Сапераша 700 гектар гергга латтанаш дIацIандина

Оханан (апрель) бутт болабелчахьана дуьйна Нохчийчохь экономикин мехала йолу гIишлош а, юьртабахамна пайдехь долу латтанаш а минех а, лелхаза бисинчу хIоьънех а дIацIандаран гурашкахь Къилбан тIеман округан инженерийн эскарийн салташа 679,7 гектар латта дIа а цIандина, цигахь карийна эккхаш болу 888 гIирс эккха а эккхийтина. Иштта хаам бина Къилбан тIеман округан пресс-службо.

1 000 сов салтичо а, 10 сов леррина Iамийна долчу жIаьло а, 60 сов леррина йолчу технико а дакъа а лоцуш, Грозненски а, Курчалойн а, Шелан а, ТIехьа-Мартан а, Соьлжан а кIошташкахь дIахьош бу инженерно-саперийн белхаш.

Саперашна уггаре а дукха артиллерин 82 миллиметр йолу минаш карайо. Уьш хIинцале а 170 сов карийна. Цул сов, автоматикин АГС-17 гранатометан 26 ВОГ-17 а, РГД-5 олуш йолу 14 граната а, кхиерш а карийна.

Карарчу шарахь республикера 2 эзар гектар латта минех дIацIандар тIедиллина саперашна. Къилбан тIеман округан пресс-службо билгалдаккхарехь, сапераша шайна хьалха хIоттийна декхар кхиамца кхочушдеш хиларо тешам кхуллу карарчу шарахь Нохчийчуьра 2 эзар гектар латта лелхаза болчу тIеман гIирсех дIацIандина Iийриг цахиларх.

Билгалдаккхар: РГД-5 – куьйга дIаластош йолу граната; ВОГ-17 – пулеметах тарйинчу «Пламя» гранатометан 30х29 миллиметран барамехь болу хIоъ; АГС-17/«Пламя» – 30х29 миллиметран барамехь болу хIоъ кхоссаран автоматикин гранатомет.

И.ИСЛАМОВ

№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: