Сальмира йоккхае ша хаьржинчу некъах

Дукха хан йоццуш сан цхьаьнакхетар хилира къоначу артисткица Зубаирова Заремица. Сальмира аьлча евза иза.

1985-чу шеран оханан (апрель) беттан 30-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь дуьнен чу яьлла иза. Церан доьзалехь 4 бер хилла. Дас-нанас гIиллакхехь, ийманехь кхиийна уьш. Дешарца даима а гергарло дара церан. Кхечу кепара хуьлийла а дацара – дас-нанас шайн доьзале дешийтарна тIехь йоккха терго латтайора.

Нохчийчохь хьалхара тIом дIабаьллачу хенахь, 6-чу классехь доьшуш йолуш, Грозненски кIоштан Iалхан-ГIаларчу №2 йолчу школе деша яхара иза. Дукха хан ялале Соьлжа-ГIаларчу №50 йолчу школе деша дехьаелира Сальмира. Цигахь доьшучу хенахь гучуделира иза музыкальни кхолларалле ойла йолуш хилар. Школехь культурин декъехула мел хуьлучу гIуллакхашкахь жигара дакъалоцура цо. Делахь а, дешарехь ледарло ца йора цо цкъа а. Цунна хаьара дахарехь шена карон дерг дешар дуйла.

Школехь дешна яьллачул тIаьхьа, 2003-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан (хIинца университет) гуманитарни факультете деша яхара Сальмира. Цигахь а ца йисира иза институтан юкъараллин дахарна юьстах. Институтехь дIахьош долу цхьа а цхьаьнакхетар тIех ца долура цо йиш ца локхуш. Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь эшарш лекхна а ца Iаш, ингалсан маттахь а дика йиш локхура цо. Цул тIаьхьа дукха хан ялале, йоI похIма долуш хилар хиъначу ансамблан куьйгалло «Заманхо» ансамбле кхайкхира иза. Иштта, артистан новкъа елира ала мегар ду Сальмира.

Артистка хила сатуьйсучу Сальмирас тоам ца бира Гуманитарни факультетехь дешарх. Ша доьшучу институтехь Музыкин факультете а деша яхара иза. Иштта, ши говзалла караерзийра цо.

Вайн махкахь дIахьош хиллачу «Дека сан аз» проектехь дакъалецира цо. Цигахь а дуккха а пайдехь дерг Iемира цунна. Цхьана шарахь «Даймохк» телеканалехь музыкин редакторан болх бира. Карарчу хенахь даздарш вовшахтохаран агентствон исбаьхьаллин директор ю иза. Цул сов, шен хазачу озаца эшарш лоькхуш самукъа а доккху. ХIора а къоначу артистана санна, Сальмирин а ю хазахеташ къастийна артистка. Нохчийн Республикин халкъан артисткин Ташаева Мареман кхолларалла дукхаеза цунна. Цуьнгара масал эца а, цунах Iама а хьожу иза.

АСЛАХАНОВА Хеда

Авторан суьрта тIехь: Зубаирова Сальмира

№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: