Нохчийн маттаца, нохчийн культурица гергарло мел долчунна вевзаш а, везаш а, лоруш а ву «вевзашвоцу» Сумбулатов Дени. «Вевзашвоцу» хIунда аьлла а кхетор ду. Культурехь, журналистикехь, юкъараллин белхашкахь къахьоьгуш болу нах массарна а гуш хуьлу: телевиденехь, радиохь, юкъараллин цхьаьнакхетаршкахь.
Амма Дени цкъа а, со гахьара бохуш, нах гуллучу метте ца гIерта, шен ала а, дийца а шортта доллушехь. Цо даржаш ца лехна, сийлаллин цIершка са а ца тийсина. Цунна коьрта хетта, жимачохь дуьйна ша схьалаьцначу новкъахь хьанал вуьсуш, нохчийн меттан а, культурин а дуьхьа къахьегар. Цунах ду, иза массанхьа а, массарна а оьшуш хилар: хьехархошна, журналисташна, яздархошна.
Юкъараллин белхашкахь къахьоьгуш болу нах оьху цунна тIе дагабовла, цуьнга хьехар дайта, шайн хаттарш а оьций. Денис уьш берриге а тIеоьцу, ша мел сиха хиларх, жоп доцуш цхьа а дIа а ца вохуьйту. Собаре, кIеда-мерза, гIиллакхе ву Дени жимачуьнца а, воккхачуьнца а. ТIекхуьучу тIаьхьенна масал эца, цуьнан хьекъалх пайда эца чIогIа оьшуш ву Дени.
Университетехь, институтехь нохчийн меттан хьехархой, Iилманчаш кечбечохь болх бойтур бара ас Денига. Цхьацца, адамех дозуш доцчу бахьанашна Дени «дипломированни» Iилманча вацахь а, иза санна мотт толлуш, меттан башхаллаш евзаш дукха нах бац вайн. Шен заманахь уггаре а тоьлла студент а волуш, Тбилисерчу пачхьалкхан университете хьажийнера Дени шен хаарш кIаргдан, цигахь тIехдика деша а дешна, цIа а вирзира.
Амма хIетахь кху цIахь вайн къоман мотт а, культура а толлуш болу нах ца кхиийта, царна новкъарло ян хIиттийначу хьелаша Дених «кехатца» хуьлуш волу Iилманча ца хилийтира. Амма, хуушверг вовр вац. Дени хаддаза къахьоьгуш ву, шена безаш, ша хаьржина болх беш, нохчийн меттан дуьхьа.
Цуьнца болх бар нисдалар сайн боккха аьтто а хета суна. Кегийчеран хаттарш дукха хуьлу, цунна оьшу Дени санна болу нах, цахуург хатта, цакхетачунна тIаьхьакхио. «Орга» редакцехь тхайн хьехархо а лору оха иза, тхан ца хилча йиш йоцу коьрта хьехамча.
Дала декъалвойла хьо, Дени, хIинца санна къона а, могаш а вахавойла хьо тхуна дуккха а шерашкахь!
АЛИЕВА Зарина
№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо