ЦIийдалар сагIа, совгIат ду

Асаран (июнь) беттан 14-гIа де Донорийн (ЦIийдалархойн) Дерригдуьненан де ду. Нохчийн Республикин пачхьалкхан бюджетни «ЦIийдоттаран республикин станци» учреждени Россин Федерацехь а билгалъяьлла ю балхахь кхиамаш бахарца.

Бахархоша цIийдаларан хьолах, станцин белхан низамех дерг дерриге а тхуна довзийтира Пачхьалкхан бюджетни «ЦIийдоттаран республикин станци» учрежденин коьртачу лоьро Татаева Зураа.

– Зураъ, стохка дуьйна керланиг хIун хилла станцехь? Ахь куьйгалла дечу коллективехь хиллий хийцамаш? ЦIийдалархойн де билггал асаран беттан 14-чу дийнахь хиларан хIун бахьана ду дийцахь?

– Тхуна хазахета «Даймохк» газето хIора шарахь, тхан корматаллин де диц ца деш хилар а, станцис вайн республикехь дIахьош болу цIийдаларан болам гайтар а. Тхайн станцин тIаьххьарчу кхиамах лаьцна дийца лаьа суна уггаре а хьалха. Стохка, 2016-чу шарахь, Россин Федерацин Юкъараллин палато хIора шарахь МогашаллаIалашъяр кхиоран къоман фондаца а, Россехь донорство кхиоран Координационни советаца а дIахьош йолчу Ерригроссин «Соучастие» совгIатан лауреат хилла станци. Лахьанан (ноябрь) баттахь дара тхуна диплом делча. Коллективехь а кхин хийцамаш бац. Тхан коллектив 85 процент къоначу, хьуьнаречу лоьрех-говзанчех лаьтта. Массо белхахо, ца хилча йиш йоцуш, мехала ву. Иштта соьца 1998-чу шарахь а, 2000-чу шарахь дуьйна а болх бийраш а бу. Масала, Муцалова Зама, Дудаева Лала, Солатханова Зараъ, Улашева Индира. Къоначийн цIерш яха а лаьа суна. Уьш бу Кирбаева Мадина, Хитанаева Амина, Арбиева Элиза.

ЦIийдалархойн де… Иза хIора дийнахь а ду валарний-висарний юкъахь нисбеллачарна, шайн дегIаца лелаш долу цIий кхечарна луш мел болучарна. Донор иза оьрсийн дош дац. Латинийн маттахь иза «donare» ду, ткъа цуьнан маьIна совгIат, сагIа бохург ду. Шира истори ю цIийдаларан. Иза 6 муьре екъалуш ю, хууш долу тептарш XVII-чу бIешарера ду.

1628-чу шарахь ингалсан лоьро У.Гарвейс схьадиллина дегIаца цIийлеларан закон. Анатом а, физиолог а волчу Р.Лоуэра цхьана жIаьлин цIий вукху жIаьлина дуттуш операци йина. Профессора Ж.Дениса кхин а дехьа гIулч яьккхина цIийдоттаран Iилманехь, цо дуьххьара Iахаран цIий доьттина жимачу стагана, амма иза дIа ца ийна.

Ткъа 1918-чу шарахь, дуьнен чохь дуьххьара, ингалсан физиолога Бланделлома доьттина адамана адаман цIий.

1900-чу шарахь Австрин бактериологна, Нобелан совгIатан лауреатана К.Ландштейнерна хиъна цIий тайп-тайпанчу группашка декъалуш хилар. Иза боккха кхиам а хилла. ХIора стагана шен дегIаца долу я цо тIеоьцуш йолчу группин цIий доттар бахьанехь дукха адамаш леш долчуьра кIелхьардехира. К.Ландштейнер вина асаран (июнь) беттан 14-гIа де ду Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаран организацис ЦIийдалархойн дерригдуьненан де ду аьлла дIакхайкхийна, таханлерчу дийне кхаччалц билгалдоккхуш схьадогIург.

– Вайн республикехь маца дуьйна болх беш ю цIийдоттаран служба?

– 1965-чу шарахь дуьйна. ТIеман шерашкахь станцин гIишло йохийнера, мехала гIирсаш хIаллакьхилира, говзанчаш а дIабахара Россин кхечу гIаланашка а, дозанал арахьа а. Оха тхайн болх 2003-чу шарахь дIаболийра. Дахаран маьIна лелочу объекташна юкъахь дуьххьара схьайиллинчу гIишлойх цхьа станци а яра. Федеральни программица станци тойойтуш доккха дакъа юкъадиллира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас. 2003-чу шарахь тхан станцин верриге а цIийдалархо 196 бен вацара. Цхьана дийнахь 2–3 стаг бен вацара цIий дала вогIург. ЦIий схьаэцча иза гемофондана дIалора. (Иза толлуш, цунна тIехь кIорггера болх бар дацара). Тахана оха цIийх 15 тайпа гемокомпонент кечйо, иза вайн республикин клиникийн хьашташка хьаьжжина кечдо.

2008-чу шарахь капитальни ремонт йира станцин гIишлонна, Нохчийн Республикин МогашаллаIалашъяран министерствос дайтира и гIуллакх.

2008-чу шарахь тхоьга хаам кхечира Россин Федерацехула донорийн служба кхиорехь йоккха проект кхочушъян лерина хилар хоуьйтуш. (2008-чу шарахь дуьйна ю со ЦIийдоттаран станцин коьртачу лоьран даржехь). И проект кхочушъярехь дакъалаца лиира тхуна. Проектан бехкамашца нийса а догIуш, субъектера хIара санна йолу станци, кхузаманан лехамашца нийса а догIуш, дика хьелаш долуш хила езара. Цундела шуна тахана гуш долу хьал оха 2008-чу шарахь дуьйна тодина дара.

Медицинин оборудовани дIахIотто хила ма-еззара майда а оццу 2008-чу шарахь кечйира.

– Станцин балхахь хIун кхиамаш хилла дIадаханчу шерашкахь? Керла кхин проекташ кхочушъярехь дакъалецирий аш?

– ЦIийдоттаран станцис шозза дакъалаьцна къоман «Могашалла» проектехь. Россин Федерацин Президента В.В.Путина куьг яздина йолаелла яра «Могашалла» проект. 2011-чуй, 2013-чуй шерашкахь тхо шозза толамхой хилира цуьнан. Станцина медицинин технологин тоьлла гIирсаш белира. ЦIийнна таллам барехь, иза Iалашдарехь чIогIа оьшуш бара уьш вайн станцина. Иштта, шиъ мобильни комплекс а елира.

– Хьелаш тоделча станцин болх а жигарбаьлла хир бу. Мобильни станци бохург боккха бахам, вайн санна жимачу республикина доккха совгIат ду…

– Дийцина ца валлал доккха гIуллакх ду мобильни станци хилар. ЦIийдаларан отдело кечйинчу рожаца вайн республикин кIошташка дIасабоьлху тхан белхахой. Мел генарчу, лаьмнашкарчу кIоштийн бахархоша а жигара дакъалоцу цIий даларехь. Цу тIехь кIоштийн больницийн коьртачу лоьраша а накъосталла до тхуна.

– Тоьуш дуй наха луш долу цIий?

– 2015-чу шарахь дуьйна шарахь 15 эзарза цIий дIадалар хуьлу, 1 500 цIийдалархочо плазма луш хуьлу, иштта 200 тромбоцит-форезан цIийдалархой а хуьлу. Плазма а, тромбоцит а цIий схьакъастош йолу клеткаш ю. Адамийн цIийх ца хилча йиш йоцу мехала компоненташ ю уьш. Масала, 1 тромбоцит клетка схьакъасторхьама масех литр цIий литта деза.

– Цкъа мацах схьаэцна цIий юха цхьа хан яьлча цхьанна эшшалц латтар а ду тамашийна. Iилманан кхиамех цхьаъ лара а мегаш. Муха лардо аш цIий?

– Бакъ ду иза. ТIехьаьжна хьуна мел атта хеташ долу хIума а шен кIорге, чолхе йолуш ду. ЦIий, ахь ма-аллара, дата а ца деташ, Iалашдан аьтто ХХ-чу бIешеран юьххьехь нисбелла. Лоьрашна-Iилманчашна В.Юрьевичана а, Н.Розенгартна а (1910-чу шарахь), Хустинасна а (1914-чу шарахь), Левинсонна а (1915-чу шарахь), Эгуатана а (1915-чу шарахь) цитран натрия карийна цIий цадатийтарна дуьхьал. Оцу кхиамо цIий Iалашдарехь гIо дина ца Iаш, иза кхечу гIала, метте дIадахьа а аьтто бина.

– Россехь маца дуьйна ю болх беш цIийдоттаран станци?

– 1926-чу шарахь Москвахь дуьненахь дуьххьара схьайиллира ЦIийдоттаран институт. Юха, 1930-чу шарахь Харьковехь схьайиллира шолгIа Институт.

1931-чу шарахь схьайиллира Москвахь ЦIийдоттаран службин станци.

– ЦIий дIадала лууш волчунна хаа дезаш дерг хIун ду?

– Иза уггаре а хьалха хьайна цкъа а гина а, вевзаш а воцург, Далла хьалха, шолгIа, хьо бахьана долуш валарна кIелхьаравоккхуш вуй хаар ду. Дуккха а бехкамаш бу цIийдалархочунна беш. Ц1ий далар магош дац уьне цамгар йолчунна, дог лозуш, цIийн таIам лакхара я лахара болчунна, и.дI.кх.

– Цхьана шарахь мосазза дала мега цIий?

– Зударша шарахь доьазза, божарша шарахь пхоьазза дала мега. Амма цIий дIадаларехь юкъа хан йолийта еза. ЦIий дIалучарна 2 бутт, плазма лучарна 14 де юкъадолийта деза.

– Зураъ, шарахь маса литр цIий гулдало республикин станцехь, иза маса пункте дIакхачадо аш?

– Вайн станцехь шарахь 9 000–11 000 литр цIий гулдо. Иза вайн республикин медицинин 30 учреждене дIакхачош ду.

– Шортта ду цIийдоттарх, цIийдаларх лаьцна дийца. Ахь цунах лаьцна дика дийци, Зураъ. Хьо а, станцин белхахойн коллектив а даггара декъалйо оха ЦIийдалархойн Дерригдуьненан денца! Дела реза хуьлда шуна!

– Дела реза вайна массарна а хуьлда!..

Интервью дIаяьхьнарг – З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

Авторан суьрта тIехь: Татаева Зураъ коллективаца цхьаьна

№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: