Поликлиника регистратурера дIайолало

Россин Федерацин МогашаллаIалашъяран министерствос тайп-тайпанчу субъекташкахь керла проекташ юкъаялош гIуллакхаш дIахьо больницийн а, поликлиникийн а белхаш керлачу тIегIана тIебаха йолчу Iалашонца. ХIинца рагI вайн республикина а тIекхаьчна. Асаран (июнь) беттан 7-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу №3 йолчу берийн поликлиникехь «Схьайиллина регистратура» «пилотни» проект йовзийтира даздаран хьолехь.

«Схьайиллина регистратура» проект йовзийтарехь дакъалецира Нохчийн Республикин МогашаллаIалашъаран министра Сулейманов Эльхана. Поликлиникин ерриге а коллектив а, хьеший а, поликлинике далочу берийн наной а, дуккха а нах бара цигахь дакъалоцуш.

Поликлиникашкахь даима а хилла регистратураш, уьш ца хилча йиш а яц, ткъа керла «Схьайиллина регистратура» проекто керланиг хIун дохьур ду хаа лууш бара Ленински кIоштан бахархой.

Керлачу регистратурин башхаллех, белхан Iалашонех лаьцна дийцира №3 йолчу поликлиникин коьртачу лоьро Симбагаева Радимас: «Регистратура масех агIор болх беш хир ю: тIаьхьататта йиш йоцу гIодарца (неотложная помощь), лоьраш цIа кхайкхарца, схьабаьхкинчу дийнахь дуьйна дархошца болх барца.

ХIинца дуьйна лоьрана тIекхачар интернет гIирсан гIоьнца кхочушдалур ду, регистраци а электронни кепара йийр йолуш ю, call-туьшаш хир ю.

Диспансеризацих чекхбовлучу бахархошна анкеташ а, бланкаш а лур ю поликлиникин администратора, оьшу талламаш барна некъ бостуш. «Схьайиллина регистратура» проекто поликлиникин болх амбулаторни-поликлиникин кепара нисбийр бу. Иза керла кеп, керла хатI ду поликлиникин балхахь. Цул сов, поликлиникина чоьхьара куц а тодина, хийцина ца Iаш, поликлинике богIучеран раьгIнаш дIаяхар а ю проектан коьртачу Iалашонех цхьаъ».

Театр гардеробни тIера дIайолалуш елахь а, поликлиника а, больница а регистратури тIера дIайолало. Лор гIиллакхе, велавелла хилар а, дархойн сингаттаме ладугIуш хилар а ду нахана коьрта.

«Схьайиллинчу регистратурин» декхарш, Iалашонаш йовзийтича «цIен аса» хадийра министра Э.Сулеймановс а, №3 йолчу поликлиникин коьртачу лоьро Симбагаева Радимас а.

Регистратурин болх а, дархой шайна оьшучу лоьрана, дарбанна тIекхачар а хьалхачул сиха а, атта а хирг хиларх тешна ду вай. Бахархошна оьшург иза ду.

З.ХИЗИРОВА

Авторан суьрта тIехь: Соьлжа-ГIаларчу №3 йолчу берийн поликлиникехь регистратура схьаеллар

№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: