Дахаран некъах бакъдерш

Вевзаш волу журналист, хьехархо-методист (кехаташца цуьнан и цIе елахь а, яцахь а) Сумбулатов Дени вина 1957-чу шеран асаран (июнь) беттан 14-чу дийнахь Казахстанан Джамбулан областерчу Свердловн кIоштан Ровное юьртахь.

ХIара дуьнен чу ваьлла дукха хан ялале, Даймахка – Гуьмсан кIоштарчу Хошкалда – цIабоьрзу кхеран доьзал. Юьртара школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделене деша воьду. Шина шарахь цигахь дешначул тIаьхьа, къоман отделенин тоьллачу студентех цхьаъ хиларе терра, дешар чекхдаккха Тбилисин пачхьалкхан университете хьажаво. 1976–1980-чуй шерашкахь кхиамца доьшу оцу университетан Филологин факультетехь «Оьрсийн мотт, литература а, иберийско-кавказски меттанаш а» говзаллехула.

1980-чу шарахь, Гуьмсан кIоштарчу Комсомольски юьртарчу юккъерчу школехь нохчийн меттан, литературин хьехархо волуш, дIаболабо къинхьегаман некъ. 1984–1985-чуй шерашкахь Хаьнгиш-Юьртарчу юккъерчу школин директор лаьтта. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу №29 йолчу юккъерчу школехь а (1985–1986-чуй шераш), Гуьмсерчу №2 йолчу юккъерчу школехь а (1986–1990-чуй шераш) нохчийн мотт, литература хьоьхуш къахьоьгу.

1990–2002-чуй шерашкахь болх бо «Даймохк» газетехь (корреспондент, культурин отделан редактор, коьртачу редакторан заместитель, коьрта редактор волуш). 2002-чу шарахь дуьйна «Гумс» газетан культурин отделан а, «Орга» журналан прозин декъан редактор а волуш болх беш ву Дени. Соавтор а, хIоттийнарг а волуш, Х.Борхаджиевца цхьаьна цо арахецна «Нохчийчоьнан культура. Заманца зер» книга.

Иштта дуккха а болх бина нохчийн яздархойн книгаш зорбане кечъеш, къаьсттина билгалдаккха догIу Айдамиров Абузаран гулйинчу произведенийн 6 том арахоьцуш кхечу накъосташца цхьаьна цо беркате къахьегна хилар. Iедало а, юкъаралло а лаккхара мах хадийна Сумбулатов Денис дешаран хьаьрмахь а, журналистикехь а бинчу белхан. «РСФСР-н халкъан дешаран отличник», «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо», «Нохчийн Республикин хьакъволу журналист» сийлаллин цIерш лелайо цо, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу дуьненаюкъарчу «Дашо пелаг» («Золотое перо») конкурсан а, «Нохчийн Республикин интеллектуальни туш» региональни организацин «Дато бухIа» совгIатан а лауреат ву иза.

Цул сов, цунна совгIаташ дина тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн Сийлаллин грамоташца а, дипломашца а. «Россин журналисташ» энциклопедина юкъавахийтина а ву иза.

№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: