Къиган мотт а, цицигийн да а, керла экха а

Къиган мотт

Къиган хье шимпанзениг санна бу. Къиг Iемина адамашна гергахьа Iан а, шайна рицкъ лаха а. Церан «къа-къ» Iехар хилла Iаш дац. Иза вовшашка мотт бийцар, вовшашца къамел дар ду. Iилманчаш хIинца а ца хIутту къийгаша вовшашца буьйцург хIун мотт бу ала. Амма цара чIагIдо шаьш Iаш йолчу метте хьаьжжина къийгийн Iехаран башхаллаш, аьлча а, «диалекташ» хилар. ТIаккха мотт ца хилча диалекташ хуьлийла дуй?

Цицигийн да

ЦIечу хIордана а, Нил хинна а юккъехь йолчу гIум-аренашкахь, Нубия (хIинцалера Мисар а, Судан а) цIе йолу шира пачхьалкх хиллачу меттигашкахь тахана а хаалуш ду шира цицигаш. Iилманчашна хетарехь, дуьненахь мел долу цицигаш царах схьадевлла ду, цIахь кхобуш дерш а тIехь. Можо-о бос бетталуш долу цициг ду иза.

Керла экха

Эквадоран а, Колумбин а тропикийн хьаннашкахь Iамаркан зоологашна, енотах тера а долуш, жима экха карийна. Шен кIорнеш шурица кхиадо цо. Цуьнан муцIар ченан кIорничух (чайтаIчух) тера ю. Иза чIогIа тера ю олинго олучу жимачу экханах (енотийн хIух йолчу). Цундела зоологаша цунна олингито аьлла цIе тиллина.

ТIаьхьарчу 38 шарахь хааделла дацара оцу хьаннашкахь «керла экха». Цундела шайна гина экха дуьненна а довзийта сихбелира Iамаркера зоологаш.

С.ХУСЕЙНОВ

№46, шинара, асаран (июнь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: