Цхьана турнирера – ялх мидал
Дона-тIерачу-Ростов гIалахь чекхъяьлла езачу атлетикехула Къилбаседа Кавказан федеральни округехь хьалхеяккхаран турнир. Иза лерина яра Олимпиадин ловзарийн шозза чемпион хилла Алексеев Василий дагалацарна.
Къийсадаларшкахь дакъалецира Нохчийчоьнан тоьллачу штангисташа, уьш боккхачу кхиаме а кхечира.
Иштта шайн-шайн йозаллин категорешкахь толаман меттигаш ехира Малигов Тимура (77 кг.) – йоьзан мидал, Хибалов Мохьмада (85 кг.) – дашо мидал, Аухадов Рамзана (85 кг.) – дато мидал, Магомадов Юнуса (94 кг.) – дато мидал, Абуев Мохьмада (105 кг.) – дашо мидал, Могушков Чингиза (105 кг. сов) – дато мидал.
Гуш ма-хиллара, ерриге а ялх мидал яьккхина нохчийн штангисташа – шиъ дашо, кхоъ – дато, цхьаъ – йоьзан.
Т.Башаевн рогIера дашо толам
ХIокху деношкахь Дона-тIерачу-Ростовехь дIаяьхьира «Динамо» спортан юкъараллин дзюдохула чемпионат. Россин тайп-тайпанчу регионашкара 240 спортсмен вара толаман меттигаш къуьйсуш, шайна юкъахь масех нохчийн дзюдоист а волуш.
Шен йозаллин категорехь (100 кг. сов) рогIера дашо мидал яьккхира чемпионатехь кегийрхошна юкъахь дуьненан чемпион а, Россин чемпионатан толамхо а волчу Башаев Тамерлана. Финалехь цо эшийра Пермь гIалин векал Гаджиев Юсуф.
Россехь хьалхеяккхаран къийсадаларийн толамхо волу Хажалиев Аюб а кхечира финале (66 кг.), амма спортан ирс ца тоьира цунна дашо мидал Волгоградан векале Курдян Андранике ца яхьийта, делахь а, иштта ларамечу турнирехь шолгIачу метте кхачар а кхиам лара догIу.
Йозаллин барам 81 кг. йолчу категорехь йоьзан мидал яьккхина Тисаев Изновра.
Хь.АБАЕВ
№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо