хилира хIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Журналистийн скверехь. Нохчийн Республикин «Ламберд» суьртийн клубо «Голос молодежи» кегийрхойн боламаца а, Кхузаманан искусствон марказаца а цхьаьна вовшахтоьхнера Нохчийчохь дуьххьарлера «Фотосушка» проект. 
«Сушка» (Фотосушка) – иза суьрташ хийцаран гIараяьлла проект а, иштта, дуьненаюкъара болам а бу. ХIора шарахь дуьненан массо маьIIехь цо вовшахтуху суьрташдахаран искусство езарш. Суьрташ хуьйцучу оцу акцехь дакъалаьцна дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкара 100 сов шахьаро а, 50 000 сов стага а. Ткъа кху шарахь царех дIакхетта Нохчийн Республикин кхоллараллин кегийрхой а.
«Сушка» дIаяьхьаран кеп иштта хуьлу: хIора а дакъалацархочо шен суьрташ (я шена хазахеташ долу кхечу авторан суьрташ) дохьу шеца. Хьалххе дIасатийсинчу тIеригаш тIе мIерашца хьалаухку суьрташ (йиттина хIуманаш ухкучу кепара). Цигара схьа ю проектан цIе а, «суьрташ дакъор» боху маьIна хуьлу цуьнан. Суьрташка хьоьжуш, вовшийн суьрташ дохуш, зеделларг дуьйцуш, хан йоккху кегийрхоша. Цул тIаьхьа суьрташ «хуьйцу» цара. ХIораммо а шена хазделла белхаш хоржу. Автора суьрташна тIехь а шен куьг яздо я и сурт кхочур долчунна декъалдаран дешнаш яздо.
Карарчу хенахь Нохчийчохь суьрташдахаран искусство яьржина хиларе терра, кегийрхойн зеделларг алсамдаккхарна, церан кхоллараллин хьуьнарш кхиорна, керла къона суьрташдахархой юкъаозорна мехала ду вай долчохь цу тайпа проект дIаяхьар. ХIора шеран август беттан чаккхенехь вовшахтухуш ю «Сушка». Кху шеран дикачу дIадолорца, тIедогIучу шерашкахь а цигахь дакъалоцур ду нохчийн кегийрхоша.
Билгалдаккха деза, «Сушкина» кечам барехь, иза вовшахтохарехь доккха дакъа лаьцна «Ламберд» клубан коьртачу администратора Цугаев Заура, Кхузаманан искусствон марказан директора Адуева Iайшата, «Голос молодежи» боламан жигархочо Темиралиев Адама.
Суьртийн искусство дукхаезаш нах алссам хилар гучуделира, «Фотосушкин» дакъалацархой хилла ца Iаш, тIехбуьйлу нах а, иштта урамашкахь цIано латтош болу белхалой а, ГIалин туристаш а гайтаме даьхначу суьрташка хьовсуш а, царех шайна хазделларш къастош а хиларо.
Соьлжа-ГIалахь билгалъяьккхина проект дуьххьара дIаяхьарх а, берриге а дакъалацархойн сирла битамаш бисарх а хаам бо «Сушка» дуьненаюкъарчу проектан официальни сайта тIехь а. Проектехь дакъалаьцнарг верриге а цхьа бIе гергга къона суьрташдахархо вара. Цигахь дакъалацар дика зеделларг ду царех хIораннан а кхоллараллин новкъахь.
А.МУСАЕВА