Карара шо Экологин шо хиларе терра, хIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин дукха петарш йолчу цIенойн уьйтIеш цIанъеш Ерригроссин «ЦIена уьйтIе» гIуллакхехь дакъалецира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос.

Оцу министерствоца цхьаьна республикин кегийрхойн «Vita» туьшо дакъалецира Соьлжа-ГIалин шолгIачу микрорайонан Садовая урамехь дукха петарш йолчу цIенойн бахархошка гуонахара Iалам лардаре кхойкхуш, церан уьйтIеш цIанъеш.
Оцу гIуллакхан коьрта Iалашо яра воккхачунна а, жимачунна а, ша миччахь велахь а, гуонахара Iалам лардан дезаш хилар дIахаийтар, и санна долчу гIуллакхашкахь дакъалацар мелехь дуй хаийтар, иштта, кегийрхошкахь патриотизм кхиор.
– Оха, кхузахь бехачу бахархошка, цхьа де хьалха хаам бинера хIокху тайпана гIуллакхаш церан уьйтIешкахь дIахьур ду аьлла. Бордюрашна юххера буц дIайоккхуш, царна басарш хьокхуш, синтаршна кир тухуш, сарахь садаIа арабовлучу нахана охьаховша гIанташ тодеш болх беш ду тхо. Кхузара бахархой а ца Iийра ишттачу дикачу гIуллакхна юьстах, массара а цхьатерра бертахь болх бира, – дийцира республикин «Vita» туьшан куьйгалхочо Бельтиев Хьусайна.
КIадбалар хIун ду ца хууш, багахь марха доллушехь, самукъадолуш болх бира кегийрхоша. КхидIа а иштта гIуллакхаш сих-сиха вовшахтоха а, уьш дIадахьа а дагахь бу «Vita» туьшан декъашхой.
ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
Авторан суьрта тIехь: «Vita» туьшан декъашхой
№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо