Россин Пачхьалкхан Думин спикера В.Володина дIахьедира харжамаш дIахьон болу де герга кхачарца тайп-тайпана питанаш лелор чIагIдала тарлуш хилар.
Россин Пачхьалкхан Думин Председатела Володин Вячеслава шуьйрачу хаамийн гIирсашна даре дира хин болчу президентан харжамашкахь Путин Владимира дакъалаца тарлуш хиларан хьокъехь долу хаттарш шега кест-кеста деш хилар. Бахархошца хуьлучу къамелашкахь цуьнга и хаьттина ца Iаш, цара хоуьйту шайн «сатийсамаш» а, «тешам» а цо шен кандидатура хьалхататта бакъо лург хиларх боьзна хилар. Массарна а мехкан куьйгаллехь юха а В.Путин хила лаьа.
«Со чIогIа тешна ву Россин кхане ирсе, маьрша ган луучеран, мехкан а, бахархойн а аьтто хила луучеран кандидат цхьаъ хиларх. Иза Путин Владимир Владимирович ву, – дIахьедира В.Володина. – 2000-чу шарахь дуьйна мохк кхиаран хьесап дича, вайна го оцу декхарца ларон верг веккъа цхьа стаг бен цахилар. Иза В.Путин ву. Цунах вай кхетта Iаш а дац. Цунах дика кхета вайн мостагIий а. Цара хIинца а ца йитина Росси масийтта декъе екъаран, иза йозуш цахиларх яккхаран Iалашонаш».
Пачхьалкхан Думин спикера В.Володина иштта дIахьедина харжамаш дIахьон болу де герга кхачарца тайп-тайпана питанаш лелор чIагIдала тарлуш хилар. Уьш тIехьовсийна хир ду Россин бахархошка нийса харжам байтарна новкъарло ярна, церан ойла хьовзорна, йохорна.
«Харжамаш дIахьон болу де герга мел кхечи а вайца доттагIалла доцучу пачхьалкхаша тIеттIа алсам дохур ду, тайп-тайпанчу технологех пайда а оьцуш, царах дукхахъерш боьха, ямарт хир ю, адамашка нийса харжам ца байта Iаткъам баран а, В.Путинан гIолаца болу вайн мехкан бахархойн лаамна новкъарло яран а, царна дуьхьал болх баран а гIуллакхаш», – тIетуьйхира цо.
Хууш ма-хиллара, Россин Федерацин Президент харжаран харжамаш дIабахьа безаш бу 2018-чу шеран бекарг (март) баттахь. Россин Конституцица нийса а догIуш, пачхьалкхан куьйгалхо хоржур ву массара а къайлах кхаж а тосуш, ялх шарна. Харжамаш цIена, бертахь дIабахьар, цигахь жигара дакъалацар вайх хIораннан а декхар ду.
Хь.САИДОВ
№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо