Футболан керланаш

1/16 финалехь «Терек» «Газовикца» ловзур ю

8-чу июлехь дIадоладелла Россин кубок къовсарехула долу цхьаьнакхетарш Премьер-лигин командаш оцу турнирехь дакъалаца юьйлаялале ФНЛ-н (1-ра дивизион), 2-чу дивизионан а командаш вовшашца ловзу, шайх 16 команда йиссалц.

ХIокху беттан шолгIачу дийнахь Таганкехь долчу Футболан цIийнехь 1/16 финалехь ловзур йолу командаш билгалйохуш кхаж тесира. Соьлжа-ГIаларчу «Терекан» 2014–2015-чуй шерийн кубок къовсар дIадолалур ду Оренбургехь. СоьлжагIалахой 24-чу сентябрехь цхьаьнакхетар бу меттигерчу «Газовик» командица. Билгалдаккха лаьа, «Газовик» ФНЛ-н тоьллачех цхьа команда хилар. Чемпионатан 8 тур чекхъяьллачул тIаьхьа иза 4-чу меттехь ю. Турниран таблицехь 1-чу меттехь йолчу «Тоснол» ши очко бен кIезиг яц цуьнан.

М.Тагилов – цхьаьна шарна «Химикех»

Хууш ма-хиллара, Россин премьер-лигехь хьалхеяккхаран чемпионатехь, хьо мел тIах-аьлла велахь а, зеделларг ца хилча ловзалур вац. ХIунда аьлча тIех говза ловзучу футболисташна юккъехь гIалатвала тарло. Ткъа ишттачу гIалато спортсменан хиндерг галдоккхуш а нисло. Дуккха а масалш ду иза тIечIагIдеш. Цундела и санна долу хьал вайн спортсменашца ца хилийта кест-кеста Соьлжа-ГIаларчу «Тереко» цхьаболу футболисташ зеделларг алсам даккха кхечу командашна юккъехь, арендан контраст а язйой, ловзуьйту. Кху шарахь дуьххьара арендехь левзинарг Садаев Заур ву. Ткъа цо «Лехияна» юккъехь гайтира ша лаккхарчу тIегIанехь ловзалург хилар. Ткъа хIинца «Терекан» защитник Тагилов Мурад цхьана шарахь ловзур ву Дзержинскерчу «Химикана» юккъехь.

«Терек-2» команда эшна

2-чу дивизионан командашна юккъехь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатехь Соьлжа-ГIалара «Терек-2» команда шен цIахь Гуьмсехь А.-Хь.Кадыровн цIарах йолчу стадионехь  цхьаьнакхийтира Владикавказерчу «Аланияца».

53-чу минотехь счет схьайиллира «Аланиян» футболиста Маргиев Руслана. Амма цул тIаьхьа пхи минот ялале серлонан  табло тIехь догуш 1:1 дара. Гол тохарца билгалваьлларг вара Вагидов Арсен. Амма оцу цхьаьнакхетарехь «Терек-2» команде цхьа очко а ца яккхаелира. Матч чекхъяла масех минот йисинчу хенахь  «Аланиярчу» Бураев Ацамаза толам баккхийтира шен командига.

А.АБДУЛАЕВ       

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: