ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Н.Назарбаевн цIарахчу №1 йолчу лицейхь «Самукъане бираьнчик–2017» проектан гурашкахь Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнан куьйгалло схьайиллира «Вайн хаза аьхке» аьхкенан майда. Хууш ма-хиллара, хIора а шеран аьхка, бераш аьхкенан муьрехь мукъа ца Iайта а, церан харцновкъа бовла ойла ца кхоллаялийта а схьайоьллуш ю и тайпа садаIаран майданаш.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура, Соьлжа-ГIалин Депутатийн Советан председателан заместитела Динаев Iадлана.
Аьхкенан муьрехь берашка садаIийтарна лерина майданаш схьаеллар а, цаьрца оцу муьрехь болх бар а мехала гIуллакх хилар билгал а доккхуш вистхилира Байханов ИсмаьIал.
– Вайна ма-хаъара, аьхкенан каникулашкахь берийн мукъа хан дукха хуьлу. КхитIе долчу дешаран учрежденийн хьехархоша цаьрца жигара болх бар бахьана долуш, уьш харцновкъа бовларан кхерам а дIаболу. Кхузахь йиллина а ца Iаш, тахана вайн республикин тайп-тайпанчу кIошташкахь а схьайиллина аьхкенан майданаш. Хазахеташ ду, кхузахь дакъалаца баьхкина берийн дай-наной а хилар. Аьхкенан майданашкахь бераша садаьIна а ца Iаш, царна дуккха а пайдехь дерг а Iема, – элира цо.

Оцу даздаршна лерина концертни программа кечйинера лакхахь хьахийначу Берийн кхоллараллин цIийнехь Iемаш долчу бераша. «Салам», «Грозный» ансамблаша шайн хьуьнарш гайтира. Цигахь хиллачарна къаьсттина хазахеттера «Голос» проектан финалистка, Нохчийн Республикин хьакъйолу артистка Асланбекова Раяна цига еача. Шен башхачу озаца самукъадаьккхира цо ладогIархойн.
Концертни программа чекхъяьллачул тIаьхьа, Берийн кхоллараллин цIийнан директора Исапаева Мадинас хьешашна гайтира кружокашна кечйина кабинеташ. ХIора а кружокан балхах лаьцна дийцира цо. Циггахь берийн куьйгийн белхийн гайтаме а хьовса таро хилира церан.
Берийн кхоллараллин цIийнан хьехархоша мастер-классаш а елира. Марзонех юьзна стол кечйинера берашна. Цу тIехь дерзийра и беркате цхьаьнакхетар.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрташ тIехь: цхьаьнакхетаран дакъалацархой
№46, шинара, асаран (июнь) беттан 13-гIа де, 2017 шо