Итон-Кхаьллахь карийна шен рицкъ

Стаг муьлххачу а метте кхаьчча, цигахь ша тIелоцуш волчу стаге а, цуьнан гIиллакхе а хьаьжжина кхоллало оцу меттигах йолу хьалхара ойла. Итон-Кхаьлларчу Хь.Исаевн цIарахчу мохкбовзаран музей чу богIуш болчарна елаяларца, могаш-паргIат хаттарца дуьхьалйолу музейн къона белхахо Накаева Иман.

Музей чуьрачу хIора а экспонатах лаьцна хаза дуьйцу цо цига баьхкинчарна. Музей чухула экскурси йо. Цхьана-шина дашца дийцар а доцуш, хIора а экспонатан истори шуьйра а, шега ладогIа дог доуьйтуш а йийца хаьа цунна. Экспонатийн истореш юьйцучу хенахь, цуьнга ладогIа воьлча хетало генарчу заманахьлераниг цунна шена гина хилча санна.

Адамашца уьйр-марзо йолчу, елаелла-екхаелла йолчу Иманан дикачу амалца йогIу цо хаьржина говзалла.

ЦIера Эна-Хишкара (Серноводскера) ю Иман. 9 класс Москвахь чекхъяьккхина цо. Цул тIаьхьа церан доьзал Нохчийчу цIабирзина. Эна-Хишкахь чекхъяьккхира цо школа. Карарчу хенахь Москван финансийн промышленни университетехь заочни кепара 5-чу курсехь доьшуш ю Иман.

Школехь дешна яьлча Итон-Кхаьлла яха дийзира цуьнан (доьзал кхоьллира йоIа). Цул тIаьхьа яхара иза ша болх бечу музей балха. Жимачохь дуьйна а адамашца уьйр йолчу Иманехь товш болх бу иза. Шен хене хьаьжна а доцуш, хьекъал а, мел баккхийчаьрца а дан къамел карош а, нахана юкъахь лела хууш а ю иза. Музей балха яханчул тIаьхьа, Иман кхийтира хIинца шена карийнарг шен даго лоьху говзалла хиларх.

– Музей а, цу чохь бен болх а вуно хазахета суна. Цул сов, хIора а дийнахь керла адамаш девза, дуккха а пайдехь хIума а хаьа, – дуьйцу цо.

Имана музейхь болх бен 2 шо гергга хан бен яц, делахь а, оцу декъехь дуккха а шерашкахь къахьегча санна говза гойту цо ша.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: Накаева Иман

№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: