Асаран (июнь) беттан 12-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь Россин денна лерина даздарш дIадаьхьира. «Нохчийчоьнан дог» маьждигана хьалхарчу коьртачу майданахь эзарнаш адамаш вовшахкхеттера оцу даздаршкахь дакъалаца.
Цкъа хьалха митинган дакъалацархоша, дIа а хIиттина, Россин Федерацин «дийна» карта дира, ткъа Нохчийн Республикин цхьаьнатоьхначу хоро Россин гимн лекхира. Цул тIаьхьа декъалдаран дешнашца гулбеллачаьрга вистхилира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Усмаев Вахита. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира Россин де мехала дезде хилар а, пачхьалкхан коьртачу дезачу дийнех цхьаъ хилла ца Iаш, вайн юкъаралла а, Россин Федерацин дерриге халкъаш а оцу дийно цхьаьнатухуш хилар а.
– Асаран (июнь) беттан 12-гIа де – иза вайн Даймехкан дахаран а, кхиаран а керлачу муьран а, керлачу тIегIанан а билгало ю, – элира цо.
В.Усмаевс дийцира Нохчийчоьнан историн уггаре а чолхечу муьрехь Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа дуьненаюкъарчу террористашна а, вахабиташна а хадам боллуш дуьхьалваьлла хилар. Цо дийцарехь, таханлерчу дийнахь Нохчийн Республика Россин Федерацин цхьатерра бакъонаш йолу, кхиаран новкъахула тешам боллуш йогIу регион ю.
– Нохчийчоь меттахIоттийна, кхуьуш а ю. Вайн Даймехкан дуьхьа къахьоьгуш ю регион а, цуьнан бахархой а. Со тешна ву, Росси кхин а нуьцкъала а, хьалдолуш а пачхьалкх хилийта вайн ницкъ кхочург хиларх, – тIетуьйхира цо.
В.Усмаевс иштта дакъалецира Нохчийн Республикин 14 шо кхаьчначу къоначу бахархошна Россин Федерацин гражданийн паспорташ даларан гIуллакхехь а.
Цул тIаьхьа вистхилира Нохчийн Республикин Парламентан председателан заместитель Жамалдаев Шаид. Цо билгалдаьккхира, вайн пачхьалкхо даздеш долу Пачхьалкхан суверенитетан хьокъехь йолу деклараци тIеэцна де маьIне хилар.
– ХIокху дийно вайн пачхьалкхан историн керла агIо дIайолийна. ХIора шарахь, хIара дезде билгалдаккхарца Россин бахархошна шайн Даймохк безаш хилар а, шайн пачхьалкхан кхолламехь жоьпаллица цара дакъалоцуш хилар а го вайна. Россин Федераци даима а дукхакъаьмнийн пачхьалкх хилла ю, цунна тоьшалла ду 190 мотт буьйцу 200 сов къам кхузахь дехаш хилар. Иза вайн пачхьалкхан бахам бу, – элира Ш.Жамалдаевс.
Иштта, оцу даздаршкахь гулбеллачарна шаьш кечйина программа йовзийтира къаьмнийн хелхарийн ансамблаша а, Нохчийн Республикехь дехачу тайп-тайпанчу халкъийн культурин туьшийн векалша а, нохчийн эстрадин иллиалархоша а, эшаршлакхархоша а.
Даздарш вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацис.
I.МУРТАЗОВ
№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо