Дени суна вевза дукха хан ю. Тхойшиъ вовзар а, тхан гергарло тасадалар а 1975-чу шарахь нисделира, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетехь. Дени даима а хIуманан кIоргене гIерташ, дерриге а дика Iамош, хьекъале студент санна вевзара оцу шерашкахь суна а, кхечарна а.
Тахана иза, шеко йоццуш, нохчийн мотт дика хууш а, говза буьйцуш а болчу журналистех цхьаъ ву. ХIора дешан маьIнах кхоьтуьйтуш, чулацаме, йоьшучун а, ладугIучун а дог хьостуш, дешан говзанча ву Дени. Беркате болх бо цо, нохчийн маттахь тайп-тайпанчу жанрашкахь публицистикин говзарш кхуллуш а. Вайн махкахь дIабаьхьначу дуккха а къовсамашкахь толамхо а хилла иза.
Нохчийн гIиллакх-оьздангалла, истори, культура дика евзаш а, царах даима яздеш волу похIме меттан Iилманча, публицист ву Дени.
Суна даггара декъалван лаьа хьо, Дени, 60 шо кхачарца. Дала ницкъ а, могашалла а лойла хьуна айхьа хаьржинчу сийлахьчу новкъа дIаваха!
МИНКАИЛОВ Эльбрус,
халкъан яздархо
№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо