Кадыров Рамзана корматаллин денца декъалбира медицинин белхахой

«Тахана Россехь билгалдоккхуш ду Медицинин белхахочун де. Иза хIора а адамана гергара а, хьоме а болчу нехан дезде ду. Уьш даима а оьшуш бу – вай дуьнен чу девлла хьалхарчу дийна тIера дуьйна дIа, хIокху къинойн дуьненна тIехь доккхучу тIаьххьарчу дийне кхаччалц», – яздина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Инстаграмерчу шен агIонехь.

Иштта Нохчийчоьнан Куьйгалхочо баркаллин дешнаш яздира республикин могашаллаIалашъяран министрана Сулейманов Эльханна.

«Тахана вай баркаллица дуьйцу хьомечу вешех, Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министрах Сулейманов Эльханах а, лоьрех а, медйижарех а, фельдшерех а, лаборантех а лаьцна. Шаьш ца кхоош, цара къахьегар бахьана долуш, Нохчийчоьнан бахархошна кхузаманахьлерчу медицинин гIо-орца кхочу», – билгалдаьккхира республикин Куьйгалхочо.

МогашаллаIалашъяран декъехь республикехь тIаьхьарчу шерашкахь хилла хийцамаш хьахоза а ца Iийра иза.

«ТIаьхьарчу шерашкахь республикин могашаллаIалашъяран декъехь баккхий кхиамаш а, хийцамаш а хилла. Вай ян а йина, метта а хIиттийна иттаннашкахь больницаш а, фельдшерийн амбулатореш, поликлиникаш, кечбина бIеннашкахь медицинин корматалла йолу говзанчаш. Къаьсттина суна билгалъяккха лаьа Республикин клиникин больница, Берийн коьрта цIа (роддом), Республикин берийн клиникин больница, онкодиспансер, туберкулезан больница, Шелан кIоштан коьрта больница, Гуьмсан кIоштан коьртачу больницин керла корпус, иштта кхиерш а. Тахана, шайна дарба а, медицинин кхузаманахьлера гIо-орца а лоьхуш, Нохчийчу богIу Россерчу кхечу субъекташкара бахархой а цхьаьна», – аьлла, яздина цо.

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу юкъараллин фондо меттигерчу могашаллаIалашъяран декъана гIо-накъосталла деш хиларх лаьцна а яздина республикин Куьйгалхочо.

«Цхьана бюджетан чоьтах медицинин проблемаш дIаяхалуш яц. Цундела Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу юкъараллин фондо республикин могашаллаIалашъяран декъехь чIогIа оьшуш болу диагностикин гIирсаш а оьцу, Россин тоьллачу клиникашкахь нохчийн бIеннашкахь берашна дарба дайтарна харжа а тIелоцу», – дIадерзийна цо инстаграмерчу агIонехь шен къамел.

И.ХАСАХАНОВ

№48, шинара, асаран (июнь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: