Шех тешар чIагIдира

Цхьа а дош харц хир дац нагахь санна вай Россин Федерацин Президентан В.Путинан рогIерчу дуьххьалдIа йолчу эфирехь ден долу къамел хаза лууш дуьненан ерриге а пачхьалкхийн куьйгалхой а, бахархой а бара аьлча. Баккъал а иштта дара иза.

Асаран (июнь) беттан 15-чу дийнахь 12 сахьт долучу хенахь цуьнга ладогIа шайн-шайн телевизоршна хьалха охьахевшира миллионаш адамаш. Эфир дIайолаялале бинчу хаамашца Путин Владимире дехар, хаттар дан луучеран барам 2 миллион стаге дIакхаьчнера. Деккъа оцу цхьана бакъдолчо а тоьшалла до «дуьххьалдIа долу В.Путинан къамел» нахана чIогIа мехала хеташ хилла хиларна.

Иза ларамаза а дац. Таханлерчу дийнахь дуьненахь уггаре а сий-ларамечу, гIараваьллачу политикех цхьаъ ву иза. Цундела цуьнан дош деза а, мехала а хета массарна а: доттагIашна а, доттагIий боцучарна а.

Кхеташ ма-хиллара, хаттарш деш берш еккъа цхьана Россера хилла Iаш бацара, дозанал арахьарчу дуккха а пачхьалкхашкара а бара. Хаттарш дахаран дерриге а дакъойх хьакхалуш дара. Боккха тидам тIебахийтира дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьарна, Шемарчу, ОвгIанерчу, Къилбаседа Корейрчу, Украинерчу хьолана, США-н а, Россин а юкъаметтигашна, дуьненан политикин, экономикин хьаьрмашкахь йолчу чолхаллашна, уьш дIаяхаран некъашна.

Россин Президента, шега динчу хаттаршна жоьпаш а луш, дийцира мехкан экономика, регионаш, герзашца кечбина ницкъаш, социальни хьашташ кхочушдар, юьртан бахам, кхидолу дакъош кхиорехь дан леринчух лаьцна. Хьахийра санкцеш а, цуьнца йоьзна хилла халонаш а, дуккха а кхидерг а.

Деа сохьтехь гергга хиллачу эфирехь дуккха а хIуманех дийца а, бIе сов хаттарна жоп дала а кхиира В.Путин. Хьовсархойн а, ладогIархойн а шен хьокъехь йолу ойла кхин а тоеш, шега болу тешам чIагIбеш дара цуьнан къамел а, жоьпаш а. Оцу дерригенах а лаьцна оха дуьйцур ду газетан рогIерчу номерехь.

Д.АНАДЕВ

№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: