Россин Президентан декъалдар
МАГАС. ГIалгIайчоьнан бахархой шайн пачхьалкхаллин 25 шо кхачар билгалдоккхуш бу хIокху деношкахь.
Республика кхоллаелла дезачу деношца Россин Президента Путин Владимир Владимировича декъалвира регионан Куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а, берриге бахархой а. Пачхьалкхан куьйгалхочо тидам тIебахийтира халкъан дахарехь чекхбаьлла и мур регион социально-экономикин а, гуманитарни а дакъошкахь кхиаран, ткъа иштта цуьнан кхерамазалла чIагIъяран мур хилла дIахIоьттина хиларна.
– Тахана републикехь тIаьхьало йоллуш къастийна цхьалхадохуш ду замано оьшуш хилар чIагIдина долу жимачу а, юккъерчу а бизнесан гIолацарна тIехьажийна долу гIуллакхаш, – билгалдоккху Россин Президента. – Шуьйра юкъаялош ю инвестицеш, кхуллу керла белхан меттигаш, тодо бахархойн дахаран хьал. ГIишлошъяран а, агропромышленни а комплексашкахь кхиамца кхочушъеш ю башха проекташ.
Керла совет кхоьллина
НАЛЬЧИК. «Регионехь кхиар жигарадаккхарехула а, мехалчу проекташкахула а йолу совет кхолларан хьокъехь» долчу Указана куьг яздина ГIебартойн-Балкхаройн Республикин Куьйгалхочо Коков Юрийс, мехала къаьмнийн проекташ а, демографин политика а кхочушъярехула гIуллакх деш хилла совет дIа а йоккхуш.
Керлачу Совето регионан Куьйгалхочунна кечйийр ю экономикехь а, политикехь а кхиаран коьртачу некъашкахула йолу предложенеш, кхачойийр ю пачхьалкхан Iедалан органаший, предпринимательший, шаьш урхалла даран меттигерчу органаший вовшашца цхьаьнагIуллакхаш дар санехь хилийтарна.
Керлачу органна юкъагIур ву республикин Куьйгалхо, регионан Правительствон декъашхой, яккхийчу вузийн ректорш, Парламентан депутаташ, юкъараллин организацийн куьйгалхой.
Промышленность – айъамехь
ЧЕРКЕССК. Кхарачойн-Чергазийчохь промышленностан декъехь кхочушъян йолийна инвестицийн исс проект. Регионан правительствон пресс-службо бечу хаамашца, уьш кхиамца кхочушъяро хаъал лакхадоккхур ду социальни а, экономикин а дакъош санехь хилар, кхуллур ю белхан керла меттигаш, гIо дийр ду инвестицеш юкъаялорна, импортан продукцин меттана шайниг арахеца, налогийн такхарийн чоьтах бюджетан пайданаш алсамбаха, керла производствош кхолла а, кхио а.
«Кхарачойн-Чергазийн Республикехь инвестицийн гIуллакхийн пачхьалкхо гIолацаран хьокъехь» аьлла долчу регионан законна тIе а тийжаш, республикехь дика бух кхоьллина инвестицийн политика кхиамца дIаяхьарна. Кхузахь иштта гIуллакх деш ю кхиоран корпораци. Цунна тIехь ду производствон а, инфраструктурин а проекташкахь дакъалаца инвесторш юкъаозоран чоьтах субъектан инвестицешка долу хьашт алсамдаккхар.
Интернетан сайташ тIера хаамаш кечбинарг – Л.МАГОМАЕВ
№46, шинара, асаран (июнь) беттан 13-гIа де, 2017 шо