Стомара Лондонан малхбузенан декъехь долчу 27 гIат долчу цIийнах цIе елира цхьана хIусамехь холодильник эккхар бахьана долуш. Оцу бохамехь 12 стаг кхелхина, 80 гергга стаг лазийна, вагийна. ЦIе дIайойъуш вара 200 сов стаг. Делахь а церан аьтто ца белира цIа даьгна даллалц цIе дIаяйъа.
***
Мисаран Парламентан депутаташа къобалбина къовсаме йолу гIайренаш СаIудийн Аравина дIаяларан хьокъехь мехкан куьйгалло бина сацам. Шайн бусалба вежаршца йолу дика юкъаметтигаш оцу гIайренел а мехала хета депутаташна.
***
Шемара Ракки шахьар террористех цIанъярехьа тIемаш дIахьош ду хIокху деношкахь Iедалан эскарш. Царна гIодаран метта коалицин тIеман кеманаша бомбанаш, ракеташ тоьхна Раккерчу маьршачу бахархошна. Царна юкъара лаххара а 300 стаг кхелхина, чевнаш хилларш бу.
***
РогIера теракт йина хIокху деношкахь ОвгIанан къилба-малхбалехь. И зулам дича 5 стаг кхелхина, 7 стагана чевнаш хилла. «Иблисан пачхьалкх» террористийн организацин куьйгалло шена тIеэцна зулам дарх долу жоьпалла.
***
ХIокху деношкахь Iамаркан масех штатехь герзаш деттар хилла конгрессменашна. Ша аьлча, Вирджинехь бейсболах ловзуш болчу конгрессменашна герз диттина вевзаш воцчу стага. Пхеа конгрессменна чевнаш хилла. Зуламхо вийна полицин белхахоша.
***
Бангладешехь чIогIа догIанаш а оьхуш, баккхий токхамаш а хуьлуш Iаламан бохам хилла. Оцу бохамехь 130 стаг кхелхина. Доккха зен дина халкъан бахамна а. БIеннаш бахархой цIенош доьхна бисина. Iедало дIадолийна бохаман тIаьхьенаш дIаяхар.
***
Непал пачхьалкхехь некъан-транспортан бохам хилла. Цигахь лаххара а 10 стаг кхелхина, лазийнарш кхин а дукха бу. Бохамна бехкениг мила ву хьовсуш талламан белхаш беш бу бакъонаш ларъяран органийн векалш.
***
Россин Премьер-министра Д.Медведевс чIагIдарехь мехкан правительствос хIокху шарахь 358 миллион сом ахча хьажор ду регионашкарчу медицинин учрежденешна реконструкци яйта. Цо хаъал лакхадоккхур ду бахархойн медицинин хьашташ кхочушдаран дикаллин тIегIа.
***
Россин Пачхьалкхан Думехь стомара тIеэцна Москвара «хрущевкаш» дIаяхаран, церан метта керла цIенош даран хьокъехь долу федеральни закон. Цуьнца нийса а догIуш мехкан пачхьенера пхиппа гIаьтнаш долу 1 400 сов цIа ду дохийна дIадаккха дезаш, царна чохь Iаш болчу бахархошна керла хIусамаш а луш.
***
«Байконур» космодромера стигалан есалле хьаладаьлла киралелон «Прогресс» космически корабль. Иза дуьненаюкъарчу космически станцех дIахоттадала дезаш ду. Цу тIехь космонавташна лерина киранаш ду, шайна юкъахь техникин гIирсаш а болуш.
***
Россин ФСИН-н куьйгалхо хиллачу А.Реймерна набахтехь яккха 8 шо хан тоьхна. Иза бехке веш ву хьарамлонца, харцонца 1,3 миллиард сов сом ахча лачкъорна, шен хьашташна хьовзорна.
№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо