Даймохк – Мохьмадан суьрташкахь

ХIокху деношкахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу мемориальни комплексехь хилира Россин Суьрташдахкархойн союзан декъашхочун, Нохчийн Республикин хьакъволчу суьрташдахкархочун, ГIалгIайн Республикин халкъан суьрташдахкархочун Закриев Мохьмадан Мархийн безачу баттана а, Россин денна а лерина «Даймохк» суьртийн гайтам.

 

Хьовсархойн кхиэле диллина 50 сурт дара, шайна юкъахь дуьххьара гайтаме деана дуккха а керла суьрташ а долуш. Музейн фондехь а ду Мохьмадан дуккха а суьрташ.

Цигахь дакъалоцуш вара республикин Яздархойн союзан председателан заместитель Мамакаев Эду-Хьаьжа, халкъан поэт Яричев Iумар, искусствовед Хачукаева Милана, школашкарчу юьхьанцарчу классашкара дешархой, Мусан гергара нах.

Гайтамна «Даймохк» цIе тилларан бахьана суьрташка хьаьжча гуш дара. Мохьмада диллинчу хIора а суьрта тIехь Даймехкан пейзажо оцу хене вуьгий, ойлане воккхий, хьуо цигахь волуш санна хоьтуьйтура. Хенан хIоттам а, шеран хенаш а, Iуьйре-суьйре а вайн Даймахкахь муха йогIу говза гайтина цо.

– Мохьмадан суьрташкахь хенан йохалла ширлур йоцуш заманан мIаьргонаш ю шайн исбаьхьаллица гайтина. Оха, яздархоша, къоламца хестабо Даймохк, ткъа, суьрташдахкархоша – басаршца. Мохьмадах лаьцна аьлча, иза похIма долуш а, дуьненна а вевзаш, куралла йоцуш, нахана юкъахь билгалвала ца гIерташ, оьзда стаг ву, – элира Яричев Iумара.

– Мохьмад даима а лехамехь ву, вайна схьагушдолу сурт хаза, дагахь лаьттар долчу агIор гойту цо вайна. Нохчийн Республикин культура меттахIоттош къахьегначарех ву иза. Вайн махкал арахьа а вевзаш ву Мохьмад. Иза вайн къоман дозалла ду, – билгалдаьккхира Хачукаева Миланас.

Цул тIаьхьа, цIен аса а хадош, схьабиллира гайтам. Хадийначу асан кийсакаш Мохьмада, тIе куьг яздеш, берашна дIасайийкъира. Цунах царна боккха кхаъ а хилира. Мохьмадца цуьнан суьрташка хьоьжуш, хаттарш деш, бехха Iийра уьш.

ВЕГИЕВА Макка

Авторан суьрта тIехь: гайтам схьабоьллуш

№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: