30 шо гергга зама ю Сумбулатов Дени суна вевза. Кхолламо дина мерза совгIат ду аьлла хета суна цкъа мацах иза вовзар. Заманан йохалла цкъа а нохчийн къонахчуьнгахь товш доцу цхьа а хIума ца тосаделла суна цуьнгахь.
Сумбулатов Дени даима, лам санна, собаре, гIиллакхе, оьзда ву. Къоман журналистикехь хьанал къахьоьгучу адамашца массаьрца а уьйр-марзо йолуш ву. Нохчийн мотт, литература, культура Iаламат дукхаезаш, кIорггера евзаш ву иза. Стеннах а ахь цуьнца къамел долорах, хаттар дарх и къамел дIадахьа, динчу хаттарна жоп дала, йистйоцу хIорд санна, хаарш ду Денигахь.
Шена хуург цкъа а хьуламехь латтош вац иза. Нохчийн кегийрхой дешна, хаарш долуш хила лууш, уьш кхетош-кхиоран болх лерина дIакхехьна, хIинца а ша журналистикехь бечу балхаца дIакхоьхьуш ву. Нохчийн къоман кхане сирла, беркате хила луучарех цхьаъ ву иза. Ша схьаваьллачу халкъе, махке хазахетар кхаьчначу дийнахь самукъадала комаьрша дог-ойла, бохам боьссинчу дийнахь Iанадаха бIаьрхи долуш адам ду таханлера юбиляр.
Сумбулатов Дени даима хийра хилла даккхийчу къамелашна, сонтачу дозаллашна. Цхьа шатайпа тайна велакъажар эккха цуьнга, кхечара наггахь и тайпа кеп хIоттийча. Ша шех Iехавеллачо тидам ца бахь а, хьекъалдерг Денин ойланех кхетар волуш ду цуьнан велакъажар. Девне стаг вац Дени. МаслаIате дош коьрта ду цуьнан оьздачу амалехь. Цундела дукхавеза иза массарна. Кхин цхьа хIума дара суна Денин башхачу амалехь билгалдаккха лууш. Мел лакхарчу дарже ша кхачарх, даржера воссарх адамашца йолу юкъаметтиг цхьанаэшшарехь дIакхехьа доьналла ду цуьнгахь. Цкъа тасаделла гергарло хер ца долуьйтуш, марзонан зIе ца ходуьйтуш дIакхоьхьу цо заманаш, Iедалш хийцадаларх.
Ткъа цуьнан белхан корматаллах дерг аьлча, тахана нохчийн маттахь къахьоьгучу журналистех тоьллачарех цхьаъ ву Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Сумбулатов Дени. Цунна кIорггера хаьа нохчийн мотт, ненан меттан дешнийн Iаламат йоккха хазна ю цуьнгахь. Лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллица къахьоьгуш журналист ша хиларе терра, вайн махкарчу шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь бечу балха тIехь цо шуьйра пайдаоьцу цу хазнех.
Нохчийн къоман журналистийн тIекхуьучу чкъурана схьаэца алссам пайдехь дерг ду Денис язъечу зарисовкаш тIехь, статьяш тIехь, очеркаш тIехь. Муьлххачу жанрехь корматаллин лакхенехь ву иза. Доцца аьлча, похIме журналист, дешан говзанча, дика адам, тешаме накъост, сирла са долуш нохчи ву-кх Сумбулатов Дени.
Цундела луур дара, гина вуонаш дицдеш, дог мел лаьттачу дикане кхочуш, кхоллараллехь керла ирхенаш йохуш, дахарехь ирсо хьоьстуш, бевза-безачийн кхин цкъа а вуон ца гуш, Дала дуккха а шерашкахь иза вахавойла!
А.ГАЗИЕВА
№47, пIераска, асаран (июнь) беттан 16-гIа де, 2017 шо