин тобанаша.

Цигахь дакъалоцуш вара Культурин министр Х-Б.Дааев, Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министр С.-М.Темирханов, Парламентан депутаташ, юкъараллин гIуллакххой.

Фестивалан дакъалацархоша шаьш кечйина номер Экологин шо Къоначу Iалам лардархойн фестиваль гайтира тIедуьйхина Iаламан хазалла гойту къорза духарш а долуш, экологин сценкаш хIиттийра, иштта, евзаш йолу «Случай весной», «Аист на крыше», «Ласточка» эшарш лекхира.

Устрада-ГIаларчу къоначу натуралистийн а, экологин а туьшан тобано шайн проект йовзийтира. Иза школашкарчу лакхарчу классийн дешархошна некадаран хьуьнаран конкурсаца йоьзна яра. Кху шарахь Москвахь Хинан конкурсан муьран финалехь толам баьккхина оцу проекто.

Республикин эколого-биологин туьшан директоран Iилманан-методикин белхан декъехула заместитела А.Муцуевс билгалдаьккхира экологин темица доьзна мел деш долу гIуллакхаша берийн а, кегийрхойн а экологин хаарш алсамдахарехь доккха маьIна лелош хилар, ткъа оцу гIуллакхашкахь беро ша дакъалацарца Iамош дерг гуттаренна дагахь латтийтарна гIо деш хилар а.

«Iалам вайн дахарехь даима а гуонаха ду вайна. Вай молу хи, кийра узу хIаваъ, бIаьрг хьосту хьаннаш, соьналла, шовданаш, зезагаш, олхазарш, царех цхьа а юкъарадаккха йиш йоцуш, оьшуш ду вайна. Цундела Iаламах кхеташ, цунах къахеташ, пусар деш хила деза вай», – элира цо.

Иштта, фестивалехь дакъалацаро Iалам дезадалийтина ца Iаш, ша веха, кхиъна мохк керлачу безамца безаболуьйту, шен экологин культура кхин а лакхаякка ойла а кхуллу. Экологин культура кхиор кегийчарна санна, баккхийчарна а оьшуш ду вайн заманахь.

«Эколятийн» фестиваль йолчу дезачу дийнахь керла кегий экологаш тIеийцира экологийн могIаршка. Цара даздаран хьолехь Экологин чIагIо йира (Iалам Iалашдарехь шайн ницкъ кхочу гIуллакхаш даран хьокъехь чIагIо яр ду иза).

Фестивалан дакъалацархошна дипломаш, Сийлаллин грамоташ, мехала совгIаташ дира фестивалехь дакъалоцуш хиллачу министерствоша.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Суьрта тIехь: къоначу экологийн фестивалан дакъалацархой

№46, шинара, асаран (июнь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: