Мюнхенера дуьххьарлера кема – Соьлжа-ГIалахь

ДIадаханчу еарин дийнахь Соьлжа-ГIалин дуьненаюкъарчу аэропортехь охьахиира Германин юкъарчу Баварин пачхьенера дуьххьара догIуш долу кема.

«ВайнахАвиа» унитарни предприятин (Соьлжа-ГIалин дуьненаюкъарчу аэропортан урхаллин компани) директора Гамбулатов Султана билгалдаккхарехь, Мюнхенна а, Соьлжа-ГIалина а юкъахь «авианекъ» билларан сацам Европехь бехачу нохчийн дехаршца боьзна бара.

– ХIинццалц, шайн Даймахка кхачархьама Европерчу мехкашкахь бехачу нохчийн Беларуссехула, Гуьржийчухула я Хонкарехула гуо тосуш некъ бан безаш хуьлура. Цундела дина дара цара Мюнхенна а, Соьлжа-ГIалина а юкъахь дIасалелар долчу кеманна маршрут йилларан хьокъехь долу дехар. Вайна гуш ма-хиллара, тахана церан дехар кхочушхилла. Делахь а, республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, ЗIенан а, транспортан а министра Черхигов Рамзана а оцу гIуллакха тIехь гIо-накъосталла ца динехь, тхоьга далур долуш хIума дацара хIара, – элира Гамбулатов Султана.

И гIуллакх Европехь бехачу нохчийн дехаршца доьзна хилар чIагIдо оцу хиламах лаьцна интернета чохь болчу хаамашна бухахь цара ечу комментареша а.

«Мел лаххара а пхеа-ялх шарна тIаьхьадисина. Тхуна кхузара кеманца Соьлжа-ГIала кхача аьтто хиларал сов, республикин экономикина а, цига хьовсор йолчу инвестицешна а дика тIеIаткъам бийр болуш хIума ду иза. Аьлча а, тоххара бина хир бара-кх…» а, «Соьца цхьаьна сан Даймахка бахка лууш дуккха а кхузара доттагIий бу. ХIинца церан соьца бахка а, сан уьш бало а аьтто баьлла. Хаза кхаъ бу иза» а, «Европахошна нохчийн культура йовзийтина дуккха а шераш ду оха. КхидIа, оцу тайпана аьтто баьлча, хаза а хеташ, нохчийн культура кхоьллина болу нохчийн мохк а бовзуьйтур бу-кх оха царна», кхин а бIеннашкахь царах тера йолу комментареш йина цигарчу нохчаша.

ХIинца дуьйна «Соьлжа-ГIала – Мюнхен – Соьлжа-ГIала» авиамаршрутана доладийр долуш UTair авиакомпани ю. Маршрутехула Boeing 737 кема лелар ду. Рейсаш хIора а кIиранах еарин дийнахь хир ю.

Дагадоуьйту бекарг (март) баттахь «Истамбул – Соьлжа-ГIала – Истамбул» авиамаршрут а схьайиллина хилар. Оцу маршрутехула туркойн Onurair авиакомпанин кеманаш ду лелаш.

И.ИСЛАМОВ

№48, шинара, асаран (июнь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: