«Дагера – даге» гайтам

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориалан комплексехь «Дагера – даге» цIе йолу гайтам хилира хIокху деношкахь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Культурин министра Дааев Хожа-Баудис, Россин Суьрташдахкархойн союзан нохчийн отделенин председатела Умарсултанов Вахас, Россин гIаланашкарчу суьрташдахкархоша.

Дааев Хожа-Баудис элира: «Тхан хьоме доттагIий, хьомсара хьеший, шу дерриге а марша догIийла хIокху бертахьчу а, хазачу а Соьлжа-ГIала! Шу Россин Федерацехь девзаш а, лоруш а ду. Шун похIмин а, суьртийн хазаллин а мах хадо аьтто хир бу республикел арахьа бехачеран а. Аьтто хуьлда шун!».

Баркаллин дешнаш олуш вистхилира Умарсултанов Ваха: «Уггаре а хьалха суна декъалбан лаьа хIокху гайтаман дакъалацархой а, хьоме хьеший а. Хаза белхаш бу бинарш. Шуна массарна баркалла шайн гIуллакхаш а дитина кхуза дахкарна. Шайн кхолларалла кхидIа а кхио аьтто хуьлийла шун».

ХIутосург (май) баттахь шина кIиранах вайн республикехь дIаяьхьира «Тхуна хIун хаьа хьоьх лаьцна, Нохчийчоь» Ерригроссин академически пленэр (гуонахарчу Iаламо а, маьлхан серлоно а тIеIаткъан барца, суьрта тIехь хийцаделлачу беснийн башхалла къастор).

Оцу пленэрехь дакъалаьцначу суьрташдахкархоша шайн похIма гойтуш дехкинчу суьртийн цхьа дакъа музейна дитира. Цул сов, хIутосург (май) беттан 21-чу дийнахь Соьлжа-ГIали юккъехь пленэран дакъалацархоша мастер-классаш елира исбаьхьаллин школин дешархошна а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан исбаьхьаллин факультетан студенташна а.

Россера баьхкинчу суьрташдахкархойн Iалашо яра вайн Даймехкан Iаламан хазалла хьовсархошна йовзийтар. Иштта, царна чIогIа тайна нохчийн халкъан хьеший тIеэцаран гIиллакхаш а. Цундела церан сацам хиллера, мархийн бутт болалуш, Соьлжа-ГIаларчу журналистийн скверехь, шина кIиранах шаьш дехкинчу суьртийн мах хадош, гайтам дIабахьа. Оцу пленэран гIуллакх вовшахтоьхнера Москварчу «Майл-Артин» комплексо, Сколотина Оксанас куьйгалла а деш, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу «Сийлаллин Аллей» мемориалан комплексо, республикин Культурин министерствос гIо-накъосталла а деш.

Оцу шина кIиранах, вайн Даймехкан Iаламан хазалла гойтуш, Россин 19 суьрташдахкархочо 400 сов сурт диллира.

Гайтам берзийра пленэрехь дакъалаьцначу суьрташдахкархошна Сийлаллин грамоташ а луш.

АСЛАХАНОВА Хеда

№46, шинара, асаран (июнь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: