Асаран (июнь) беттан 15-чу дийнахь республикин Юкъараллин палатехь «Шуьйрачу хаамийн гIирсаш а, коммерцин йоцу организацеш а: цхьаьнагIуллакхдаран проблемаш а, таронаш а» темина лерина кхеташо-цхьаьнакхетар хилира.
Иза Юкъараллин палатин этикехула, регламентехула, хаамийн политикехула йолчу а, Махкахойн юкъаралла кхиорехула, къаьмнийн, динийн юкъаметтигехула йолчу а комиссис вовшахтоьхна дара.
Шуьйрачу хаамийн гIирсаша а, коммерцин йоцучу организацеша а цхьаьнагIуллакхашдар керлачу, эвсарчу тIегIане даккхарна леринчу къамелашкахь дакъалецира «Даймохк» газетан коьртачу редактора Б.Шамсудиновс, республикин Юкъараллин палатин Аппаратан куьйгалхочо М.Хаджимурадовс, хаамийн «Грозный-Информ» агентствон векала И.Джабраиловас, Социальни сеташкахь баржочу хаамашна тIехь терго латторан белхан тобанан декъашхоша, кхечара.
Цхьаьнакхетар дIадолош Юкъараллин палатин этикехула, регламентехула, хаамийн политикехула йолчу комиссин председателан заместитела У.Алхотовс билгалдаьккхира, цуьнан коьрта Iалашо шуьйрачу хаамийн гIирсаша а, коммерцин йоцучу организацеша а цхьаьнагIуллакхашдар керлачу тIегIане даккхарна а, социальни декъехь болх бечу организацийн белхаш меттигерчу хаамийн гIирсашкахь бовзийтар кхин а алсамдаккхарна а лерина хилар.
Б.Шамсудиновс билгалдаьккхира республикин шуьйрачу хаамийн гIирсаш коммерцин йоцучу организацийн белхаш махкахошна бовзийта лууш а, и дан кийча а хилар.
«И организацеш шаьш шайн болх бовзийта башха лууш цахиларца доьзна ду цара дечух лаьцна оха кIезиг яздар. Цундела, мел хала делахь а, цара шайн белхахойн хаарш лакхадахарна лерина мероприятеш дIаяхьар а, шаьш беш болу болх хаамийн гIирсашна а, бахархошна а бовзийта йолчу Iалашонца бар а мехала хир ду», – элира цо.
И.Джабраиловна хетарехь, хаамийн гIирсаша республикехь йолчу юкъараллин а, коммерцин йоцучу а организацийн белхаш кIезиг бовзийтарна бехке церан векалш бу.
«Юкъараллин а, коммерцин йоцучу а дукхах йолчу организацийн сайташ хьовха, социальни сеташкахь шайн тобанаш а яц. Оцу организацешна юкъахь пачхьалкхан финансийн гIо-накъосталлица болх беш ерш а ю», – билгалдаьккхира цо.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцучу организацийн векалийн тидам М.Хаджимурадовс тIебахийтира Б.Шамсудиновс а, И.Джабраиловас а хьахийначу гIуллакхна само ян езаш хиларна.
Цул тIаьхьа къамелаш дира «Коалиция», «Зударий – кхиарехьа», «ТIеманийн ветеранийн а, заьIапхойн а бакъонаш» организацийн векалша Д.Яхъяевс, Х.Абдулкудусовас, М.Индаевас.
Д.Яхъяевс а, Х.Абдулкудусовас а цхьа проблема билгалъяьккхира: шуьйрачу хаамийн гIирсаша шайга дIаелла материалаш зорбатоха тIаьхьатеттар а, и дича шайн материалаш ширлуш хилар а.
Йийцаре йиначу темехула масех сацам тIеоьцург хилар билгалделира цхьаьнакхетаран чаккхенехь. Журналисташа а, коммерцин йоцучу организацийн векалша а вовшашца зIенаш тасар; социальни сеташкахь коммерцин йоцучу организацийн белхаш бовзийтарна лерина керла рубрикаш юкъаяхар; и.дI.кх. юкъадогIу цунна.
И.АДАМОВ
№48, шинара, асаран (июнь) беттан 20-гIа де, 2017 шо